📚 Hub Books: Онлайн-чтение книгИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 ... 187
Перейти на страницу:
ваьккхина лелориг. ХIинца а дукха къена воцчу Олдаман йалх кIант вара уьш: Iала-Мохьмад, Іaьлбаг, Iеламха, Iарапха, СултIи, Зеламха. ТІaьххьарниг хIинца а пхийттара а ца ваьллера. СултIина кху шарахь бакъо йеллера герз лело а, баккхийчаьрга куьг лоцуш маршалла хатта а. Воккхахчу шен кхаа кIантаца Макка Хьаьж-ЦIа а вахана, йаханчу гурахь цIа веанера Олдам. Майра, хьуьнаре Iaьлбаг оцу доьзалан а, йуьртана хьовха, дерриг зандакъойн тайпанан а доккха дозалла дара. Цундела, иза дIасавоьдуш, воккхаха ваша даим цуьнца хуьлура.

ДІадоьдура хьуьнарш къийсар. ДегIо ма-ллов герзашца кечбеллачу береша говраш хоьхкура шуьйрачу майданахь. ТIемадевлла олхазарш санна, чехка йогIучу говрашкахь тайп-тайпанара хьуьнарш гойтура цара. ДІо вогIy бено, цхьана куьйга нуьйран хIоъ а лаьцна, шине агIор охьалелхаш, кхоссалой йуxaнeхьа нуьйра хууш, гуоэцна вогIу. Ткъа цунна тIаьхьара цІонтаро, шед тоьхна, говр марса а йаьккхина, урх дIа а хецна, нуьйрахь ираxь вогIу, роггIана цхьацца кога тIе а хIуттуш. Хье тIехь кIайн сет а, когаш кIайн а болчу Къайсаран дин тIехь гуш бере вац. Хьал ца хуучунна моьттур ду, иза, бере а воцуш, хецайелла йогIу. Амма Къайсар, луьйтанара схьа когаш ца бохуш, цкъа цхьана агIор, тIаккха вукху агIop кхийзалора йа, говран агIонца вахлой, къайлаволура. Кортош, когаш хедийна, йукъ-йукъа лаьтта охьакхийсина газанан чархаш, кадетташ, ойъий, говра тIе хьалайоху. Хала ду массанхьа охьадехкина, шардеш, къагийнa дaтo cоьмаш схьаэца. Амма кхин а чолхе ду соьмана йуккъe тaпча тохар. Къайсара кхо сом схьаоьцу. Ткъа Болата кхаанна йукъаметте тапча туху. Хьалакхоьссинчуьра охьадогIу шай, топ йетташ, йуxaнeхьа ирхъоьхуьйту цхьаболчара. Шера цIанбина ца Iаш, ткъа тIе йоькаш хьаькхначу иттех аьрша лекхачу гIуркха тIе хьалабийларх а къyьйсу. ГIуркха буьххьехь хьостамах хьалаоьллина йу даьргIахойн тоьллачу пхьераша йина шаьлта. ТIaьххьара а хьуьнар туьрца серий хедор ду. Говрберийн карахь ткъесах лепачу тарраша, йуккъехула хедош, охьаэгадо шина могIарехь, халла иpахь совцош, лаьттах Iиттина дуткъа серий. Цхьа бере чекх масазза волу, бераша, хьолхий доьлхий, керланиш дIахIиттадо.

Ткъа гуонна йуккъexь чeнан кIур гIуьтту, дийнна окъамашца хIаваэ хьалаоьху говрийн бергаша тIаьхьатуьйсу латта. Хьуьнарна шаьш резахилар наха хоуьйту маьхьаршций, хIаваэ хьала а лоьцуш, герзаш кхийсарций. Ахьмада а, Акхтас а лeррина толлу къовсаме гIуллакх. Эла Аваловна а цхьана ханна дицделла шен хьаькамалла а, возалла а. Кавказхочун цIий Іац шeниг дитина. Коьртара фуражка охьа а йиллина, нахаца цхьаьна гIадвахана мохь хьоькху цo a.

Хьуьнарш къийсар а, ловзарш а чекхдевлча, цхьаммо а бина хаам боцуш, амма омра дича санна, дерриг адам чардакхна тIедолало. Йоцца кхеташо йиначул тIаьхьа кхиэлахоша тоьллачийн цIeрш йоху:

– Гуонexь xaьхкича, тоьлла Гати-Юьртарчу Аьрзун кIентан Мохьмадан говр! Уггар кхерамечу, халачу хьуьнарехь тоьлла Симсарарчу Олдам-Хьаьжин кIентан Іaьлбаг-Хьаьжин говр! Говрашкахь хьуьнарш къовсуш, тоьлларш – Гати-Юьртара Ойбан Къайсар, ДанчIин Болат, ЦІоьнтарара Гарин Ахьмад. И цIераш йаьхначара шайн совгIаташ дIаэца.

Тоьлларш декъалбеш дeттачу маьхьарший, кхуьйсучу герзаший йуха а къардира хIаваъ.

5

Хьаьсарта дахана адам дIатийча, ХортIас куьг хьалалецира.

– ЛадогIал, нах! Эла Авалус къамел дийр ду хIинца!

Цхьана ханна кхуза гулбеллачийн сибате вирзинчу гуьржичух оцу минoтeхь йуха а округан начальник, эпсар, эла Авалов хилира. КІайн тIе а, Iаьржа лаба а йолу кокардица фуражка коьрта а тиллина, мекхех куьг хьаькхна, йайн йовхарш туьйхира цо. ТIепаза йайра Іаьржачу бIaьргаш чохь йогу самукъне цIе а. Дукъа тIехь голатуху мара а аьрзунан зIакарх тарбелира.

Цхьана жIаро а, мидало а кечбина шуьйра накха меллаша дIаса а хьийзош, оьрсийн маттахь дехха къамел дира цо.

– Нохчий! Йоккха пачхьалкх йу Росси. Дукха къаьмнаш ду цунна чохь дехаш. Мацах цкъа арахьарчу мocтaгIaший, вовшашлахь хуьлучу тIемаший талораш деш, цIий Іeнoш, маьрша дахар xIун йу ца хиъна Кавказан къаьмнаш тахана Цуьнан Императоран Воккхаллин, оьрсийн паччахьан нуьцкъалчу тIома кIел ирсе, бертахь, цхьа вежарий хилла деха. Цунна тоьшалла ду, арахьара мостагI Россина чугIоьртича, массо къоман кIентий паччахь а, Росси а ларйан дахIуьттуш хилар. Россин, вайн даймехкан, мостагIий бу цергаш ирйеш. Тохаро бен сацош вац мocтaгI. Ницкъо бен йухатохац ницкъ. Цундела Кавказан массо къомо оьрсийн толамечу эскаршна гIоьнна шайн полкаш вовшахтоьхна. Гуьржаша, эрмaлoша, гIажароша, хIираша, гIебартоша, чергазоша, дегIастанхоша, гIалгIаша, кхин массара а. Цара дуьххьара гойтуш йац шайн муьтIахьалла. Ала лаьа, тIаьххьара туркошций, англичанашций, французашций Россин хиллачу тIамeхь дуккха а нохчаша дакъалацар а. Цара турпала хьуьнарш гайтира, вайн даймехкан мостагIех леташ. Цуьнан Воккхалло Императоро эрна ца дитира нохчаша оцу тIамехь хьегна къа а, Iенийна цIий а. Оцу тIаме бахана нохчий орденех накхош, ахчанах кисанаш дуьзна баьхкира цIа. Уьш хIинца а бу Iедало сий деш. Ткъа и шун аьрха амалш бахьана долуш, йеххачу хенахь мерабeран хьолехь латтийначу нохчашна цуьнан императоран воккхалло кхушара йуха а тешам белла шен эскаре хIитта. Амма нахана хаац паччахьо шайна диканиг оьхьийла. Шайга кховдийна къинхетаме куьг дIалаца лаац. ВархIий-вархIий дайшкахь дуьйна майра тIемалой, къонахий бу бохуш, дуьненахь а цIейаханчу нохчашлахь тахана эскаре вала лууш эзар стаг а каравац. Къонахалла йайна шун? Майралла йоьжна? Герз лело хаац? Мичара! Тхан говраш йац, тхо къен ду бохуш, бахьанаш хIиттадо. Aьшпаш! Маса бIe дин бу кхузахь! Маса бIe майра кIант ву кхузахь! ДуьххьалдIа шайн йухахьаралла, ца лаьа-кх! ХІyьттаре лело дуй биъча санна. Шун къоман сий лардан лууш, шуна йукъахь цхьакIеззиг къонахий лaрбинчу Далла бу хастам. Уьш Даллий, паччахьний муьтIахь нах бу. Цара шайн кӀентий цуьнан воккхаллин кара дӀало…

Дайн ши мекх хьовзийна, адамийн тобанна тIехула курра бIаьрг кхарстийра Аваловс.

– Пурба луо суна оьрсийн толамечу эскарийн могIаршка баха кечбелла шун йуьртан уггар тоьлла кӀентий, – шен карарчу кехата тӀе хьаьжира Авалов: – Хортаев Асхьаб, Товсолтанов Хьуьси, Бораханов СаьIид, Сатуев Солтха а Цуьнан Императоран Воккхаллин цIарах декъалбан а, уьш кхетаме кхиийначу церан дайшна-наношна баркалла ала а! Шун некъ дика хуьлда, майра кӀентий! БIаьхаллин хьуьнаршца шайн къоман сий айъа аьтто хуьлда шун.

Тоьхначу тIараша йуха а йекийра майда.

Эла Аваловн къамел гочдан хьалхавелира поручик Ойшин Чомакх. Паччахьо йекхачу шуьнехь важош вацара шен тешаме йалхо. Ал басахь цIен беснеш, дуькъа, хьаьрса цӀоцкъамаш, царна бухахь хIиттина къинхетамза бIаьргаш, шад беш хабийна хьаьжайукъ. Тодеш, даим тӀе ка хьоькхуш латтош даккхий дуькъа, хаза мекхаш. Шуьйрачу некха тӀехь лепа мидал. Баьццарчу атласан гӀовталан ирахIоттийначу коча йуккъе Iаьвдина стомма ворта. Къамкъарг-м, хьаха, йац хӀумма а вуон йекаш. Даьссачу маьждиг чохь санна, чӀогIa a, шера а дека цуьнан аз.

Цо гочдечу элан къамелах ца бешаш, лохха биэларш лелха нахана йукъахь.

– ЧӀoгIa ирсе деха!

– XIай, бIаьрг ма хила вайна!

– Дела диса вай, оцу паччахьан и вай лардо тӀам а бойна, эрна!

Къайсарна тоххара кӀордийнера и къамелаш. Ден дагара хууш санна, цхьана меттехь саца ца туьгура цуьнан говр а.

– Дуьлойша, цIа

1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии

Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!

Никто еще не прокомментировал. Хотите быть первым, кто выскажется?