📚 Hub Books: Онлайн-чтение книгИсторическая прозаДарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+
1 ... 126 127 128 129 130 131 132 133 134 ... 167
Перейти на страницу:
уьйриг хилла ойланаш хьийзара. ТIаьххьара ваша вийна цуьнан. Пхийтта шо долу жима ваша. Маьлхастахь, шеца дIаваийта аьлла, Бийсолтас дехар дича, дог кIаддела, дIавигира цо иза. Шена уллохь хилча, цунна кхерамаза хир ду моьттуш. ХIетахь цо БецигIаьрца витина хиллехьара иза. Цаьрца Сибрехь дийна хир вара. Мацца веана а, цIа вогIур вара. ХIинца иза шен бехкенна велча санна, хетара Зеламхина. Иза воцург а. Ден да, да, ваша, ден вежарий, шичой. Беци а, Зезаг а берашца цхьаьна Сибрех бахийтарна а…

ХIинца дошлойн йаххьаш къаьстара цунна. Шуьйрий, йехий, горгий. Iаьржа, хьаьрса мажош а, мекхаш а. Хьере цIийделла бIаьргаш а…

Ткъа кхузахь иза велча, хIун нислур ду? Бийсолта денлур ма вац. Цул хьалха байъинарш а денлур бац. Сибрехара цуьнан доьзал цIа а богIур бац. Иза дийна виса ма веза. Церан массеран а чIир йекха. ХIаъа, белларш денлур бац. Амма кхузахь иза велча, Бецех а, Зезагах а, берех а хIун хир ду?

Шен топ мара а къевлина, керчаш вахана, бердах чутилира иза. Берд тархаш йолуш хиларо аьтто бора, цхьанна тIера кхоссалуш, кхозалуш, шершаш, охьаваха. Лакха тIехь детта герзаш севцча, шех хилларг хIун ду ца хууш, сагатделла карийра цунна накъостий. ХIара гучуваьлча, хазахетта, маьхьарий девлира церан. ТIаккха лакха тIера чухьаьвсинчарна шаьш ца гайта, бердашна тIе а теIаш, оцу меттигана генабевлира уьш.

Дошлой, говраш тIера чу а биссина, бердах чу охьахьуьйсура. Амма Зеламха а, цуьнан накъостий а гуш бацара. Уьш лецалург хиларх дог а диллина, цхьаболчара церан говраш схьалийцира, кхечара герзаш схьалахьийра. Долидзен командера схьайаьккхина вуьрхIитта топ кхузахь йитинера обаргаша, шайнаш шайца дIайаьхьнера. Масех чов хилла, йелла Iуьллура Нохчийчохь гIapaйаьлла Зеламхин хьаргIа басахь Iаьржа говр. Цунна тIера схьаэцна таьлсаш Донагуловга дIаделира цхьана суьйличо. Уьш схьадаьстича, чохь чухуладуху цIена коч-хеча, пазаташ, мерах хьокху йовлакх, турмал, электрически фонарик, жима лом, цо йаздечу кехаташна тIетуху мухIар, Шемалан а, Хьаьжа-Мурдан а суьрташ карийра Донагуловна…

***

ТЕРКАН ОБЛАСТАН НАЧАЛЬНИКЕ,

TеPКAН ГIалагIазкхИЙН ЭСКАРАН

НАКАЗНОЙ АТАМАНЕ

1911 шо, 4 март

№ 3520

Соьлжа-ГIала

Хьан локхалле хоуьйту, Зеламхин гIepaнo массо хенахь йинчу йерриг талорийн жигара дакъалацархо хилла Тамаев Аюб, шен накъост обарг Хасуев Абубакар Йоккхачу АтагIахь дIадаханчу шеран 1-чу декабрехь вийначул тIаьхьа, лечкъина, къайлаваьллера. Бусалбанийн гIурбанан денош даздеш, Аюб шен цIахь АтагIахь хир ву аьлла, агентуро бинчу хаамца вийна иза.

Цундела хьан локхалле дехар до Йоккхачу АтагIан бахархошна цхьа а тайпа административно таIзар цадар, хIунда аьлча обаргаш Хасуев Абубакар, Тамаев Аюб къайлабевлла меттигаш оцу йуьртарчу цхьаболчу наха Iедале къайлах йийцина, оцу нехан къайлахчу гIоьнца вийна и ши обарг. Суна хетарехь, таIзар ца деш битарал совнаха, цигарчу бахархошна вай диканиг дича, масала, шен йуьртан махка тIехь ира герз, шира тоьпаш лело царна бакъо йелча, обаргаш схьалеца йа хIаллакбан вайна аьтто бан масал хир дара цунах кхечу йарташна…

Соьлжа-ГIалин округан начальник,

полковник Стрижев

XXII корта. ТIам бойна леча

Ламанан дарта йу

ХьегIарехь тийна,

Когаш тIех лаьтташ йу,

ТIемаш гIортийна,

Лаьтта дeгI дожадар

Деза ца луш.

Мархаш кIел хьийзаш, цо

Зама текхнера,

Турпалчу тIемашца

Хедадеш xIуo…

М-С. Гадаев

1

Чермой ломахь Бийсолта вийначул тIаьхьа, цхьана aгIop, дог кIадделлера Зеламхин. Шен ден да, да, вежарий, шичой дийна болуш, дог кура дара цуьнан. ХIетахь иза цхьана а халонех, бохамех, Iожаллех ца кхоьрура. XIетахь ша стигалахь мархашлахь хьийзаш, оцу лакхенгара охьа лекхачу лаьмнийн баххьашна тIе а хуий, гондIа сирла бIаьрг беттачу майрачу лечанах тера хетара цунна. ХIинца вац уьш цхьа а. ХIинца ша ший тIам бойначу, лен чов хиллачу, ламанан чIожа охьадоьжначу лечанах тера хетара цунна. Мацах ша тIехула кура хьийзинчу мархашка а, лаьмнийн баххьашка а гIийла бIаьрг бетташ, гIорасиз, заьIап, кIелдисинчу лечанах. Дог-м ду, хьалха санна, майра, къармазе, карзахе. Амма, хьалха санна, чIогIа дац. КIадделла. ГIелделла. Даим дIа бала бу кийрахь дог Iуьйдуш, дог делхош.

Вукху aгIop, кийрара и бала алсам мел болу, цуьнга терра дарло цуьнан дог. Цо бекхаме кхойкху иза. Ша дуьненахь цхьалха витинчу мостагIех бекхам эца. Шен ден да, да, вежарий, ден вежарий, гергарнаш байъинчу мостагIех бекхам эца. ТIаккха чIогIа ницкъ богIу цуьнга, дог чIагIло цуьнан.

Лаьмнашкахь бохам хиллачул тIaьxьa бутт хан йаьлла. Оцу йоццачу хенахь мукъа ца Iийра Iедал. Иза карзахдаьллера, Буру-гIалара дIа Петарбухе кхаччалц. Дийнан делкъехь ГIизларера банк тало Зеламхин аьтто нисбалар ша дара. Цо хьалххе Вербицкийга хаам бинехь а, хьанна моьттура хIетахь, иза, ши бIе чаккхарма некъ а беш, герзех боьттинчу масех эзар гIалагIазкхашна йуккъехула чохь тIеман йоккха гарнизон лаьттачу ГIизлар чу гIур ву? Ткъа инженерийн комиссина Зеламхас кIело йийр йуйла кхо де хьалха хаьара. Шен гIеранца иза хIаллакван план а хIоттийнера, берриг кечам а бинера. Кхо сотни гIалагIазкхий а, лаамхойн отряд а. Операцина тIехь куьйгалла деш ишттачу балхана зеделларг долуш, говза, майра, мекара эпсар а вара. ХIетте а комиссина ха деш болу дошлой, салтий, некъийн масех инженер, белхало вийна, цхьана а разбойникана тIехь мерцхалг а ца долуш, дIавахара Зеламха. ШозлагIа Донагуловн сотнина тIенисвелча а, кIелхьарваьлла. Вийна ваша а, говраш а, трофейни герз а дитина.

Кавказан наместник Воронцов-Дашков оьгIазваханера. И гIуллакх таллар, Зеламха шен гIеранца хIаллаквар, кхузара зуламаш тIаьххьара а, гуттаренна а дIадахар областан начальникана тIедилла тIеман а, ламанан халкъийн а гIуллакхех жоьпала волу шен гIоьнча инарла Шатилов вахийтинера наместника.

Леррина кечйинчу вагонехь Соьлжа-ГIала веаначу Шатиловс ша волчу кхеташоне гулбира Михеев, ДегIастана областан начальник инарла Ермолов, полковник Моргания, округийн начальникаш, участкийн пурстопаш, лакхара эпсарш, Зеламхас заьIап винчу шен вешин чIир йекха веана шолгIа Донагулов.

Лекхачу дегIара, шуьйра белшаш, йуткъа гIодайукъ йолуш, кхузткъа шаре гIоьрттина стаг вара Шатилов. Мацах Iаьржа хилла корта а, цIоцкъамаш а сирделлера. Йуьхьан чкъор сендеш, цIена даьшнера маж-мекх. Йуьхьана болатан басахь велахь а, бIаьргаш тIех сийна дара. Лекхачу, шуьйрачу хьаьжа тIера хебарш, шад хилла, цхьанхьа гулделлера. Дуткъийчу балдашка хьаьжча, ванах, и стаг цкъа а велавеллий-те олий, хеталора.

– Господа! – вистхилира иза болатах декачу озаца. ТIаккха цо сохьтехь сов дагардира хIокху тIаьхьарчу масех шарахь областехь хилла зуламаш, меттигерчу Iедалан гIалаташ, ледарлонаш. – Иза, лераме господаш, эхь ду Россин империна, оьрсийн герзана! Массанхьа а йохург Зеламхин цIе йу. Зеламхас некъахой, гIаланашкара хьолахой, гIалагIазкхий, станцин касса, ГIизларера банк талийна, нах йийсаре бигна, байъина. Ткъа Керкетехь цо хIаллакбина Дагестански полкан дошлой, салтий, инженераш. Шуна шера хаьара, цигахь Зеламхас кIело йинийла. Дошлойн кхаа сотнина, лаамхойн отрядана йуккъера а ваьлла, вахана иза. Разбойник Зеламха ша цхьаъ вац областехь Iедална дуьхьал болх бийриг. Зеламха ша цхьаъ а, бIе Зеламха а ларор вацара цо

1 ... 126 127 128 129 130 131 132 133 134 ... 167
Перейти на страницу:

Комментарии

Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!

Никто еще не прокомментировал. Хотите быть первым, кто выскажется?