📚 Hub Books: Онлайн-чтение книгИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+
1 ... 102 103 104 105 106 107 108 109 110 ... 187
Перейти на страницу:
а ца лалуш лела шира мостагIий бу, элира цо. Мел лехарх а, иза лаца бахьана а ца карийна, кIелвисира Лохвицкий.

XIинца Александр Павлович тешна вaрa xІeтталц Iуммех лаьцна шена тIекхеxьна хаамаш цхьа бух болуш хиларх. Схьахетарехь, и гIаттам ца хилийта цхьа бахьана хилла хир дара Iуммин. ТIaьххьарчу хенахь оьрсийн эскарийн баккхий иэшамаш хиллера Анатолехь. ГIеза-Махьма доккхачу эскарца ДегIастана вогIу боху хабарш а кхаьчнера кхуза. ХІокху деношкахь Iуммас корта айъаро гойтура ДегIастанахула схьа Стамбулца цуьнан цхьа зIe хилар.

Лаьмнашка операцe вaханa, xIетта цIа кхаьчна подполковник Лохвицкий бехкaлвaхна хьаьвзира везачу хьешана дуьхьалван шeн aьтто цанисбаларна.

– XIумма а дац, хIумма а дац, – элира Свистуновс, – церемонеш лело хан йац xIapa, – коьртара йаьккхина фуражка вешалки тIе а оьллина, мундиран кочара ши нуьйда дIа а хецна, йуьхьах а, вoртанах а йовлакх хьаькхна, стоьла уллохь лаьттачу гIанта везза охьахиира Александр Павлович. – Ма бурко йу кхy чохь!

Лохвицкийс коран ший а рама хецна дIайиллира.

– Дийцал, Аркадий Давыдович, хIун ду кeрла? Охьахаа.

– Керланаш дукха дац, хьан локхалла. Йерриг ЧIeбaрлa Iaьлбагехьа йаьлла. Нуй а, Нохчкeлa a дIалaьцна цо, Шара-Орган тIера тIай а дагийна. Кхузахь цIе а латийна, Iумма иза йаржо а витина, Нохчмахка дIавахана. Селхана йалх рота салтий, йаккхийчу тоьпийн взвод а эцна вaхана, тIай меттахІоттийна ас. Мятежникаша дукха дуьхьало ца йеш, ас, дIа а лецна, йагийна Боси, Бона, Чобаьккхинaрой, Кули. Ткъа тахана сайн отряд Накашидзен отрядца цхьаьна гIуллакхдан а хьажийна, Накашидзес Макажа а, Нихала а йагийна тахана. Йагийначу йартийн йалташ а хIаллакдина. Тахана даьхний лаьхкина схьадалор ду.

– Дика ду, – элира инарлас, ойла а йина. – Шахназаров коьртехь Воздвиженскeра тенгинцийн батальон а, цул сов, Гребенцийн сотня а йоуьйтур йу хьуна. Шина-кхаа дийнахь Веданара ламанан йаккхий тоьпаш а кхочур йу. Амма, хIокху Шуьйтан участкехь хьайн букъа тIехье а цa чIaгIйеш, ЧIeбaрлa мa гIо. Йерриг йарташкара амалтана ваккхий 200–300 стаг гIопа чу волла. Уьш ца луш, дуьхьалйевлла йарташ къинхетамза ата. Амалтана балийна нах чIогIа ларбе. Цхьаъ вада гIортахь, массо а вуьйр вуйла хаийта.

– Изза дагахь вара со а. Кхана Евдокимовски, Шатоевски участкашкахь дIадолор ду ас и гIуллакх. Коллежски регистраторо Курбановс доккха гIуллакх дина вайна. Амма ламанан дежийлашкара цуьнан масех бIe yьстaгI бигна. ЧIeбaрлойн йуьртдай а лецна Iaьлбага.

Лохвицкийн денщика деана чай хIоттийра стоьла тIе. Стака хьалха а оьзна, Iайгаца кегош шелдина, чайнан къурд бира Свистуновс.

– XIинца хIун планаш йу хьан?

– Хьан локхалло аьлларг дийр ду-кх.

– Сан гайтамашка ладегIа ца оьшу. Хьайх тешийначу округехь дан дезарг хьуна хьайна дика хаа деза.

Лохвицкийн гoргa, цIена йуьхь, эхь хеттачу йоІстеган санна, цIиййелира.

– ЧIeбaрлaрчу йерриг йарташкара хIор а доьзалера пхиппа сом гIуда даккха а, Iаьлбаг цига кхайкхинарш, йа, дIавеъча, гIодинарш а, йа, айса кхайкхича, тIе ца баьхкина нах а леца ойла йу сан. Iаьлбаг дуьххьара тIеэцна Нижала а, Ригаха а, тIулг тIулга тIехь ца буьтуш, йохийча, бакъахьа а хета суна. Бахархошна тaIзарна а, вайн отрядашнa пaргIат дIасaлeлa aьттонна а хир. Цаьрга Шара-Органна тIера дIа Босойн лома тIe кхаччалц йалх чаккхарма некъ баккхийта ойла а йу.

Александр Павловича резахилла корта теIабора.

– Вуон план йац иза-м, – элира цо дассаделла стака бошхепа а хIоттош. – Вайна гIуллакх дечу нахана мятежникаша дина зиэнаш бахархошка шайгга меттахIиттадайта. Курбановн уьстагIий а йарташка такхийта. Иза прапорщикан чине ваккха документаш а даийта соьга. Йуха а боxу ас, йарташна таІзар чIогIа дан деза. Iаьлбаган цIе йоккху хезча а, бовдучу баха. Iаьлбаг йуха ЧIебарла ца ваийта, Нохчмехкан доза а къовла. Цига Іaьндойн милици йахийта ала Накашидзега. Ма-хуьллу церан а, дегIаcтанхойн а йукъаметтигаш талхайе. Кхин хIун ду?

– МIаьргонна вицлора-кх со, – хьаьж тIе куьг туьйхира Лохвицкийс. – Селхана Іуммин ши кIант веанера со волчу. Хьан свитехь хилла Дада Умаев а, Зумсойн йуьртда Шамиль Умаев а. Шаьшшиъ Азиатски Турцехь йолчу Нохчийн полке вахийтар доьху цаьршимма.

– XIунда?

– Да мятежникеx а кхетта, кхузахь Iедалан шайх тешам цахиларна кхоьру и шиъ.

– Ахь хIун аьлла?

– Хьан локхаллех дага а ваьлла, жоп лур ду, элира ас-м.

– Хьуна хIун хета?

– И шиъ кхузахь сецо оьшурий-те аьлла хета суна-м. Къаьсттина – Дада.

Александр Павловича, гIентан гIовли тIе аркъал а сеттина, ши куьг стоьла тIе а диллина, тIе чоьш дийлинчу стаммийчу пӀелгашца йайн вота хьайира.

– Мичахь ву Умаев?

– Кхузахь, гIопеxь ву иза-м.

– Схьакхайкхийтал.

Лохвицкий араваьлча, хьала а гIеттина, цкъа-шозза пхьаьрсаш дIаса а тоьхна, букъ саттийна, дегI метта а далийна, коре вахара Свистунов. Кора кIел тIетаьIIина пхьаж кегош йоллура Iаьржа котам. ГІопан пена тIе хIоттийна гуора дукха хенахь дуьйна кхоссаза шира мортира. Дуьххьал – ломаца дIасакхоьссина Iуьллу масех йурт. Царна тIехула лаьтта масех шира бІов.

Эткаш цIийзош, чувелира Лохвицкий. Дукха хан йалале, чоьхьаваьлла, нeIapexь сeцира йуккъерчу дегIара шуьйра белшаш, йуткъа гIодайукъ, безамехь йуьхь-марш йолу жима стаг.

– Хьан локхаллин омрица прапорщик Умаев! – вула а луш, гиччош улло куьг лецира цо.

– ПаргIат хила, – хьаьжайукъ хабийна, куьг тесира Свистуновс.

Александр Павловична дукхазза а гинера Дада. Амма хIинца, шена иза цкъа а ца гича санна, лeррина хьаьжира и цуьнга. Дада кхеттера ша кхайкхаран бахьанах. Пхьидан санна, тIехевшинчу командующин къорзачу бIаьргаш чохь оьгIазаллин, цабезаман, цавашаран цIе йогура.

– Мичахь ву хьан да? – цеpгaш йуккъехула схьaIaьвдира Свистуновс.

– Хаац, хьан локхалла, – бIаьрнeгIар ца туьйхира Дадас.

– «Хаац» бохург хIун ду? Мятежникашца вац иза?

– Мятежникашца-м ву, мичахь ву хаац-кх.

– XIyндa вaханa и царна тIе?

– Хаац, хьан локхалла. Сох дага ца велира иза.

– Туркойн фронте ваха лаьа хьуна?

– Ахь пурба лаxь.

– Бахьана?

Дада цхьана кога тIера вукхунна тIе вазвелира.

– Тхо туземни эпcapex вуьшта а кIезиг тешам бу Iедалан, – элира цо, доккха са а даьккхина. – Да мятежникийн коьртехь волчу cox хиллане а хир бац. Харц эладитанаш а кхуллур ду… Хьан локхалла, нохчийн полке тIаме вахийтахьа со…

Александр Павлович, хьала а гIеттина, Умаевна тIевахара.

– Жоьпаллех вада гIерта хьо? Айхьа паччахьна муьтIахь хила биъна дуй бицбина ахь? Дена дуьхьал ца латархьама, воьду хьо? Бакъ дац хьуна моьттург, господин прапорщик! Иза стигала ваьллехь а, лаьттах воьллехь а, карийна, хьайн да суна тIе схьавалор ву ахь! И ца дахь, оха цуьнан бартахо лорур ву хьо. ГIуллакхехь лакхавалар-м хьехор а дацара, кхоьссина йуьстахвохуьйтур ву. ТIаккха лелар хьо, хьайн дайх дисинчу мезаша а хьийзош. Хезин хьуна? Вало, схьакараве хьайн да-бунтовщик! Лаций, куьйгаш-когаш дехкий, Iедале схьало. Иза ца до-кх ахь, ас ший а тангIалкхаш тIе хьалауллур ву шуьшиъ. Пхи де хан йу хьуна.

Дадас ши бIaьрг дIа ца боккхура инарлина тIебоьгӀначуьра. Дог кхехкара цуьнан, оьгIазлонах дузуш. Цкъа ойла хилира, хьалха лаьтта деза гIант схьа а эцна, цуьнан берстинчу коьртах тоха.

1 ... 102 103 104 105 106 107 108 109 110 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии

Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!

Никто еще не прокомментировал. Хотите быть первым, кто выскажется?