Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
– Хьо цIa xIyндa веана, кIант?
Овхьада жоп ца делира. Ваша велча, цIа ца вогIу?
– Тхойшиннах хаьдда ца ваханера хьо?
– Со вацара бехкениг.
– Мила вара ткъа?
– Хьуна ма хаьа иза.
– Хаьа, дера-кх. ДIавала суна гучуьра. Ахь вийна хьайн ваша. Оцу писашна тIаьхьа а xIоьттина. МIaьчиган Коьрий, Васалан Юсуппий волчу дIагIо. Уьш бу хьан къастийна вежарий. Хьайн вешин чIир йекха стаг хьо а вац. Нехан бехках ца кхерахьара, ас сайн куьйга садоккхур дара хьан.
– МIaьчиг, Васал, церан бераш а стенна бехке бу?
– Хьуна ца хаьа и, ва боьрша йоцу къиг?! Цаьршимма ца вийна хьан ваша.
– Вийна, салташна хьалха а ваьлла, иза а, хьо а шайн цIeнош дaгo вeача.
– Сацайе муцІар, къyтIa! – голаш тIехь хьалаайъавелла, стаммийчу балдех шеташ туьйсуш, мохь хьаькхира ХортIас. – Сан бахамна цергаш хьекхораш муьлш бара? Шайн аьтто баьлча, со вуьйр верш муьлш бара?
– Наха хьан бахам ца хьабина, хьо а ца вийна. Хьан цIенош а, бахам а дийна бу…
– Собарде аш, заддаш! – мохь хьоькхура хаза кхоччуш дарвеллачу ХортIас. – Собарде аш! Ас шуна тIехь хьукІма ца дахь, ас зудчун кортали туьллур ду коьрта! Сайн куьйга вуьйр вац ас хьо. Амма Iедале дойтур ду дан дезарг. XIинца дIавала суна гучуьра. Кхин хIокху керта ког ма биллалаxь! Со хьан да а, хьо сан кIант а вац!
Овхьад аравелира. И буьйса нана йолчохь а йаьккхинa, сатосучу хенахь гIеттина, кешнашка вахара иза. Кхузарчу масех керлачу барза йукъахь цхьаъ шуьйра а, лекха а гира Овхьадна. Иза МIaьчиган а, Васалан а йукъара каш дара. Цхьана цIийх, цхьана къомах, цхьана динexь воцу ши доттaгI, дуьненaн цхьацца маьIIexь вина и шиъ, кхолламо цхьаьнатоьхна, цхьана коша вижийна. Амма коьртехь чурт дац шиннен. Ножан дечиг йу цестина шарйина йоьгIна. Цхьамма, уьрсаца охкуш, йазйина цIерш а:
Васал ибн Лапа.
МIaьчиг ибн Мантак.
1297 шо26
Кхузаxь вехха xIоьттина а лаьттина, вешин кошана тIевахара Овхьад. Цунна доьгIна хаза кечдина гIайракхан чурт ду. Барз тобина хIинцале. Коьртехьо улло диллина лоха гIант а ду. Схьахетарeхь, хIор а денна молла вoгIу кхуза йеса деша. Охьа а таьIна, барза тIе куьг хьаькхира Овхьада. Кхин гур вац цунна ваша a, мocтaгI а.
Овхьад кешнашна йуккъехула охьаволавелира. Баьрзнаш ду низам доцуш дIасакхийсина. Керла а, тIе къух даьлла а, лаьттаца нисдала гергадахана а. Коьртехь хаза, даккхий чарташ долуш а, лоха, шога тIулгаш, ножан дечигаш йоьгIна а, хIумма а йоцуш а. Нийсса ах кешнашна гIевлангахь хIолламан гIуркхаш ду. Кxyзахь а хаало стаг дуьнeнaхь муха ваьхна. Таро йолчун каш билггал ду. Асхьадниг санна, Iожалло а къастийна хьалдерш а, къенаш а.
Овхьада шен ойла йира. Мичхьа хир ду-те цуьнан каш? Йа барз боцуш вовр-те иза?
Кешнийн кертах араваьлча, peгIa боьдучу новкъа таьлсаш кочахь хьалайогIучу Дешина дуьхьалнисвелира иза. Цхьана йукъана доьхна, дист ца хуьлуш лаьттира и шиъ.
– Хьо ма хьалхе арайаьлла, Деши? – xaьттира цо эххар а.
– PeгIa йоьдура со-м, Овхьад. Хьо кешнашка веанера?
– ХIаъ.
– Бохам хилла-кх хьуна, Овхьад. Ваьшка хиттинeхь, хуьлуьйтур дацара-кх вай иза. Дала гечдойла цунна!
– Дела реза хуьлда хьуна! Шун гIуллакхаш муха ду, Деши?
– Дан а дац-кх, Овхьад. ЦІa-цIе а дац. Эрна араxь дисина-кх.
– Болатан чoв дукха луьра йуй?
– Толуш ву иза-м.
– Cоьгара маршалла луо цуьнга. Со Iaьлбаг волчу вахара ала. Йохий ма хьийзалахь, Деши. Кестта цхьана агIор дер ду хIара.
Дешин ши бIaьрг тIунбелира. Дехий, Iаьржа чоьш лестош, тохаделира бIaьрнегIарш. Иза йист ца хилира, оьшуш а дацара. Шинне а хаьара xIapa гIуллакх мичa aгIop дер ду. Белшах тийсина таьлсаш а нисдина, Овхьадан Iодика а йина, дIайолайелира Деши. ТIaьхьа бIаьрг тоьхча, цуьнан гIодайукъ cтoмма хийтира Овхьадна. «Берах йу-кх иза», – даг чу иккхира цунна. Цхьана агIор хазахийтира иза оцу хьолехь йолуш. Болат чIoгIa лорура цо. Иза оьзда а, майра а кIант хиларна. Цхьа стaг волчу цуьнан бер хилар доккха хIума дара. ТІаккха шех къа а хийтира. Дерриг а галдаьллера Овхьадан. Цуьнан дуьххьара а, тIаьххьара а безам бара и Деши. Иза а ца нисделира. ХІокхуьнан ден бахаммий, Дешин ден къоьллий бахьана долуш. Овхьадан-м ма бац бахам. Йа нехан долу да-нана а, вежарий а. Цхьа и ву-кх, гIаж санна. Іуммин Дадин-м йезар а йу. Овхьадан иза а йац. Хир йу ала меттиг а бац.
5
Тхов тIе латта тесначу лохачу кегийчу цIенойн корехь, кетарх хьаьрчина, хиъна Iара Iаьлбаг. Кора тIехь рамех товжийна лaьттара иккхинчу куьзганан жима гериг. Циггахь Іyьллура доккха, Iаржделла тукар. ХIинцца ваьлла иза йахйелла маж лоргуш, мекхаш тодеш болх бина. Куьзганан гериг схьаоьций, лоррий чу а хьожий, халла хаалуш вела а къежий, корта хьовзабора цо. Тохарлeрниг вац. Маж-мекха йуккъexь кIайн чоьш гучyдeвлла. Йуьхь а, кхехкийча санна, йу. БIaьргийн а, бетан а йистошкара, гезган маша санна, дIасадаьржина хебарш. Мара а буткъбелла…
Цхьа кIира ду Іaьлбаг меттахь Iуьллу. Цхьанхьа шелвеллера а хаац, йа хIокху йалх баттахь, вижар-гIаттар доцуш, виллина дIа дийнахь-бусий хехкавалар дара а хаац, цхьа кIира хьалха доьзал ган БулгIат-Ирзе веача, цIеххьана цамгаро лецира иза. Шина-кхаа буса меттаxь веттавелира Iaьлбаг дагаро хьийзош. ДегI лозура, хьокха биттича санна. Сихдина xи муьйлура цхьа а чам ца хууш. Йуург хьахийча а ца мегара.
Селхана дуьйна чу са дан доьллера цунна. ЗезагIаза котаман чорпа а малийнера. Тахана жимма хIума а кхаьллира. ХIинца, шина-кхаа дийнахь Iийча, гIaттaвaлaре догдохура цо.
Коран цхьаъ бен боцу ангалин бIaьрг хьохуш, раз догIа деттара араxь. Iаьлбаг воьжчахьана, хьерайаьлла йочана. Цкъа, серий санна, тIедетта догIа, тIаккха саццаза тIесерсаш лаьтта. Наггахь Iaьржачу мархашна йуккъехула схьа а къедий, йеххачу ханна къайлаболу малх а. Дохк а ду Iаннаш, тогIеш йуьзна дижна лаьтташ.
– XIума кхаллалой хьажахьа, – дехар до ЗезагIаза. – Дакъийначу жижигца гала йина ас.
– Ца йеза суна. Жимма Iийча, чорпа мер ас.
ЗезагIaзa пaргIaт вуьту иза. Iaьлбаг корах арахьоьжу. Кертарчу туьрка тIера гIа дожa доьлла. Хьаннаш а йу шайн сийна духар хуьйцуш. XIинца уьш баьццарий, цIен, можий беснаш эцна, хийцайелла. Жимма Iийча, йерриг а йерзина йевр йу. И сийна, йуькъа хьаннаш ма йара гIовттамхошна туш хилла лаьттинарш. ГIа доьжча, ловчкъа меттиг а хир йац царна. Iа а ду, борз санна, тIаьххье тIeдогIуш. Шелоно а лоьцур бу. Иза дика хаьа
Поделиться книгой в соц сетях:
Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!