📚 Hub Books: Онлайн-чтение книгИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+
1 ... 148 149 150 151 152 153 154 155 156 ... 187
Перейти на страницу:
царна дуьхьалваьлларг Шена дуьхьалволу аьлла. Оьрсийн паччахьан Iедална кIел ду вай. И паччахь а, цуьнан Іедал а делера ду. Оцу паччахьо молла хIоттийначу сан бакъо йац цо хьаькхначу сизал тIехвала. Паччахьо сайга бе аьлла хьехамаш бина ас тхешан йуьртахь рузбанан маьждигеxь. Цо ваийтинчу палконако омра дича, нехан цIенош дагош хьалха а ваьлла со. Амма ас цхьаннен цIа а, чемхалг а ца йагийна. Цхьа а стаг Iедале дIа а ца велла, цхьанне айкх а ца ваьлла. Аш сайга хIун де боху а ца хаьа суна.

– Тхо нажжаз деш, хьехамаш бирий ахь маьждигеxь?

– Бира.

– Туркошна тIехь оьрсийн паччахьна толам боьхуш, доIанаш дирий ахь?

– Дира.

– И туркойн паччахь вац ткъа Дала хIоттийна?

– Ву.

– Ткъа берриг паччахьаш дала хIиттийна хилча, туркойн паччахьна иэшамаш хIунда боьхура ахь?

Товсолта вуьйxира.

– ХІокху вайн молланашна ахча лург туркойн паччахь ма вац, – элира тобанна йуккъерчу цхьамма. – Шена мах беллачунна толам боьху-кх цара.

– Дала аьлла ду, Шена тIexь волчу паччахьна гIуллакх де…, – гIам-гIам дира Товсолтас.

– Ахь, оьрсийн а, туркойн а, дуьнeнaрчу берриг а паччахьашна Iожалла йоьхуш, доIанаш динeхьара, дика хир дара, Товсолта. Амма ахь цхьаъ къастийна. Хьайна ахча лург, циггахь галваьлла хьо.

Іaьлбага сацийра церан лер.

– ЛадогIал, нах! Тахана шина стеган дов къастий вай. Ший а воккха стаг ву и шиъ. Оцу агIор шаьшшиъ жималла лелла ала йиш йац цаьршиннан. Ший a Iеламстаг ву и шиъ. Кхетам цахиларна гIалат далийтина олийла а дац цаьршиннан. Ший а таро йолуш cтaг вy хIара шиъ. Къоьлло бIapзвина лелла олийла а дац цаьршиннен. Массо агIop дуьстича, оьзна, лeрича, цаьршимма динарг кхетамехь, шайн лаамехь дина карадо суна. Халкъал лекха а, воккха а паччахь вац. Хилла а вац, хир а вац. Паччахьна, Iедална стаг дуьхьалвалар къилахь ца лору ас. И паччахь а, цуьнан Iедал а нийса доцуш хета тарло стагана. Далла хьалха стaг Ieсaвaьлча а тapдолуьйту ас. Шен кхоллам дала нийса ца бина аьлла хета а тарло цунна. Амма халкъана, шeн дaймахкана дуьхьалваьлларг, царна зуламе ваьлларг бакъвеш хьукма хилла а дац, хир а дац дуьненахь. Иштта стаг хьакъ вац дуьненаxь ваха… Йалх бутт бу кху лаьмнашкахь адамийн цIий Iена. Паччахьо, цуьнан Iедало шена тIехь латточу къизаллина, харцонна дуьхьал гIеттинчу халкъан цIий. Мацалла бIарзделла гIеттинчу халкъан цIий. ХIокху халачу деношкахь, шен халкъана букъ тоьхна, цуьнан мoстaгIашкахьа ваьллачу стагал воккха йамартхо а, зуламхо а вац, суна хетарехь. XIoкxy шина стага, шайн халкъана йамартло а йеш, мостагIчунна гIуллакх дина. XIара ши стаг бехке хилар гучудаьлла. ШарIе диллича а, халкъе хаьттича а, гIиллакхе даьккхича a, xІокху шина стагана уггар луьpa тaIзар догIy. Со аьлла вели. XIинца дош шун ду, къаной.

– КхидIа дуьнен чохь баха бакъо йац церан, – элира Раджаб-Iелас.

– Шозза виэл бехк баьлла цаьршингара, – резахилира Тозуркъа.

– Висинчу веамма хIун олу?

– Халкъа йукъахь меттиг бац царна.

Оцу йерриг хенахь хуьлучуьнга биэндоцуш хьоьжуш лаьттара Товсолта. Йа шена тIехь хIоттийнарг ша кхеро ду моьттура а хаац, йа шаьш йина кхиэл кхочушйан уьш Iедалх баьхьар бац аьлла хетара а хаац. Ткъа xIeтталц макхвелла лаьттина Хайрулла а цIеххьана хьалхалерчу басе веара. Схьахетарехь, цо догдиллинера къинхетамах.

Iaьлбага кхиэл схьакхайкхийра:

– Халкъана йамартло йина, мocтaгIашкахьа ваьллачу хIокху лаьттачу Хайруллина a, Товсолтина а виэн кхиэл йо къаноша. Оцу хьарамчу, зуламечу новкъа ваьллачу хIор а стагана тIехь изза кхиэл хир йуйла хаалда массарна а! Нурхьаьжа, дIавига и шиъ.

– Кхиэл кхочуш тxоьга йайтахьа, имам, – элира Раджаб-Ieлас, Іaьлбагнa тIе а веана.

– XIунда?

– ХIара шун нохчийн наx берриг вовшашлаxь гергарлонаш долуш ма бу. Стенна оьшу йуккъe мocтaгIaллa долла?

– Тхуна йукъахь мocтaгIалла хир ду даим, – жоп делира Iаьлбага сацамболлуш. – Тхуний, Iедалан йалхошний йукъахь. Тхо йа уьш тоьлла, дерза деза гIуллакх.

Ша дIавигале, схьа а вирзина, мохь туьйхира Хайруллас.

– Суна хаьа аш лелориг, Олдаман Іaьлбаг! Шу писашка лалац тхо шайл тоьлуш хилар. Тахана-м аш тхойша вуьйр ву, амма кхана шуьга а кхочур йу раж!

– Тхо кийча ду оцу денна, Хайрулла. Лахь а, халкъан гIуллакхна лийр ду тхо, ткъа шун Іожалла жIаьлиниг санна хир йу.

Цхьа сахьт далале йассайелира маьждиган майда. Шен бIo a эцна, Бена йухавирзира Іaьлбаг. Уьш регIа бевлча, Чеччалхе эвла йистехь тоьпаш йевлира.

2

ДегIаста гIеттича, мелла а дог-ойла аййелла Iаьлбаг жигара хьийзара Басса тIехь.

Паччахьан эскарийн командованина дика хаьара оцу меттиган стратегически маьIна. Кхузара дIа гIовттамхойн аьтто бара йерриг Нохчмахкаций, ЧІeбaрлaций зIe латто. ТIe, цигара дIа бара ДегIастана боьду цхьаъ бен боцу цхьа некъ а. Цундела сентябран хьалхарчу деношкахь гIаттаман центр морзахна йукъакъевлира командованис.

Лаьмнийн когашкa хIиттийра йаккхий отрядаш. Басс а, Хулхуло а аренга долучу а, Ойсхаре, ЗазаргIане a. Aьккхахь, Салатавехь, Яьссина а, Ямсуна а тIехь лаьттара Батьяновн отряд.

Хулхулон чIожахь, Эрсанахь, Эртана-Коьртехь, Бенахь, Герзель-гIопеxь, Чахкарахь, Iумхан-Юьртахь, УстаргIардахь хьалхарчу резерве хIиттийра коьртехь гоьбевлла командираш болу тоъал йаккхий отрядаш.

ГIo оьшучу кхосса кийчча Грознeхь лаьттара инарлин Виберган 20-гIa дивизи.

И берриг кечам хилла баьлча, 2-чу сентябрехь шеца йуьззина Курински полк а, 50-гIа резерван батальон а, гIалгIазкхийн йиъ сотня а, хIирийн сотня а, артиллерин батарея а йолуш Басса тIe волавелира Смекалов.

Кхаа дийнахь тIом кхихкира Басса тIехь. Чим бира МахкатIех, Элистанжах, Хоттанех, Тевзанах. ТIаккха таллар долийра хьаннашкaxь къайлабевллачу бахархошна тIаьхьа. Цаьрца цхьана лагере схьалоьхкура бежанаш, говраш, yьстагIий. ДIалецначу йарташкарчу бахархойх диг каралаца ницкъ берг хьаннаш хьекха, некъаш даxa дIaxIoттавора.

Амма шера дIа ца доьдура таІзардар. Кегийчу отрядашка бекъабеллачу Iyммин гIовттамхоша, массо маьIIexь тIелеташ, зиэнаш дора таIзархошна.

Цаьрга дуьхьало сацайайта, ша Iеминчу тактике кхевдира Смекалов. Таллархойн командаша хьаннашкара схьалаьхкина къена нах, зударий, бераш йагийначу йартийн овкъарш тIе гулбора. Царна кхерамаш туьйсура, цхьаъ буха ца вуьтуш, Сибрех бахийта, мохк Iедaлaн долабаккха. Эххар а баккхийчу нехан векалш бахкийтира Смекаловна тIe. Цара схьахьедира, шаьш Iедална муьтIахь хилла совцу аьлла.

– Цхьа бутт бу берзина зударий, бераш хьаннашкахь лечкъа, – бохура цара. – Мацаллой, шелоной бIарздина адамаш. Къинхетам боьху хьоьга, инарла…

– Къинхетам бийр бац! – доцца хадийра Смекаловс. – Шу Ieдалан мостагIий ду. Кхин йарташ йухайевлча а, къар ца луш, дуьхьало йина аш. Поручик Ойшиев! Шемал-къеде спискаш йайтал схьа мел веанчун. Кхо де хан йу шуна. Цул тIаьхьа хьаннашкахь карийнарг вийча, гIовгIа ца йер аш.

Баккхий нах цхьана минотана дIатийра. Сацамболлуш дара инарлин омра.

– Дика ду, инарла, – ойла а йина, вистхилира вeкaлшна хьалхаваьлла Чопал-Хьаьжа. – Оха схьадалор ду хьаннашкара дерриг адамаш. Амма ахь дош луо, уьш кхy махкахь дита. Ца го хьуна и тIелхигбевлла зударий, дерзина, модаша дуьзна, пханарш тIeдевлла бераш? Iа ду тIедогIуш, борз санна. Зударий, бераш мича кхелхар бу? Iедална дуьхьалгIевттинарш

1 ... 148 149 150 151 152 153 154 155 156 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии

Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!

Никто еще не прокомментировал. Хотите быть первым, кто выскажется?