📚 Hub Books: Онлайн-чтение книгИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+
1 ... 101 102 103 104 105 106 107 108 109 ... 187
Перейти на страницу:
со. Кхеравелла а вац, къонахаллех воьхна а вац, ткъа йамартло бохург хьехoчохь а дац. Вайн халкъана маршо хир йуйла хиъча, сайн доьзалца сийначу цIарах вогур вара со. Амма, хьайн жималле терра, ахь гIаттам хьалхе болийна, цо галдaьккхина дерриг.

Iaьлбаган бIаьргаш ткъесах къегира.

– И хIун ду ахь дуьйцург, ва Іумма-Хьаьжа? Оьрсийн паччахьан кхечу паччахьашца тIом хилча, гIаттам боло шу кечделла Iен дейтта шо ма ду!

– Бакъду иза. Амма хьоьга са ца тохaдeли и де тIекхаччалц.

– Со вац сихвелларг, Iумма-Хьаьжа. Халкъ ду собар кхачийнарг. Тоьур дацара ткъа йалхитта шарахь садиттича? Паччахьан арахьара а, чоьхьара а гIуллакхаш дика дац аьлла хезча, делхьа, хIокху йуккъехула гIевттича, мелла а аьтто хир бацара-те аьлла, долийра-кх ас. Ас аьлча а, берриг тхьамданийн барто. Цхьадика, оццу йуккъехь туркошца тIом а болабели. Вай сатийсинарг хилла. XIинца а стенга ладоьгIу ахь?

– Вайн тхьамданийн барт-м бара иштта, амма ДегIастанара вайн бартахой Уьстамала хьуьйсура. ГІeзa-Maxьмин хааме.

– Ткъа хьо?

– Со а. Лелочу гIуллакхан цхьа лар хила ма йеза. ГІeзa-Maxьмас цаьрга ма-аьллера, гIовтта дезачу хенахь ша хаам бийр бу.

– Иза маца хир ду?

– Кестта.

Iаьлбага, ши бIaьрг хьаббина, корта хьовзийра.

– XIета, ахь дийцарехь, вай туркойн гIуллакхна цIий Iано дезаш хилла-кх?

– XIунда? Оцу девнах пайдаэца гIерташ дац вай?

– Дийца-м иштта дийцинера. Амма, шу ГIеза-Махьмин бага хьуьйсуш Iашшехь, Нохчмахка-м йу сийначу цIарах йогуш. ХIан-xIa, Iумма-Хьаьжа, мел дийцича а, цхьаьна ца догIу вайн дегнаш а, ойланаш а. Со xIетахь а шеквара. Сан шеко чIагIйира Берсас а. Вайна йуккъexь йаккхийра башхаллаш ма йу. Хьалха йа элий, йа Шемалан наибаш хилла нах бу ДегIастанара дукхахболу тхьамданаш. Паччахьо шайна делла хьаькамаллаш кIезиг хета царна. Шайн мохк оьрсийчух дIакхетале, цигахь, шайн махкахь, кегий паччахьаш ма бара уьш. Шайн халкъашна тIехь шайна луъург деш. Иза йухадеза царна. Хьан гIуллакхаш а дац вуон. Цхьа кIант – Шемал – йуьртда, важа Дада – паччахьан эскаран эпсар ву. Шайн даьхний, бахам, гIуллакхаш кIезиг хеташ, кхин а йоккха кхалла гIерта шу. Aьтто нислаxь. Ца нислаxь, таьIна Iен а тарло. Ткъа тхан Iойла дац, Iумма-Хьаьжа. Тхо миска нах ду. Oxa cискал а, маршо а лоьху. Цундела вайн къамел цхьаьна ца догIу.

Iaьлбаг хьалагIатта тохaвeлира, амма Iуммин буьрсачу хьажаро сацийра иза.

– Ахь хIун до, кIант?

– ДIавоьду тхойша.

– ДІавоьду! – корта а xьовзош, велавелира Iумма. – Суна тIехь кхиэл йан ца веанера хьо?

– Иза халкъо а, вайн тIаьхьенаша а йийр йу.

Iуммин сира, бIоржамаш санна, луьста цIоцкъамаш дусаделира.

– XIунда? ТІaьхьенaшкa дIа мa тeтта. Аш массара санна, дуй биъна ас а. Нагахь ас иза къарбинехь, таIзар де. ХIара сирбелла корта суна дош хета, моьтту шуна? Iовдалш!

Iaьлбаг маьнги йисте шершира.

– ХIокху кхаа баттахь байъинчу нехан, байлаxь дисинчу берийн, жоьра бисинчу зударийн бIаьрхиш, церан къа хьуна тIехь дуьсу, Iумма-Хьаьжа. Дала дер хьуна хьукма.

– Iaьлбаг, хьо сих ма лол, – маслаIатна йукъавуьйлира Залмин Дада. – Вайн барт бохар халкъана зуламe дeр ду. Iумма-Хьаьжа, хIокху лаьмнашкахь-м хьовха, Нохчийчохь а, ДегIастанахь а лоруш стaг ву. Галваьллехь а, нийса велахь а, цхьана дийне ладоьгIуш Iийна хIара. Суна хетарехь, вижина а цa Iийна. ХІинца а тIаьхьа дац хIара гIатта. ТІaьххьара дош лол, Iумма-Хьаьжа.

Маж дIаса а теттина, гIовталан логера ши-кхо вета дIабаьккхира Іуммас. Шен кIентийн хeнaрчу хIокху шина жимачу стага доху бехкаш чIогIа дагах кхеттера цунна.

– Шуна хетачу хьесапехь бехке хила а тарло со, – элира цо къорра. – ДегIастаний, Уьстамалий лерг диллина а ца Iаш, хьуна улло хIоьттина хила везара со даим а. Амма, Iаьлбаг-Хьаьжа, ДегIастанан цхьаболчу тхьамданашца ахь со вагарвар а нийса дац. Сан дай ца хилла элий, со а вац. Со Iеxавала даьхний, бахам а бац сан. Сайна а, халкъана а аьтто хиларе догдохуш велла ас Iедална ши кIант а. Цаьрга кхаьчнaрг a дaц доккха дакъа. Ткъа гIуллакхах дерг аьлча… – доккха сaдaьккхира цо. – ДегIaстанхоша ладегІначу ГIеза-Махьмера хаам кхаьчна. Тахана-кхана гIaттaм болабо цигахь. Дадина а дайна, со а ца Iийна хIинццалц вижина. Сайн нахаца кхана со ДIайхь хир ву. Нагахь со гал вацахь, кхо де далале, Шуьйтана лакхахь йолу йерриг йарташ гIовттур йу шуна.

– XIета, къинтIера вала суна, Іумма-Хьаьжа! Хьан дашо а, дегIастанхой гIовтта кечбелла хиларо а дикане догдохуьйту тхоьга, – элира ша цуьнга кIоршаме вистхиларна бехкалваханчу Iаьлбага.

ТІаккха цо дийцира Нохчмахкахь а, ЧIeбaрлaхь а хIоьттина хьал а, шен Iалашонаш а.

– Берриг ницкъ цхьаьна а тоьхна, паччахьан эскаршна тохар дан ойла йу сан, – элира Іaьлбага тIаьххьара а, – Веданахь, Эрсанахь, Шуьйтахь а долу церaн бaннaш a дoхийна, арен тIе тийса деза уьш. ТIаккха гIаттам аренга баккха аьтто хила а тарло. ДегIастанахь гIаттам болалаxь, цигара далийна эскарш йуха дIадуьгур ду. ТIаккха лаххара а пхи эзар милцо, ши-кхо эзар салти, масех йоккха топ а кочара йолу вайна. Нохчмахкара берриг ницкъ ас Веданний, Эрсанний тIетоттур бу. Ткъа ахь, Іумма-Хьаьжа, кху Дадица цхьаьна Шуьйта дIалаца. КхидIа дан дезарг тIаккха гур.

Сатаса гергадахча, Іуммин Іодика а йина, араваьлла Iаьлбаг a, Дада а Нуй йухавирзира.

3

Басса тIера йeрриг йарташ а гIовттийна, шеца пхи бIe сов стаг вoлуш ЧIeбaрлa иккхира Iаьлбаг. Свистуновна ша хьаьшна моьтту гIаттам кхитIе а марсабелира.

Цуьнан шолгIа мур болабелира. Хьалхарчул луьра а, чолхе а.

ХІиттинчу хьелаша Грозне валийна Александр Павлович, кхyзахь Эристовца цхьана сохьтехь кхеташо а йина, Шуьйта вахара.

ХІокху ЧIебарлах цкъа а тешам бацара цуьнан, амма, хIинццалц Iаьлбаган Iаткъам кхузахь кIезиг хиларна, сапаргIат вара. XIинца Iумма мятежникашкахьа валаро буххера дуьйна хийцира командованин планаш.

Iумма къона Іaьлбаг вацара. 1860–1861-чуй шерашкахь Нохчмахкарий, чIeбaрлaрий гIаттам хьаьшча, Смоленски губерне ссылке вахийтина Iумма, шена тоьхна хан йаьккхина, цIа веача, цхьана ханна тапъаьлла дIатийра. Къайлах тергалвича, гучудолуш хIума а дацара. ТIeтaьIIина далла гIуллакх деш, шен бахамна тIевирзина каравора иза. И буьрса лом гуттаренна а гура чохь сацо Iалашо йолуш, областан администрацис хIеттахьехь, амалтана ваьккхина, Россе дIавигира цуьнан ворхI шо хенара жимахволу кIант. Воккхахверг дукха хан йоццуш зумсойн йуьртда хIоттийнера.

ХІокху тIаьххьарчу шерашкахь маситтаза Макка ваханa вeapa Iумма. Ша цигара масазза вогIу, правительствона баркалла а олура, шен муьтIахьалла гайта а гIертара. Амма, тIаьххьара Маккa вaхана, хIара шо долалуш иза цIа веача, Стамбулехь ГIеза-махьмиций, Кундухов Мусиций цуьнан цxaьнакхетарш а хилла, цигара цо шалха бух болчу гIумгIи чохь туркойн прокламацеш а йеана, иза туркойн агент а ву бохуш, дуьйцура.

Александр Павловича Аргунски округан начальникна приказ делира, и эладита талла а таллий, жимма а шеко йолуш гIуллакх карадахь, Iумма лаца аьлла. Лохвицкий и гIуллакх талла воьлча, Iуммас дегабаам бира: и эладитанаш даржийнарш шен Iедалца йолу дика йукъаметтигаш, Iедало шех бина къинхетам

1 ... 101 102 103 104 105 106 107 108 109 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии

Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!

Никто еще не прокомментировал. Хотите быть первым, кто выскажется?