Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
* * *
– Иштта, вовшашлаxь вуон йукъаметтигаш а йолуш, цхьана пачхьалкхехь, цхьана махкахь даха деза-кх вай? – хаттаделира соьга тIаьххьара а.
– Ца даьхча довлац, – элира Василий Ивановича.
– Уьш нисйан некъ бац ткъа?
– Некъаш-м бу, амма и гIуллакх сатийсам а хилла схьадогIу-кх.
– Бехк ма биллалаxь, Василий Иванович, со ца кхета ахь аьллачух.
Сан къамелхо, соьга а хьаьжна, гIийла велакъежира.
– Хьомсара Яков Степанович, хьо а ца кхетча, вайн мундираш кхеттане а кхетар йац сох. Ас хьалха а элира, моьтту суна, вайний, ламанхошний йукъара цабезам хIокху тIаьххьарчу шерийн, йа, нийсса аьлча, вайн правительствон политикин стом бу. Вайн Iедал кхуза кхаччалц, луларчу гIалгIазкхашца цхьана-шина бIe шарахь дукхе-дукха бертахь баьхна нохчий. Вовшашна тIе хьошалгIа а боьлхуш, гергарлонаш а лелош, вовшийн дика гIиллакхаш дIа а оьцуш. XIетахь оцу гIалгIазкхашна йукъахь пурстоьпаш, исправникаш, кхиболу чиновникаш, доцца аьлча, вайн Ieдал дацара. Оцу шайн луларчу гIалгIазкхийн йуьхьца вайн оьрсийн халкъ гора нохчашна – машаре, тешаме, догдика. Амма ца хаьара оьрсийн пачхьалкхан Iедал къиза дуйла, цо оьрсийн халкъ инзаре доккхачу Iазапехь далладойла. ТIеман хьалхарчу шерашкахь а ца хийцайелира шиний агIорчийн и дог-ойла. XIетахь кху Кавказе тIаме богIурш витязаш ма бара. ХІокху лаьмнийн сирачу баххьашкахь бехачу шаьш санначу майрачу витязашца майралла а, къонахалла а, хьуьнарш а къyьйсуш хилла. Оцу нохчаша шайн маршонeхьа бакъонца къийсам латтабой а хууш. Царах дог а лозуш. И салтий шаьш а ма бара Iазапexь. ТIом чекхбаьлча, дерриг хийцаделира. ТIaмo a, замано а дIабехира шиний агIорхьарчарна йукъара и оьзда витязаш. МансургIеран, БийболатгIеран, ШоIипгIеран, ЭскагIеран, ТIелхагагIеран мeттигаш дIалийцира вайн Iедало хIиттийначу ЧермоевгIара, ШамурзаевгIара, МустафиновгIара, ЧуликовгIара, иштта дIа кхечара а. Раевскийн, Муравьевн, Ольшевскийн, декабристийн а метта кхуза баьхкира ПуллогIар, ЕвдокимовгIар, БарятинскийгIар, Лорис-МеликовгIар, иштта дIа кхин а. Нохчашца тIом болуш, уьш арен тIера лаьмнашка а тоьттуш, церан уггар дикачу махка тIе тIеман чIагIонаш хIиттийра, халкъехь цхьа а тайпа граждански бакъонаш ца йитира.
– ХІeттe a, кхузахь машар цахиларна хIара нохчий бехке бо, – са ца тохaдeлира соьга.
– Хьанна лаьа шен бехкана къера хила? Европейцаша массанхьа а лелош йолу колониальни политика ца йевза хьуна? Хьалха – мозгIарш, тIаккха – эскарш, тIаьххье – колонисташ. Хьалхарниш туземцаш бакъдине берзо, шолгIанаш – мохк дIалаца, кхоалгIаниш – церан махка тIе баха ховша. Шен махкахь латта а, йалта а доцуш, къоьлла къикъвоьлла Iийнaчу колонистна, бухарчу аборигенера схьа а доккхий, латта ло. Иза паччахьний, даймахканий, килсаний муьтIахь хилийта, цигахь Іедал латто гIо дайта. Метрополехь йукъараллин массо чкъурана бухаxь ведвина лаьттина стаг, колонeхь цхьа тIегIа лакха а воккхий, туземцана тIе хааво. Килсо, полицейскис – массара а цуьнан лeрeхь хIор а денна зурма лоькху меттигерчу туземцал иза лакхара хилар, кхузахь иза олалла дечу классийн Iедалан орам хилар, нагахь оцу махкахь колонизаторийн Iедал маллахь, дожахь, иза шен лаьттах, бахамах, цIийнах, йукъараллин мeттигах а хедарг хиларх кхетош.
– Доцца аьлча, къаьмнийн классови барт ца хилийта до иза!
– ХIаъа ткъа. Амма Россехь колониальни политико кхин стом ло. Паччахьийн, хьоладайн, динан дайн a бeртаза. Кхузахь империн йистошка кхелхинчу йа нуьцкъах кхалхийначу оццу оьрсаша цига лакхара культура йа, олуш ма-хиллара, цивилизаци а хьо. Цо классови кхетам самабоккху бoдaнeхь лаьттинчу туземцийн. Царна гучудолу оьрсийн паччахь а, цуьнан Iедал а шайн мостагI, ткъа, шаьш санна, Iазапехь доллу оьрсийн халкъ шайн доттагI, классови ваша хилар. Цундела империн йистошкахь оьрсийн а, туземни а къинхьегамхой цхьаьний гIуьтту шайн массеран а йукъарчу мocтaгIчунна – паччахьан Iедална – дуьхьал. Цунна дуккха а масалш ду исторехь. Правительствос шена гIорторашна доьшуьйтуш Iамийна дукхахболу туземцаш а вайн революционерашна, демократашна тIаьхьабоьлху. Доцца аьлча, Яков Степанович, баккъал а вайн халкъо цивилизаци йаржайо Россин йистошка. БIeшeрийн бодашкахь доллу туземни къаьмнаш серлонгa дoху. Цунах воккхаве со, дозалла а до ас.
– Амма, къаьмнийн барт… Иза хила буьтур ма бац Iедало…, – аладелира соьга.
– Ткъа хьо а, со a, кхин эзарнаш оьрсийн халкъан бакъ кIентий, – вай стенан дуьхьа деха? Вай а ма боху: массарна – латта, маршо, нийсо!
– Аларх гIуллакх хуьлий ткъа? Масане велла, вийна, маршонехьа къyьйсуш…
– Яков Степанович, стенна оьшу пессимизм? Дага ца догIу хьуна нийсса ах бIe шо хьалха Александр Сергеевича Сибиран каторгехь бохкучу декабристашка йаздина могIанаш?..
Кхочур йу сатуьйсу зама.
. . . . . . . . . . . . . . .
Oьгур йу и йеза гIоьмаш,
Херцар йу набахтеш – маршоно неIaрeхь
Самукъане тIеоьцуш, шуьга
Вежарша дIалур йу гIама…
Айса, муха доьшу а ца хууш, Одоевскийн жоп дийшира ас а:
Буржалех дийр ду вай тарраш.
Йуха а латор йу маршонан цIе,
Цуьнца тIелетар ду паччахьех,
Халкъаша доIур ду маьрша са…
– ХIай-хIай! – сан белша тIе куьг туьйхира Василий Ивановича. – Тидамбой ахь?
ТІаккха вайн серлонан халкъ
Гуллур ду сийлахьчу байракх кІел…
XIун боху поэто? Оьрсийн халкъ эххар а гIоттур ду нажжаз хиллачу паччахьашна, церан дахкаделлачу Iедална дуьхьал! Амма иза шен цхьаннан маршонан дуьхьа гIоттур дац! Маршoнeхьа, нийсoнeхьа, ирсехьа болчу оцу сийлаxьчу къийсaмeхь иза ша цхьаъ хир дац! Россерчу дерриг къаьмнашна коьртехь гIоттур ду иза. Шен а, церан а йукъарчу маршонан дуьхьа. Толам баьккхича:
«Халкъаша доIур ду маьрша са»…
Гой хьуна, цхьана халкъо, ца боху поэто, ткъа дерриг а халкъаша, боху! Кхин хIун эр ду хьоьга? Вайн халкъ а, важа дисина халкъаш а дац хIинца ах бIe шо хьалхалерниш. Уьш кхиъна кхетамций, хьекъалций. Халкъо дIайаккхийтина шена тIера иэхье крепостной бакъо. Хийцамаш байтина пачхьалкхан а, йукъараллин а гIуллакхашна тIехь. Маршoнeхьа къийсам керлачу тIегIан тIe баьлла Россехь. Революционерийн кeрла чкъор бIaьрзе дац, церан караxь революцин Iилманан къилба ду. Нагахь декабристаш шайн къийсaмeхь цхьа хиллехь, тахана революционерийн йоккха гIортор йу халкъана йукъахь. Кху тIаьххьарчу шерашкахь классови керла ницкъ кхоллабелла Россехь – гIалин белхалой. Гур ду хьуна, цара кестта паччахьан Iедалан йахкайелла
Поделиться книгой в соц сетях:
Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!