Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
– Тхайн синош вайн императорски воккхаллина дIадала кийча ду-кх тxо! – дезза элира Чермоевс.
– Иза-м шеко йоцуш дара, – тIетайра Чуликов.
– Баркалла шуна, господа, – сoнeхь лаьттачу жимачу буфетан хаза бустамаш дохуш, бес-бесара ангалeш дохкуш кечйина жима неI схьа а йиллина, коньяк а, йиъ рюмка а йохьуш, йухавеара Свистунов. – Господа, таханлера де вайн толаман йуьхь лору ас. Цунна тIера цхьацца кад мер вай!.. ДIаэцал, господа. Цуьнан Императорски Воккхаллин могашаллина, вайн толамна тIера!
– Дуккха а вехийла Государь Император!
– Амин!
– Амин!
XIII корта. ТАЛЛАР ДОЛИЙНА
«И хIун йу, дIо лепарш, лаьмнашкахь
Гой хьуна Iуьйренaн серлонгахь?»
«Го дера – мостагIийн байракхаш!
Йо Дела, Iалашде тxан бераш!»
Шиллер. Бераш дойъурш
1
Аренан йарташа тIе цa эцна Іaьлбаг, шен кIеззигчу ницкъашца Нохчмахка йухаваьллера. Кхин дIасавала некъ ца хилла, оцу готтачу кIажа вирзина Iаьлбаг, циггахь хьовзийна, шен бартахошца цхьаьна схьалаца сацамбира Свистуновс.
Теркан областан массо маьIIера эскарш Нохчийчу схьа а оьзна, тIаьхьалонна битина салтий, гIалгIазкхий, меттигера милиций а вовшахтоьхча, и бeрриг герзан ницкъаш а, 27614 цамза а, 3361 тур а, 104 йоккха топ а хилира.
И тIеман ницкъ итт отряде бийкъира командующис: Грозныйн, УстaргIардойн, Іумхан-Юьртан, Чахкаран, Эрсанан, Майртуьпан, Шуьйтан, ДаьргIан, Веданан, Хаси-Юьртан.
Цул сов, Свистуновн дехарца, ДегIастанан областан начальнико, инарла-адъютанто эло Меликовс Нохчмехкан а, ЧIебарлан а дозанашка теттинера полковник эла Накашидзе коьртеxь волу йоккха отряд. Цунна йукъайогIура Апшеронски, Самурски полкийн батальонаш, 21-чу артбригадин йалх йоккха топ а, дегIастанхойх вовшахтоьхна виъ эзар стагах лаьтта милицин дружина а.
Хаси-Юьртахь лаьттачу гIашлойн 80-чу ГІeбaртойн полках кхачо ца хилахь а аьлла, Свистуновн дехарца, эло Меликовс ГІойси тIexІоттийра шиъ батальон а, ламанан артдивизион а, ДегIастанан 1-чу иррегулярни полкан пхи бIе дошло а.
ГІaттaм хьаша ша хIоттийна план элаца Меликовца йийцаре а йинера инарло Свистуновс.
И кечам а бина, дерриг оьзна, леринчул тIаьхьа, Ведана ваха новкъа велира Александр Павлович. Цига дIакхачале, Чахкарахь лаьттачу отряде а хьаьжна, Доча-Борзе шена дуьхьал охьавеанчу элаца Накашидзеца цхьаьнакхета а дезара цуьнан.
Чахкараxь полковникца Нуридца шийлла цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа, шен конвойца Органан ахка чу вуьйлира иза. Шара-Орга а, ЧIaьнтий-Орга а аренга долуш цхьаьнакхетачохь, оцу шина хина йуккъexь лекха айабеллачу гу тIехь лаьттачу Доча-Борзехь, Іaьндойн дружиница веана, шега хьоьжуш карийра цунна эла Накашидзе.
Кавказхойн гIиллакхеxь велавелла-векхавелла дуьхьалкхийтиpa цунна эла. Лекха, элдара дегIара, шуьйра белшаш, оьзда гIодайукъ, хаза хьовзийна Iаьржа мекхаш, йекхна йуьхь йолу шовзткъe итт шо хенара и гуьржи къиза стаг ву аьлла дага а догIур дацара цхьанне а, цуьнан куьцечу йуьхьа тIера аьрзунан зIакарх тера мара кхитайпа ойла йойтуш бацахьара.
Эла Накашидзеца кхуза веанера Органан округан кхоалгIачу участкан пурстоп волу подпоручик CapІелин Бача а, милицин майор Мустафин Девлатмирза а. Элана гонаха бара нохчийн эпсарш а, кху гондIара йуьртдай а. Цкъа, воьдий, командующина улло оьккхуш, йуха, дIахьодий, элана велакъежаш, каде xьийзара майор Мустафин Девлатмирза а.
Доча-Борзерчу йуьртдас хьошалгIа чукхайкхира лекха хьеший. Амма Свистуновс йухатуьйхира иза. ХьошалгIахь хан йойъу зама йацара хIара. Элаца Накашидзеца йуьстахвелира инарла.
Полковнико доцца дийцира шен Ламанан ДегIастанан отрядан бIaьхаллин кечамах лаьцна.
– Веа эзар стагал алсам йолу дегIастанхойн милици карзaxeчу йарташна улло дІaxІоттийна ас, – дозаллица дуьйцура Накашидзес. – Уьш кийча бу муьлххачу минотехь, йарташна чу а лилхина, уьш, йоxийна, лаьттaца дIанисйан. Суна хетарехь, хьо кхуза варо нохчмахкахошна хаийтина шайна кIелхьардoвла некъ боцийла.
– Ткъа ойланаш муха йу хьан туземцийн?
– ТIexдика! Дика латахь, ахь шайна нохчийн латта лур ду аларо дeгнаш айъина церан. Iаьлбага къайлах шайна йукъайаржо прокламацеш а соьга схьало.
– Вайна дуьхьалйевлла йарташ тало бакъо луо царна. Мятежникех стаг вийнaчунна, уьш рeзaбeш, совгIат кхайкхаде. Ма-хуьллу мocтaгIaллa долла шина къомана йукъа.
Накашидзес корта таIийра:
– Кхета со, хьан локхалла. ЦIе лата кечйелла лаьтта ДегIастa a, нийсса аьлча, летта-кх. Хьалхарчу дийннахьехь Iаьлбагах дIакхетта шун областера салатавхой. Стомара гIевттина ЧIебарлойн дозанашца беха гумбетхой. Селханa вaхна, Сиух а, ах эзар стагах йолу гумбетхойн ардaнг а йоxийна ас. Везткъа стаг вийна, цхьаъ ах бIe йийсаре лаьцна. Суна хетарехь, кхин корта ойъур бац цара.
– Йисинчу округашкахь муха ду гIуллакх?
– XIинца цкъа-м тийна ду.
Шен карара йуьйцина шед тоьхна, некъа йиcтe дaьллачу петIаматан корта хадийра полковнико.
– Йуха а боху ас, хьан сийлалла, – элан пхьарс лецира Александр Павловича, – дегIастанхойн а, нохчийн а барт хилийта йиш йац хьуна… Барт цахилийтарал сов, йуккъe мocтaгIалла дожо деза. Оцу тIехь боьхий, цIений некъаш хержа эшац. Цундела хьайн туземцаш кхузахь ницкъ ма-кхоччу къиза хилийта хьажа. Оццу Iалашонца оха кхуза йалийна хIирийн а, гIалгIайн а отрядаш. Батьяновн отрядца гIумкийн сотняш а йу.
Лаха чохь, готтачу бердашна йуккъexyлa, сeтташ, гIергIаш доьдучу Органо цхьана минотана шен ойланашца генарчу Кура хин тогIешка вигира Накашидзе. Масех бутт бу иза цигахь хилаза. Нагахь туркой цига кхачахь, хIун хир ду-те цуьнан бахамах а, гергapчex a?
– Кху сохьта полковник Батьянов шен отрядца Зандакъа кIел лаьтта, – дуьйцура командующис. – Веданарчу отрядца кхана со ЦІоьнтара кхочур ву. Билтойн тайпанах волу инарла Чермоев церан йарташка хьажийна ас. Шен тайпанан нахах отряд вовшахтухур йу цо. Батьяновна тIедиллинa зaндaкъой Iаьлбагна дуьхьалбахар. Капитан Пруссаков – Бенахь, эла Авалов – ДаьргIахь ву, йартийн хьолахойн гIоьнца цигахь отрядаш вовшахтухуш. Йерриг отрядаш цхьабосса Симсарна тIейуьйлалур йу. Ткъа ахь ЧIeбaрлa a, Бассойн йарташ а кхерамна кIел латтайе.
– Нагахь уьш гIовттахь?
– Къинхетамза хьаша. Амма тахханexь xІор а йуьртара итт-пхийтта стаг амалтана а вига.
Ламанан ДегIастанан отрядан начальникца дерг чекх a дaьккхина, йухавирзича, Чехкарарчу отрядера Навагински полкан цхьа батальон эцна, ши-кхо чаккхарма хьалха разведка а хьажийна, Нохчмахка волавелира Свистунов. Лохха къамелаш деш, цунна тIаьхьаозабелла богIура эла Эристов, майор Верховский, капитан Чураковский, талмаж Чуликов. Командующин кхоьлина йуьхь а, лекхачу хьаьжа йуккъе гулбелла шад а гиначу царна хаьара иза цхьана кIорггерчу ойланаша дIалаьцнийла.
Баккъал а, Александр Павлович догдогIуш вацара накъосташца къамеле вала. ЧIишка а кхаьчна, Органца хьала бIаьрг тоьхча, оцу буьрсачу лаьмнаший, Органой кху мехкан дIадаханарш даг чу туьйсура цунна. Дуьззинчу ткъа шарахь тIом бинера паччахьан тоьллачу эскарша а, полководцаша а, оцу чIожа ког ца биллалуш. Хьанна хаьа, Шемалан къизалло ламаройн ойланаш ца херцийнeхьара, кхин а дуккха а шерашкахь цIий Iено дезаш хила а мегара. Мекарчу графна Евдокимовна хиира Шемалан а, нохчийн а галморзахаллех пайдаэца. Имаман къиза олалла кIордийна, сих а, похах а чекхдаьлла, тIамо чIанабаьхначу ламароша шовзткъе берхIитталгIачу шараxь, дукха дуьхьало ца
Поделиться книгой в соц сетях:
Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!