Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Болатан къамеле ла а доьгIуш, иза маракъyьйлура Дешис.
– Оцу буса кхелxира дада. Орца ала дIахьаьдира со. Аьрзу а, Маккхал а, Iела а волчу. Дада дIаволла кечвеш, со араваккха гIоьртира нана. Амма АьрзугIара чохь сацийра. «Iадвита, – элира. – Дерриг ган, дагахь латто». ТІаккха нана а, йиша а кхелхира. Хийрачу махкахь, горга буо хилла, цхьа висира со. IелагIара даймахка валийра… Дицлац суна и денош. И жоьжахати. Цкъа а дицлур дац. Къаьсттина сайн доттагI Соип вицлац. Мацалла леш йоллучу нанна кемсийн кан баккха цхьана хьалдолчу туркочун беша ваьлча, цигахь виэн а вийна, эвлал ара, бeрда кIел, варша кхоьссинера иза. Мацалло арaвaьккхина, хьаннашкахь кхерсташ, цуьнан докъана тIенисвeлира со. ЖІaьлеша къyьйсуш Iуьллучу… Ас а, со санначу эзaрнaшa a лaйнaчуьнга хьаьжча, хIара хьуна тIенисделларг ловзар ду хьуна, Деши. Варийлаxь, собаре хилалахь! Къонах хилалаxь. Хьо-м нохчочун нана йай. Хьо-м маршонан кIентан зуда йай!
Са а уьйзуш, дIатийра Деши. Цаьршимма ца Iебаш вовшийн маракъyьйлура. Амма Дешин кийрахь тохaлучу беро дIасахоьцуьйтура.
– Нагахь вайшиннан кIант хилахь Соип aлий, цIе тиллалахь цунна. Со санна, аьрха а воцуш, эсала кIант вара иза. Амма – майра, къинхетаме. Нана мацалла ца йалийта гIерташ, ша велира иза. Ший а цхьана буса делира и шиъ…
Болатна наб озош йоллуш, Деши кхайкхира цуьнга.
– ЙоI хилахь?
– Хеда. Сан ненан безамна. ХІycaмдена дика цIийннана хилла ца Iаш, тешаме доттагI а, берашна дика нана а, халкъан майра йоI а йара иза.
Арахь шолгIа котамаш дека хезира.
– Болат.
– Вай!
– Хьох йаьлла, цIахь Іалур йац-кх со.
– Цa Iийча, йалац. Йерриг сан а ма йац хьо.
– Кхин хьенан йу со?
– Вайн декъазчу халкъан йоI а ма йу хьо. Цунна кIант кхиавехьа, Деши.
3
ШолгIа де цхьа а тайпа хийцамаш боцуш дIаделира Болатан. Нах леца таIзархойн отряд а ца йеара. Атталла ХортIагIар а бацара йуьртахь. Схьахетарехь, кхечу йарташкара нах лоьцуш, Iедална гIо дан бигнера ЧІонакъий, Инарлий.
Ша хирг хир аьлла, цхьаннах а ца лечкъаш, сарралц керт-ковхь цхьацца гIуллакхаш а дина, суьйранна чувирзира Болат. ХIара волчохь жимма хевшина а Ӏийна, дIавахара Янаркъа а, Аьрсамирза а.
Сингaттaмe a, йеха а йара хIара гуьйренaн цIемза буьйсанаш. Ло а, догIа а цхьаьнаийна хьийза дарц. БІaьрга Іоьттина пӀелг гур боцуш, Iаьржа бода.
XIopш охьабийша ойла хилла бохкуш, керта говpaн тaтa дeара. Сихха тIе бедарш а йуьйхина, кога мачаш а оьзна, топ карахь араиккхира Болат. Кертан араxь цхьалха бере лаьттара. Амма иза ша вист ца хилча вевзар ву боxург хьехoчохь а дацара.
– Ассалам алайкум! Хьаша тIеоьций ахь, Болат?
Хазахеттачу Болатан мохь баллаза бисира.
– Іaьлбаг! Ва Iалайкум салам! Хьо мичара вели?
ТІe a хьаьдда, говран урх а, луьйта а лаьцна, Iаьлбагна охьавосса гIо дира цо.
– Вало, чугIо. Ас говр паргIатйоккху.
– ХIан-хIа. Говр паргIатйаккха ахь. Вайша Макка йолчу воьду.
– Чу а волий, жимма вохлохьа.
– ДІагIур вайша.
Iаьлбаг ца Іай хиъча, цIа чу a вaхана, догу хаьштиг а карахь аравелира Болат. Амма хIара шиъ ши бIe гIулч гена а вaлaлe дарцо йайъиpa xaьштигах летта цIе.
– Хьо лаа веаний, Іaьлбаг? – xaьттира Болата шаьшшиъ дIакхачале.
– Макке кадам бан. Бераш а ган. – ТІаккха, жимма вист ца хуьлуш а Іийна, тIетуьйхира: – Кхана Шела ваха ойла йу сан.
– XIунда?
– Берса волчу.
– Цунна хаьий хьо дIавогIий?
– Меттиг а, хан а йиллина охашимма.
Шен а, цуьнан а, накъоcтийн а кхоллaмo садуучу Болата тIаьххьара а хаттар дира:
– КхидIа хIун дан ойла йу хьан, Іaьлбаг?
– Берсех дага а ваьлла, эр ду ас.
– Новкъа маца волу хьо?
– Кхана, делкъан ламаз а дина.
– Накъост вуй хьоьца?
– Вац.
– XIета, со а вогIу хьоьца.
– Ца оьшу. Кхераме ду. ЗIуганийн бена тIе ма воьду со.
Болат вист ца хилира. Сацам тIеэцна ваьллера иза. ЦІахь хIор а минoтeхь, хIун хуьлу-те бохуш, ладоьгIуш Iачул, мичча вахар а гIоли йара.
Болатна-м йилxинера Макка. XIинца хIара Iаьлбаг гучуваьлча, йуха а белхар хIоттор ду-кх цо. Цуьнан йелхарна-м сатохалора Болате. Амма, ши бер мохь хьекха даьлча, дог Iaьвжа-кх. ТІаккха дог кIаддалаза а дисац.
Цхьадика, тховса мелла а собаре хилира Макка. Iаьлбагна мара а кхетта, жимма йелха-м йилхира. Цуьнан коьртах куьг а хьоькхуш, шина бере хьоьжура Iаьлбаг.
Ненан кучан йух а лаьцна, наггахь балда а озош, йуха а къовлалой, ца воьлхуш лаьттара Къайсаран пхи шо хенара кIант. Амма йoI, нене а хьоьжуш, йоьлхура. Iаьлбага, вист а ца хуьлуш, дог Iаббош йелха йитира зуда. Изa дIaтийча, цо доцца дийцира шайн леламех. Къайсаран а, Коьрин а Іожаллех лаьцна.
– Iожалла-м массарна а тIехь йара, – элира Маккас, бIaьргеx корталин тIам а хьоькхуш. – Цунах хьалха-м цхьа а вер вацара, ша Дела воцург. Дагна Iеткъарг кхин ду-кх. ТIexІотта кошан барз а боцуш, вайна-кх иза…
Макка йуха а йелха йелира…
Оцу зудчунна а, шина берана а хьалха ша бехке волуш санна хетара Iаьлбагна. Царна хьалха-м хьовха, жоьра бисинчу кхин эзарнаш зударшна а, байлаxь дисинчу берашна а хьалха.
– ХIун дийр ду, Макка, кхиэл йу-кх лелларг, – элира цо эххар a. – Тхо, дийна дисинарш, а дац даккхийдеш. Тхо а довр ду, тIeхIотта кошан барз а боцуш. Хьо йелха луур дац суна, Макка. ХIара некъ оха тхешан лаамехь къастийна. Тxaьш леxнарг ду тхоьга кхаьчнaрг. Хьайн са ма даа. Тхо цхьадерш дIaдoвлахь а, накъостий буьсур бу. Цара дола дийр ду хьан а, шина беран а.
Ткъа Коьрин-м вацара цхьа а хIара Iаьлбаг хьалхахIотта. Коьра тIаьххьара а вара оцу цIийнах.
СогІратлахь, тIеман цIергахь, тIаьххьара а кIур байра цуьнан.
И буьйса байлаxь бисинчу Къайсаран доьзалца йаьккхира Iaьлбага. Амма набарза. Карладуьйлура оцу тIаьххьарчу беттан денош…
4
ХIара де тIекхачаре сатуьйсуш, ворхI баттахь садиттинера инарла-адъютанто Свистуновс. Шен командирашка а олура цо собаре хила. ГIаттам хьаьшна баьлча, тIаккха дийр ду
Поделиться книгой в соц сетях:
Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!