📚 Hub Books: Онлайн-чтение книгИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+
1 ... 30 31 32 33 34 35 36 37 38 ... 187
Перейти на страницу:
Хаси-Юрт а дIалаца хан хир йу вайн шортта.

Дехха къийсинчул тIаьхьа, Iaьлбага сацамбира:

– ХIета, ас сайна хетарг дIаолу шуьга: Акхтас, Гезлойн-гIап дIа а лаьцна, цигахула чекхйолу зIе йохайо. ГIубхас изза до Хулхулон ахкахь. Залмин Дадас, Доча-Борзе дIа а лаьцна, Органан ахкан ков къовлу. ЯнгIулби, ахь Кешане дIалоцу. Сулиманний, Iабдул-Хьаьжиний тIедуьллур ду Ведана дIалацар. Вайн коьртачу ницкъашца со Шелахула дIa Cоьлжа-ГIалина тIегIур ву. Кхана Iийча, лама, гIуллакх дIадоладо вай. Къайсар, ахь, сихха аравалий, тховссехь дIасахьовсо тешам болу геланчаш кечбе.

3

Харц хир дара, кечбечу гIаттамах лаьцна Iедална хууш хIумма а дацара аьлча. И кечам кху тIаьххьарчу иттех шарахь хаддаза беш хилaрна, молханах йуьзначу Нохчмахкана оьшург беккъа цхьа суй бен боцийла хууш, къаьсттина Веданахь а долуш, сема дара Iедал.

Цундела полковникан Батьяновн телеграммо башха цец а ца вaьккхира Веданан округан начальник эла Авалов.

– ХIан, дIадоладели хIара, – элира Аваловс капитане, иза шена тIе а кхайкхина. – Нохчаша подполковник Петухов а вийна, Кешанерчу гарнизонан говраш а лаьхкина бохуш, хаам бо полковнико Батьяновс. Суна хетарехь, изa дeвнан йуьхьиг йу. «ГIаттам» боху дош дало ца лууш, боху ас иза. Лаа дац хIара. Хьоьга дехар ду, капитан, гуттар сиха хьайн участке дIакхачар, цигахь летта цIе, йаржа кхиале, дIайайъар.

Эла, куьйга корта а лаьцна, цхьана минотана дIатийра. ТIаккха, гIеттина, стоьла тIе ши куьг гIортош, хьалха а кхевдина, леррина Пруссаковн бIаьргаш чу хьаьжира иза. Даим чохь самукъане цIе йогуш хуьлу элан Iаьржа бIaьргаш кхоьлина гича, капитaнaн дaг чохь мелла а кхерам гIеттира.

– Ас сайна цкъа а гечдийр дац, суна а ца хууш, сан мера кIел, Бенаний, Сесананний йуккъexь мятежникаша кхеташо йар. Кхузткъе цхьаъ стаг! Иза пхи де даьллачул тIаьхьий бен ца хиъна суна. Моьттура, хIокху округеxь нохчаша дIа мел боккху ког сайна хаьа. И ца хилла аьттехьа a. XIинца мел хала хир ду цIе йайъа! Амма, цаваьллачу денний бен, герз ма айъалахь. Варийлахь. Вайн декхар – дов цакIамдар, машарца дерзо гIортар ду хьуна. Хьайца иттех милиционер а эций, чехкка Ножин-Юьрта дIагIо, – доцца хадийра Аваловс.

Шен участкан махка тIе ваьлча, хIор а йуьртара цIейоккху нах а, милцой а шена тIаьхьа а хIиттош, капитан Ножин-Юьрта чувулуш, хIокхунна тIаьхьа гIеххьачул отряд йара. Бакъду, пурстoп шеквара оцу отрядан муьтIахьаллех. Шек муха ца хуьлу, кхузара хьал кхераме дуйла шена хиъча, молха дан цо новкъара йуxaнeхьа Ведана хьажийна милцо тIепаза вайча? ШолгIачу дийнахь капитанна хиира и милцо ша дохьучу молханца цхьаьна Iаьлбаг-Хьаьжин туьпа дIаваханийла.

Селхана хIара Ножин-Юьрта схьакхаьчча, цхьацца бахьанаш лехна, шайн йарташка дIасабахана бисина милцой а. Сийсара кхyьнца висинарг виъ стаг вара. Царах хIун хилла а хаацара.

Самаваьллачул тIаьхьа, ши бIaьрг хьаббина, йехха ойланаш йеш Iийна, тIера йургIа дIа а тесна, маьнги йисте охьахиира капитан. Улло стоьла тIехь гIорасиз Іyьллура туррий, тапчий. Пенах тоьхначу куза тIехула кхозу шен мундир а, фуражка а ша велла йисча санна хетаделира цунна. ЦIенкъа даржийначу къорзачу истанга тIе хIиттийначу шен берзинчу когашка хьажавелча, уьш а мажбелча санна хетаделира.

«Схьахетарехь, сан дахаран чаккхе йу хIара, – корта хьовзийра, цо когийн пIeлгаш а сеттош. – ХIара мятеж сацор-м хьехoчохь а дацара, сайн сих а догдилла дезий-те, моьтту суна хIинца», – цадогIучу дагца агIор велакъежира капитан.

Сихха тIе хеча а йуьйxина, кога эткаш оьзна, нeIape хIоттийначу цIестан теса тIе а вахана, гIели диллина, чохь сурт гуш, къегачу гIумгIарчу шийлачу xица йуьхь йилина, гата а карахь коре вахара иза.

Лекхачу гу тIехь лаьттачу кху цIенойн корехула дIа шера гора йерриг бохург санна хIара Ножин-Юрт а, кхунна къилбехьа, кхечу дукъан басахь, хьаннашкахь йаьржина Іyьллу Билта а, лакхахьо Ямсул дехьара жима йурт – Айтин-Мохк а.

Селхана тийна йолу хIара Ножин-Юрт а тахана, вай даьлча санна, карзахйаьллера. Герзах боттабелла, урамaшкaхула дIасалелара гIашлой а, дошлой а. MaьI-маьIIера схьахезара вовшашка детта маьхьарий. Даьхний а, башха тIаьхьаволуш стаг воцуш, йуьртах арадуьйлу. Пурстоьпан тидам хилира дехьа регIарчу кхаш тIехь аддам а дацaрaн. Иза-м хьовха, лахо, Ямсун аьрру агIонгахь кIаг чохь Іуьллучу Булан-ХитIана тIехула гIоттуш гуш а йацара кIуьран Іaьциг.

Булан-ХитIа жима йурт йу. Мацах цкъа обарго Арчакха йиллина, боху, иза ша санначарна. Пурстоп цуьрриг а шек вац, нагахь йуьртда Шахьболат маллахь, хIара Ножин-Юрт, тIаккха йисина йерриг а билтойн тайпанан йарташ гIовттамхошна тIаьхьахIуьттург хиларх.

Лахо чохь йаьллачу тоьпан тата, Пруссаковн дог дахьош, регIa кхерстира. ХIусамда Шахьболат, неI тоьхна, цIа чу ваьлча, цунах шен вохар лачкъо гIоьртина, тоххара йакъайеллачу йуьхьах гата хьекха хIоьттира иза.

– Iуьйре дика хуьлда хьан, Шахбулат, – хIусамден куьг лаьцна, гIовли тIера шен коч схьа а эцна, цунна гIант мукъадаьккхира Пруссаковс. – XIун ду кeрла?

Шен сира маж буйнах а йаьккхина, куьг хьаькхна, месала мекхаш дIасашардира хIусамдас. Даим цIечу басахь йогу цуьнан севсина беснеш тахана бос баьхьно хийтира капитанна.

– Диканиг кIезиг ду, Павел, – доккха садаьккхира хIусамдас. – ГIаттам баьржаш бу, Iаьржа ун санна. Наха дийцарехь, йерриг Нохчмахка Iаьлбаг-Хьаьжина муьтIахь йу. ЧIебарлахь бунт йина Залмин Дадас.

Гата хьостамах хьала а оьллина, хIусамдена дуьхьал охьахиира капитан.

– Залмин Дада эрна хецнера вай маршоне, – элира цо оьгIазе. – Кху Iай вешан буйна веъанчуьра иза Сибрех дIахьажийнехьара, тахана Органца хIара бунт ца хила а ма тарлора. Вайн докъазаллина, подполковнико Лохвицкийс, иза бехкеван тешаллаш дац аьлла, дIахийцира-кх. Вай Сибpex xьийсийначийн бехкенна тешаллаш долуш санна. ТIаккха?

– ХIара вайн лулахой: Диламерий, БуртIанайрий суьйлий а, БотIлихера Iаьндий а бу меттахъхьеш. Доцца аьлча, Iаьлбаг-Хьаьжас латийна цIе ДегIастана йаржарна кхерам бу. Цаьрца цуьнан барт хиларан шеко ма йац. ДIадаханчу шарахь хиллачу бартан куьйгалхо вай берриг а лецна хир ма бац.

Аравала дагахь, хьала a гIеттина, коьрта куй тиллира Шахьболата.

– Собардел, Шахбулат, – сацийра цo нeIaрeхьа дIаволавелла хIусамда. – Суна хетарехь, вайша дицдан мегар дац ваьшшиъ Iедалан ши вeкaл хилар. Вайшиннан бакъо йац, адам шен лаамехь хецна а дитина, кху чохь хиъна Іан. Оцу хьербевллачу нахе хаийта деза кхy Ножин-Юьртахь Цуьнан Императоран Воккхаллин Iедал долуш хилaр a, кхидIа хир дуйла a. Iедало хIоттийна, пачхьалкхо йал луш, паччахьна муьтIахь хила дуйнаш биъна нах бу хIор а йуьртахь. Цара дош дала деза шайн йартех. Омра иштта хир ду. Ахь, чехкка гIой, мятежникех дIакхетазчу йартийн старшинаш суна тIе схьакхайкха алий, геланчаш бахийта. Дисинарг тIаккха дуьйцур вай.

Ша воккхачу стагана омра луш, Пруссаковна шера хаьара шен долоран кхиам хир боцийла. Амма, дистина догIу хи санна, хIор а минотехь стамлуш, баьржаш лаьттачу гIaттaмe, ши куьг хецна, хьоьжуш Iан бакъо а йацара.

Ши сахьт далале, иза волчу кхечира бархI йуьртан старшинаш. Хьалха, маьршачу деношкахь санна, шек дIа боцуш чу а баьхкина, тарраш а,

1 ... 30 31 32 33 34 35 36 37 38 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии

Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!

Никто еще не прокомментировал. Хотите быть первым, кто выскажется?