📚 Hub Books: Онлайн-чтение книгИсторическая прозаДарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+
1 ... 158 159 160 161 162 163 164 165 166 167
Перейти на страницу:
бер дара тхан ден а, ненан а. Уггар хьалха массарал жима Ахьмад велира, тхо Сибрехь долуш. ТIаккха Мохьмад велира. Советийн Iедал тIедеанчу хьалхарчу шерашкахь Iедална герзаца дуьхьало йеш цхьа нах бара. МахкатIахь Iедална дуьхьал гIевттинчу кулакаша вийра хIетахь ЧК-н органашкахь балхахь волу Мохьмад. 1943-чу шарахь НКВД-н органашка балха вахара Iyмap-Iела. Ведана районехь НКВД-н отделан начальник волуш, 1947-чу шарахь апрелехь бандиташа йамартлонца вийра иза. Iумар-Iела чIогIа лорура Iедало. Партин райкоман бюрон член вара иза. «За оборону Кавказа», «За победу над Германией в Великой Отечественной войне» мидалш йеллера цунна. Хаси-Юьртахь цхьа урам а бу цуьнан цIарах7.

– Каш мичахь ду цуьнан? – хаьттира ас.

– Веданахь. Мохьмадана уллохь.

– Iумар-Ieлин Iожалла муха хилира?

– Нохчий махках бохуш, тхан дега болчу лерамна, тхо, цуьнан кхо бер, цIахь дитира Iедало, – дуьйцура Муслимата. – Тхайн доьзалшца сой, Энист, Iумар-Iела, тхан ден шичан Iеламхин кIант Ваха а. Iумар-Iела зуда йалоза, доьзал боцуш вара. Нохчийн халкъ махках даьккхинчул тIаьхьа Ведана лаьмнашкахь бандитийн гIеранаш йаьржинера. Царах уггар къизаниг Абаевн гIера йара. ХIетахь Ведана районехь НКВД-н начальник волуш Iумар-Iелин аьтто хилира масех бандит шайн лаамехь Iедална тIевало. Абаевс хабар тоьхнера Iyмap-Iеле, ша хьоьца къамел дан лууш ву, цхьаьнакхета меттиг а, хан а билгалйахьара аьлла. Iумар-Iела резахилира. Со йолчохь Iаш вара иза. Цхьана дийнахь суьйранна цIа веача, кхана Iуьйранна ша волчу вогIур волуш хьаша ву, Меди, цунна дика кхача кечбелахь, аьлла, соьга дехар дира цо. Иза мила ву аьлла, ас хаьттича, Абаев ву, иза ша мухха стаг велахь а, хьошалла лело ма деза, элира. Iуьйранна сатоссуш, тхан керта веара Абаев. Шен герзаца. Масех сохьтехь къамел хилира цаьршиннан. НеI а херйина, цаьршинга ладоьгIуш сан кIант Барон а, арахь кора кIел Ваха а лаьттара. Iумар-Iелаc Iедална тIевола бохура цуьнга. Абаев реза вара, нагахь ша ца вейта Iумар-Iелас дош лахь. Делкъал тIаьхьа къамел гIовгIане делира цаьршиннан. Абаевс маьттаза дешнаш кхуьйсура. Шен хаьн тIера маузер ца хьаеш, четара схьайаьккхина, Iумар-Iелина йамартлонца тапча туьйхира Абаевс. Арахь, кора кIел лаьттачу Вахас, коран ангали дохийна, чу тапча йиттира бандитана. Барон цIа чу иккхича, Абаев велла Iуьллуш, Iyмap-Iела чов хилла карийра цунна. Сихха Махачкалара уггар говза хирург валийна, операци йира, амма цунах гIо ца хилира. Цхьаъ бен жим бацара Iумар-Iелин. Цунах кхеттера дIаьндарг…8

Муслимата а, Эниста а шира суьрташ гайтира суна. Сибрехь долуш даьхнарш а. Вийна Iуьллучу Зеламхина тIехIиттина гIалагIазкхаша а, дегIастанхоша а даккхийтина маситта сурт а. Цхьанна тIехь Зезаг, Муслимат, Мохьмад, кхин цхьа йоккха стаг а йара.

– И зуда мила йу? – хаьттира ас.

– Ца йевза тхуна. Цхьанхьара йалийна, тхуна улло хIоттийнера иза.

Шаьшшиннан тIаьххьара цхьаьна даьхна суьрташ делира цара суна. Тхан цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа пхийтта шарахь йехира и шиъ. Муслимат 1990-чу шеран 13-чу сентябрехь дIакхелхира, Энист – цунна тIаьххье, цхьа кIира даьлча…

***

Луларчу къаьмнаша йоIбIаьрг санна лерина ларбо шайн историн, культурин хIолламаш. Масала, масех бIешо хьалхалера гIишлош, бахаман а, пхьоланийн а гIирсаш, герзаш, пхьегIаш, хIусамера йийбар. ХIинца, цивилизацин, электроникин заманахь а, цара дIа ца тосу бIешераш хьалхалера шайн къоман белхан шира говзаллаш. Уьш тIекхуьучу тIаьхьенашна, Iамош, дIало. ДегIастанахь дуккха а барамехь дешин-детин а, цIестан а, эчиган а, тIулган а, кхийран а пхьераш бу. Вертанаш, истангаш, кузаш деш, кхин дуккха а шира говзаллаш йолуш зударий, божарий бу. Цигахь йозанца дIайазйина йу xIopa йуьртан масех бIешеран истори. XIopa тIаьхьено лерина дIайаздо шайн заманахь оцу йуьртахь хилларш. И тептарш тIекхуьучу тIаьхьене дIало.

Шен дIадахнарг ца хуучу халкъе керланиг а, тIехиндерг а кхоллалур дац. ДIадахнарг таханенан а, кханенан а бух, орам бу. Шен исторехь хIинццалц схьа дIадахнарг лардан а, тIейогIучу заманахь шена оьшудолчун ойла йан а кIорггера кхетам ца хилла нохчийн халкъан. Цундела шен таханлерчу тIаьхьене а, тIейогIучу тIаьхьенашка а дIагайта цу лакхахь дийцинчарах цхьа а xIyма дац цуьнан. Атталла, лаьмнашкара шира бIаьвнаш а, кешнаш а ца лардо. Мелхо а, йохалург йохийна, талийна.

Къоман Iилманнa а, дешарна а, культурана а, могашалла ларйарна а, Iаламна а бIе шарахь меттахIотталур доцуш зенаш дина нохчаша хIокху тIаьхьарчу масех шарахь. Пачхьалкхан, йукъараллин долара бахамаш талийна, электросерлонан, телефонийн зIенаш йохийна. Къинхетамза хIаллакдо къоман йукъара долалла – хьаннаш, мехкадаьтта, газ, дерриг а Iалам.

ДегIастанахь шайн къоман турпалхошна, махкана, халкъана пайдехьа гIуллакхаш динчу къонахашна, Iилманчашна, йаздархошна, суьрташдахкархошна, композиторшна, илланчашна хIолламаш хIиттийна уьш бинчу йарташкахь а, республикан столицехь а.

Амма Нохчийчохь ца хIоттийна цхьанна а.

Сиржа-Эвлана уллохь, Ведана хьалабоьдучу некъана аьтту агIор, йистехь, Советийн Iедал долуш хIоттийна скульптурни хIоллам бу. Говре хи молуьйтуш, ша хи а молуш сецначу нохчочун. Скульпторо хIумма а дагахь а доцуш хIоттийна хила тарло иза, амма халкъо Зеламха ву аьлла, тIеэцнера и хIоллам. Цунна гонаха керт йара, чоьхьа хаза бай болуш. Масех шо далале йохо йолийра иза нохчаша. Охкуш, тIе цIерш йазйеш а, герзаш детташ а. ХIинца цуьнан хилла керт а йац, гонаха къух даьлла, массара а дIатесна лаьтта иза. Амма цуьнан дола дан а, сий дан а, лера а кхетам, йахь ца хили нохчийн…

1997 шеран 25 октябрь –

1999 шеран 18 май.

Мескета

Примечания

1

Бера – ворданашца мохь дIасалелош гIуллакх дар. Кхузахь – Iедална болх бар.

2

Цунах тера тамашийна нисдалар хилира дезткъе цхьа шо даьлча. 1985 шеран май баттахь, Афганистане тIаме буьгучу салташна йукъахь, эшелон Чарджоу станце кхочуш, бунт йинера нохчаша а, гIебартоша а. 12 нохчочунна а, 1 гIебарточунна а суьдо хенаш тоьхнера («Северный Кавказ» газет, № 24, 1998 шеран июнь).

3

Диркаш – нохчийн лыжеш, дуткъийчу серагех дуьйцина горга хIазарш.

4

Къуръан, 4 Сура, 93 айат.

5

Къуръан, 5 Сура, 32 айат.

6

махьма – суьйлашна йукъахь дукха йаьржина цIе. Цавевзачух Махьма олу.

7

Бакаров Муса. Обарг Зеламханах дагалецамаш. Грозный, 1990 шо, 4 aгIo; А. Сагаипов. Дочери Зелимхана вспоминают. «Грозненский рабочий», 26 августа 1977 года.

8

Iумap-Iелин Iожаллех лаьцна йаздина цуьнца цхьаьна болх бинчу, иза герггара вевзаш хиллачу КГБ-н сийлахьчу белхахочо полковника А. Ахаевс: Приказано не стрелять. «Грозненский рабочий», 16 декабря 1987 г.

1 ... 158 159 160 161 162 163 164 165 166 167
Перейти на страницу:

Комментарии

Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!

Никто еще не прокомментировал. Хотите быть первым, кто выскажется?