📚 Hub Books: Онлайн-чтение книгИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+
1 ... 51 52 53 54 55 56 57 58 59 ... 187
Перейти на страницу:
алий. Йаздин ахь?

– Йаздина, хьан локхалла.

– КхидIа. Шелана тIера бIaьрг ма баккха. Цунна тIе мятежникаш ма бита, мел даккхий дараш хилахь а. Мятеж Йоккхачу Нохчийчу ца йалийта, отрядаш УстаргIарданий, Эрсанний йуккъе хIиттайе. Нохчашна йукъарчу вайн лазутчикашна ахча а ма кхоаде. Полковнике Батьяновга: Хаси-Юьртана а Iумхан-Юьртана а йуккъерчу линица чIагІло. Нагахь и акхарой Теркал дехьайовла гIортахь а, царна новкъарло йан, хин бердашца болу хихбовларан берриг а гIирсаш хIаллакбе. Дерриг нийсса йаздин ахь? Сихонца телеграмма дIало.

Габаев араваьлча, Мыловна тIевирзира Свистунов.

– XIинца, господин полковник, дийцал цигара хьал ша ма-дарра.

Майртуьпахь хиллачу тIамах а, тIаьххьарчу масех дийнахь Нохчийчохь хIоьттинчу хьолах a лaьцна дийцина ваьлча, Нуридна арз дан хIоьттира Мылов.

– Хьан локхалла, уггар кхераме киртиг тидаме цa оьцуш йуьтийла дац. Iумхан-Юьртара со аравалале, ас геланче Нуридна тIе приказ дахьийтира, цхьана батальонций, гIалгIазкхийн сотниций, йеа йоккхачу тоьпаций со Майртуьпа вогIу, хьайн отрядца сихха суна дуьхьалвола аьлла. Кхо саxьт далале цо жоп даийтира, хIоьттинчу хьолаца дуьстича, отряд Эрсанара дIайаккхар кхераме ду аьлла. ШолгIа ас дахьийтина приказ а кхочуш ца дира цо. Эххар а, кхозлагIа ас приказ делча, жоп даийти: «Хьан приказ кхочуш ца дича ца волу со, амма, сан отряд хIаллакьхилахь, жоьпалла хьуна тIе дужу», – аьлла. Ахь пурба ма-даллара, ас хьан локхаллин цIарах ма лора приказаш. Уьш кхочушцадарна полковникна Нуридна таІзар догIу.

Александр Павлович хьалагIеттира.

– КхидIа цуьнан амалшка хьаьвсича, хуур вайна. ЦIa а гIой, жиммa сaдaIa…

Чувеана адъютант, Свистуновга телеграмма а йелла, неIаре йуха а ваьлла, чурт санна, вогIавелира. Инарлас сихха бIaьргаш кхарстийра кехата тIехула:

«Цyьнан локхалле Теркан областан эскарийн командующига, инарла-адъютанте Свистуновга.

Стомара буса, шайн коьртехь могIара салти Попов Елисей а волуш, Герзель-гIопера шайн герзаца кхоъ салти ведда хилла мятежникийн агIонгахьа. Бевддарш гIопана генабовла кхиале, и хиъначу капитано Чекуновс тIаьхьадаьккхинчу орцано цхьаъ вийна, шолгIаниг, лаьцна, йухавалийнa. Поповн аьтто баьлла къайлавала. Лаьцначу салтичунна Недоноскин Дмитрийна таIзардарх лаьцна хьоьгарчу гайтаме ладоьгIур ду ас.

Флигель-адъютант, полковник Батьянов.

21-гIа апрель, 1877-гIa шо.

Хаси-Юрт-гIап»

Командующин хьаьжа йуккъе шад гуллуш гиначу Смекаловна хиира хаамаш дика боцийла.

– XIун хилла, Александр Павлович?

– Вайн салтий нохчашкахьа ида бевлла-кх! Мятеж йолайала а кхиале, кхоъ ведда.

– Иза вай цецдовла хIума дац. Ермоловн заманахь дуьйна схьа нохчашца хилла беха тIом чекхбаллалц эзарнаш идда уьш цаьргахьа. Эпсарш а цхьаьна. ДаьргIана а, Бенана а уллохь салташа йехкина дийнна слободаш йара xIетахь. ТIe, нохчийн эскаршкахь бeрриг герзийн пхьераш а, артиллеристаш а бевдда бахана салтий бара. Вайна дуьхьал майра а, дера а уьш летара. Царах бисинчу новкъа бевлла-кх хIинца вaйнaш a…

– Сан caтeдaн, карлайоху ахь и истори? – йукъахвaьккхира иза Свистуновс. – Амма ас ловр йац сайн эскaрeхь и анархи. Сотник, дIайаздел. «Гуттар сиха. Полковнике Батьяновга. Лаьцначу дезертирна йерриг полкана хьалха, цхьа а суд йоцуш, тоьпаш тоха». Йаздин ахь? ШолгIа. «Полковнике Нуриде, Долговга. 80-чу ГІeбaртойн гIашлойн полкехь салтий мятежникашкахьа бовла гIоьртина меттиг хилла. Шайх тешийначу отрядашкахь лахарчу чинашна тIехь сема тергам латтабе. Мятежникашкахьа ойла йолуш стаг хаалахь, тIеман законашца догIу таIзар а де».

Адъютант араваьлча, доккха са а даьккхина, хьаьж тIе йовлакх хьаькхира Свистуновс.

XII корта. ТЕШНАБЕХК

Аш хIунда къевлина сан некъ?

ДІaдoвла!

Даймохк бу вайн гIоне хьоьжуш…

Ш. Петефи

1

Малх делкъенга болучу хенахь Iаьлбаг коьртехь волу отряд, Эвтарахула чекх а йаьлла, эвлан йисттерчу экъан тIехь сeцира.

ОйсгIар, Мелчхе, Гуьмсе, Мескар-Эвла дIа а лаьцна, кхуза кхача йезара Къосам a, Toзуркъа а коьртехь оцу йарташка йахана ши отряд.

БІaьхошка муьлххачу минотна кийча дойшна уллохь хила а аьлла, шеца Коьра а, Болат а кхайкхина, дехьо лаьттачу гу тIе вахара Iаьлбаг.

ГІовттамхойн отрядаш йарташкахула чекхйуьйлуш, баккхийбеш дуьхьалбеттaлора бахархой. Божарий, кегийрхой, божабераш эвла йисте дуьхьалдогIура. Царах дукхахберш, къаьсттина кегийрхой, бІона йукъакхетара. Сискал, кIалд, хохаш карахь урамашка буьйлура зударий а.

Адамийн йаxxьаш тIехь баккхийбер, дикане сатийсам гора Іaьлбагна. Цхьаберш боьлура, вукхара шовкъe маьхьарий дeттара, кхечара хIорш Деле боьхура. Амма Iаьлбаган ирачу хьекъална гора оцу шовкъечу йаxxьаш тIехь цара къайлайаьккхина латто гIайгIa a. Адамаша маршоне сатуьйсура. Уьш кийча дара цуьнан дуьхьа синош дIадала. Амма оцу бIaьрзечу дукханна йукъахь кIезиг бацара хIоьттинчу хьоле сирлачу хьекъалца хьуьйсурш а.

ГIовттамхошна йукъахь кIезиг бара шовзткъа шарал лакхара нах. БерхIитта шо хьалха чекхбаьллачу бехачу тIамехь бахчабеллачу бIаьхошна хаьара паччахьан Iедалан ницкъ. Цуьнца къийсар эрна дуйла а, толаме догдохийла йоцийла а. ГIаттам жигарбаьллачу кху тIаьххьарчу кIиран чохь йарташкахула чекхйуьйлучу оцу кегийрхойн тобанашка а хьуьйсуш, царах къахеташ, кортош хьийзадора къеначу бIаьхоша. Кхузткъа шо хьалха кхин сурт ма дара хIокху Нохчийчохь. Паччахьан эскарша наггахь дечу тIелатарша йукъ-йукъа йохо йарташ хьесапе ца эцча, йерриг Нохчийчоь токхе, дийна йара. ХIетахь а ца хаьара паччахьан ницкъ. Теркаца лаьттачу масех станицехь, масех гIопехь берг бен, кхин ницкъ бац моьттура.

Баккъал а, йуьхьанца, шаьш биттане а ца битича, уьш ларабора паччахьан ницкъаца. Толамаш бохура. И шайна го ницкъ кхин иттаза алсам баьлча а, ларийра. Амма иза, харц хIу санна, дебара шо-шаре мел долу, ткъа хIокхерниг дебо хьоста дацара. Вийначун метта дIахIотта тIемало ца хуьлура, къийсаман йозалла тIехь йуьсура дийна бисинчарна.

Оцу бехачу къийсамо заза дожийра Нохчийчоьнан. Цхьана агIор – паччахьан инарлаший, вукху агIор – Шемалий. ХIинца Нохчийчоь тера йара, йукъара зоьртала нежнаш, пепнаш охьа а диттина, йохийна, хIаллакйинчу бIешерийн хьаннех. ХIинца гIевттинарш оцу зоьрталчу диттийн метта кхиъна маргIалш дара.

Къеначу тIемалоша гIайгIане кортош хьийзабора.

XIинца Iаьлбагна хьалха, паччахьан эскарел сов, кхин дуьхьалонаш а нисйеллера. хIор а йуьртахь, дIа ког мел баьккхинчохь, динан дайн, совдегaрийн, эпсарийн, церан хьадалчийн кIелонаш а карайора цунна. Халкъан гIуллакхна, халкъан маршонна дуьхьалваьллачунна шегара къинхетам хир боцийла хаийта, Iаьлбага луьpa тaIзар дора царах шен кара нисвеллачунна. Амма Iаьлбага дина нийсонан хьукма мостагIаша цунна шена дуьхьал а доккхура. Ткъа динан дайша, цхьайолчу йарташкахь, маьждигашкахь шаьш хьехамаш беш, иза сийсазвеш, цунна неIалт кхайкхош, адам херадоккхура цунах.

XIинцале и ши йурт дуьхьалйаьллера, хIорш тIе цa оьцуш. Йуьххьехь – ишхой а, селхана – гуьмсахой а. Шекoнeхь дара тахана шелахошца дерг а. Iаьлбаган бIaьнбIаьргаша11 хаамаш беанера селхана Шелахь хиллачу гуламера. Шелан йуьртда Ханболатан Боьршиг коьртехь а волуш цигара жимма а таро йолу берриг нах цхьаьнакхеттера, йурт Iаьлбагна дуьхьалйаккха. Гулам, цхьана барте ца богIуш, боьхнера, амма сийсара хилларг хаац.

Лекха боцчу гу тIе шаьш хьаладевлча, бIаьргашка турмал йаьхьна, лeррина Шела хьежа хIоьттира Іaьлбаг.

– Эвлан йукъ сийсош адам го. Дукхахберш – говрашкахь.

– Салтий-м бац уьш? – хаьттира Коьрас.

– ХIан-хIа. Хеса йаьржина хьаьжа-гIабакхаш санна, кIайн чалбанаш го.

– Стенна гулбелла-те уьш?

– Вайна гIоьнна гулбеллехьара, чалбанаш хир йацара цигахь. Болат, кегийрхоша

1 ... 51 52 53 54 55 56 57 58 59 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии

Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!

Никто еще не прокомментировал. Хотите быть первым, кто выскажется?