Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Шкафийн къаьстинчу терхешна тIехIиттийна йара Кавказан исторех лаьцна книгаш. Ермолов, Потто, Дубровин, Зиссерман, Фадеев, «Кавказский сборник», «Акты кавказской археологической комиссии», «Сборник сведений о кавказских горцах» томаш а, «Военный сборник», «Русская старина», «Русский инвалид», кхин цхьамoгIa журналаш а. И литература дика йевзара Липрандина. ТIаккха пенаца боккхачу куза тIехула хьалаоьхкинчу герзашка хьежа вуьйлира. Уьш дукхахдерш кавказски герзаш дара. ХIусамдена совгIатана делла а, цо эцна а.
– Ахь Кавказан истори йуьйцу, Петр Иванович, – элира цо, шен кресло чу охьа а хууш. – ДIадахнарг. Тахана долуш дерг. Нохчийчохь ЗеламхагIар а, динан фанатикаш а, оьрсашна дуьхьал гIовттамаш а ца хилийта, вайн правительствос хIун дан деза аьлла, хета хьуна?
– Иза-м хетта оьшуш хIума а ма дац, Алексей Павлович! Нохчийчуьрчу зуламийн хьоста и халкъ кхетамна, культурина, экономически кхиарна тIаьхьадисар ду. Нохчийчоь вай къарйинчул тIаьхьа шовзткъе кхойтта шо даьлла, амма нохчашна йукъа Iилма даржорна а, культура, экономика кхиорна а пIелг пIелгах тоьхна хIума ца дина вайн правительствос. Нохчашца вайн тIом хилале хьалха, йа вуьшта аьлча, XVII бIешарахь хиллачу тIегIанехь йу церан культура а, экономика а. Нийсса аьлча, хIетахь церан хилла экономика а йохийна вай. Туьрций, цIарций. Талламхоша йаздарехь, хIетахь латталелор, даьхнилелор, накхаршлелор, бошмашлелор лакхарчу тIегIанехь хилла нохчийн. Иттаннаш шерашкахь бахбеллачу тIамехь вайн эскарша хIаллакйира нохчийн йарташ, йалташ, бошмаш, хьаннаш. БIешерийн дохалла оцу халкъо къахьоьгуш, хьацарца кхоьллинарг дерриг а. ХIаллакьхилла лаьттаца белхан говзалла хилла ши тIаьхье а. ТIом чекхбаьлча тIекхиъна тIаьхьенаш хераевлла латталелорах, даьхнилелорах, кхечу къинхьегамах. Керлачу тIаьхьенийн говзалла, корматалла герз а, талораш а йу. Ткъа цаьрга и зуламаш дитийта, герз къинхьегаман гIирсашца хийцийта, уьш хьаналчу къинхьегамна тIеберзо уггар хьалха царна йукъа европейски цивилизаци а, оьрсийн культура а йаржо йеза. ШолгIа, шайн экономика кхио царна гIo дан а деза. Масала, йаккхийчу йарташкахь ишколаш схьайоьллуш, царна йуьртбахаман гIирсаш, стерчий, говраш, бежанаш эца кредит даларца. Ткъа оцу шовзткъе кхойтта шарахь Нохчийчохь цхьа а ишкол, цхьа а больница схьа ца йиллина вайн правительствос.
– Ахь дуьйцург коьртачарех цхьаъ ду, Петр Иванович. Амма коьртачарех хьалхарниг дац. Кавказ туркойн, англичанин бага йоьдучуьра схьайаккха гIерташ, бIешарахь гергга шен цIий Iенийна оьрсийн халкъо. Кавказ оьрсийн хила йеза, цигахь оьрсийн пачхьалкхан Iедал хила деза, цигахь бехаш оьрсий хила беза. Меттигерчу туземцел шозза-кхузза алсам. Уьш вайн пачхьалкхан, Iедалан тешаме а, онда а гIортор хила йеза. И хууш, шен хенахь Ермоловс дукха корта биттира паччахье а, правительстве а, амма цхьаммо а цуьнга ла ца дуьйгIира. Коьртачарех коьртаниг – Кавказехь дуккха а барамехь оьрсийн бахархой охьаховшор ду. ХIаъа, нохчашна йукъа европейски цивилизаци йаржо йеза. Цул а хьалха – оьрсийн мотт, культура, гIиллакхаш. Оцу Iалашонца схьаелла йеза вай нохчашна ишколаш. Кавказера кегий къаьмнаш русифицировать дан, уьш оьрсашна йуккъехь ассимилировать дан. Гуьржаша, эрмалоша, азербайджанаша хIокху тIаьхьарчу хенахь кортош айъина. Россех йозуш йоцу шайн пачхьалкхаш кхоллар а хьехадо. Суна хетарехь, и халкъаш кхераме дац вайна. Гуьржий а, эрмалой а цкъа а Россина дуьхьал ца гIевттина. Цкъа-делахь, вайца цхьана керста динехь ду и къаьмнаш. ШолгIа-делахь, Россица, оьрсийн халкъаца ийгIича, шаьш туркойн олаллина кIел дахарна кхоьру уьш. Азербайджанцаш бусалбанаш бу, цундела церан дог-ойла бусалбачу туркошкахьа йу. Амма Гуьржийчохь, Эрмалойчохь бехаш дуккха а азербайджанцаш бу. Хонкарахь дуккха а эрмалой бу. Цигахь туркоша ницкъ бо эрмалошна. ДIадаханчу шарахь, Хонкарара ведда, 50 эзар эрмало веана Эрмалойчу. Азербайджанашка шайн исторически мостагIашка санна хьуьйсу эрмалой. Гуьржийн а, азербайджанийн а йукъаметтигаш иштта ира йац, делахь а оцу бусалба а, керста а шина къома йукъахь цкъа а барт хир бац Россина дуьхьал. Цундела Закавказьехь йаккхий политически гIовгIанаш хила тарло, амма Россина уьш кхераме хир йац. Кхерамениг Нохчийчоь йу. Кавказехь коьрта питанча. Иза ша цхьаъ ларор йац Россица. Ткъа ламанан халкъаш цхьаьна а тоьхна, церан коьрте а хIиттина, уьш Россина дуьхьал гIовтто Шемал санна хьекъале политически а, динан а гIуллакххой нохчийн бац. Нагахь санна и халкъ, цхьа а стаг дийна а ца вуьтуш, хIаллак ца дахь, йа цхьа стаг оцу махкахь а ца вуьтуш, Россин къилбаседа губернешка а, Сибрех а кхалхийна, шишша-кхоккха доьзалш цхьанхьа а ховшош, дIаса ца баржабахь, нохчаша цкъа а Кавказехь машар, синтем хила ца буьтуш, даим а сагатдийр ду вайн.
– И ши Iалашо кхочушйан а гIиртира вай, гIуллакх ца хилира, – доккха садаьIира Липрандис. – ХIинца иза хьехочохь а дац. ХIара ткъолагIа бIешо ду. Цивилизацин зама. Дуьненан пачхьалкхаша а, халкъаша а могуьйтур йац ишта къизалла.
ТIаьххьара цхьацца рюмка коньяк а, цхьацца кофе а мелча, хIусамден Iодика а йина, дегаза буьрса дарц хьийзочу аравелира Липранди.
ХХVI корта. Iелин кхоллам
Къонах бохамехь вевза.
Ф. Вольтер
1
И аьхке а дIайахара, Гати-Юьрта хIара ду аьлла, керланиг ца дохьуш. Цхьа кIира хьалха регIа баханчу нахана Iаьрчхехь, до санна вистина, шен тоьли чохь велла Iуьллуш карийра Мусха. Иза тийна дIа а воьллина, цхьана дийнахь тезет-белхар а латтийна, бутт балале вицвира наха.
Крымера схьа кехат деара Мударан а. Шаьш могаш ду, болх къинхьегаме а бац, Iелас бийцинчу помещикийн бахамаш ларбичахьана, даа-мала а, тIедуха а ду. Амма сагатло. Делахь а, сатоха деза. ТIелаьцна хан чекх ца йаьлча, цIа догIийла йац. Шаьш бертахь йа бертаза цIа дало нохчийн йарташна тIера шайна тIаьхьаваийтина Гермачигара Визин Хьомстха, лаьцна, цигахь набахти воьллина бохуш, йаздора цо.
Iусманца ирзе а вахана, суьйранна чувеанчу Iелина цIахь шега
Поделиться книгой в соц сетях:
Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!