Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Корах чуеанчу маьлхан асано цхьа тамехь бохбинера цуьнан дегIан аьтту aгIo. Оьрсийн йовхачу чоьракан чомехь хьожа а йогIура. Хьогалла хааелла, хи мала дагахь зоки тIе куьг кховдо гIоьртира иза. Цхьадика, аьтту куьг дукха лазоза хааделира цунна.
КIез-кIезиг хIуттуш, цуьнан кхетамехь меттахIоьттира селхана хиллачун сурт. Амма муха кхаьчна-те иза xIoкху йаьссачу хIусаме? Верта а дац гуш. Цунах а хIун хилла-те? ХIун хилла-те бохуш а, хоьттий! Оцу хьакхарчаша дIадаьхьна хир ду-кх. Иза-м дайча а хIун дара, ахча мукъана а хилахьара цуьнан гIовталан кисанахь. Хьала а гIеттина хьожур вара бохург хьехочохь а дацара. ДегI ма ду, зоьпарш тоьхча санна, лацаделла. ГIаттавелча а, хIусамдай чохь а боцуш, хIусамехь волавелла лелча а, гIиллакхе хир ма дац.
Дукха хан йалале неIарх чоьхьайелира безамехь, ткъе пхийтта шо хенара меташка. Самаваьлла Янаркъа гича, хазахетта тIехьаьдда, цунна улло гIанта охьахиира иза.
– Хьо-м синкхетаме веана! Муха ду хьан дегI? Дукха лозий?
Шена мотт ца хаахь а, цо хIун хоьтту, хиира Янаркъина.
– Дика ду. Харшо. Йахши, – цхьа а церг йоцу бага йоккха гIатта а йина, догцIена велакъежира иза.
– Далла бу хастам, хьуна гIоли хилла, – йелхаозийра зуда. – Сой, сан майрий тIекхаьчча, халла хаалуш садоьIуш, велча санна, Iуьллура хьо. Суна-м, хьо велла, моьттура. Верриг а цIийший, чевнаший вуьзна, Iаржвелла… Кхераелла, мохь белира сан. Федяс шена гIoдар дийхира. ТIаккха цой, цуьнан доттагIчой – оха кхааммо, айъина йуьстах а ваьккхина, хица цIанвина, извозчик а лаьцна, цIа валийра хьо. Сийсара буьйса йукъал тIехйаллалц харцлуьйш вара хьо, кхин синкхетаме ца вогIуш, наб хьашаелира хьуна. Оцу хьерадевллачу акхароша эрчо йинера хьуна тIехь. Хьо-м дийна висина. Байъинарш а бу дуккха а…
Зудчо къамел дора, цкъа йелха ийзош, тIаккха йекхалуш, йукъ-кара шен ховха куьг Янаркъин хьаьжа тIе а дуьллуш, тIера йургIа а нисдеш. Ткъа Янаркъас, цо дуьйцучух ша ца кхетташехь, иза йелаелча, велакъежаш, йелха озийча, кхоьлуш, лерина ладоьгIура цуьнга.
– Сан цIе София йу. Со-фи-я, – бохура зудчо, шен некха тIе куьг а детташ.
– Сопи, Сепият! Нохчийн цIе йу иза, – воьлура Янаркъа, цуьнан цIе а йохуш.
– Ткъа хьо мичара ву, дедушка?
Дуккха а къахьегначул тIаьхьа цуьнан хаттарх кхийтира Янаркъа.
– Гати-Юьртара ву со.
– И цIе йолуш йурт йуьйцу ца хезна суна. Генахь, лаьмнашкахь хир йу иза.
– Гена йу. Далико.
– ХIумма а дац, дедушка, карор йу вайна хьан Гати-Юрт. Федяс ша цIа вогIуш шеца балхахь волу цхьа нохчо валор ву. Хьамзат йу цуьнан цIе. Тхан доттагI ву иза. Оьзда, хьекъале, дика кIант ву Хьамзат. Шера оьрсийн мотт а хаьа. ХIинца митингехь ву и шиъ. Базаран майданахь. Цига гIалара белхалой а, йарташкара нохчий а – масех эзар стаг гулвелла. Суна а лиира Федяца цига йаха. Хьоьга хьожуш цIахь Ie аьлла, йити. Тхойша гIала деана ма йац дукха хан. Червленерчу гIалагIазкхех ду тхо. Латта а, сту-говр а дацара тхан. Ткъа доьзал хене баккха дезара. Диъ бер ду тхойшиннан. ХIетахь шиъ дара. Пхи шо ду тхойша гIала схьакхелхина. Федяс нефтан промыслехь болх бо, ткъа ас – бедарш йуьттучохь. Алапа кIезиг ду тхан. Иза а чомахь кара ца кхочуьйту. Мацалла ца дала, caгIa ца деха гIерташ, цхьацца лол бетташ, хене дуьйлу. Берашка дешийта аьтто а бац. Воккхахволчу кIентан итт шо ду. Ишколехь доьшург мах боккху. Ткъа алапа тхуна дуучунна, тIедухучунна а халла тоьу. Чудуьйла, Митя, дедушка самаваьлла. Хьуна гIoвгIa ца йайта, ловза бахийтинера ас хIорш. ХIapa воккхачул жиманиг ву тхан. Ма кхера, схьачувола. Урамехь дуьйцуш хеза берашна, нохчий къиза адамаш ду, цара шаьлтанаш хьоькхуш, адамаш дойу бохуш. Цундела, нохчо гича, кхерало хIорш.
ТIейуьйхина тиша, амма цIена, йеха боьза коч а, йоца хеча а йолуш, коьртаIуьйра, хьаьрса жима кIант, чоьхьа а ваьлла, корта охьа а таIийна, кIелдIахула Янаркъе а хьоьжуш, неIарехь сецира. Цунна тIаьххье неIарехула гучубелира жимачу йоьIан хьаьрса корта а.
– Чуйола хьо а, Марина. Дедушкас-м хIумма а дийр даций. Дядя Хьамзат санна, дика стаг ма ву хIара а. Иштта дика адамаш ду берриг нохчий а. Шун папа а, дядя Хьамзат а санна. Дуьло, маршалла хатта дедушке.
TIe а деана, дIахIоьттинчу шина берана ша хIун там бийр бу ца хууш, цаьршиннан коьртах куьг а хьаькхна, хIусамнене шен гIовтал схьайийхира Янаркъас. Йоккхачу стага базарна аьлла, машин йоккха йома а латош динчу гIовталан чухуларчу кисана куьг Iоьттира цо. Вертанаш доьхкина ахча долуш дара. Лерина шад беш, бехчалга йукъа хьарчийна цIера деъна цхьа сом кегийра ахча схьа а даьстина, берашка дIакховдийра цо.
– Дедушка, хIун до ахь? – мохь белира иза дан гIертачух кхеттачу ненан.
– Кампет, кампет…
– Ца оьшу! Мегар дaц! – Янаркъин куьг йухатоьттура Софияс, амма дехарца шега хьаьжначу воккхачу стеган догцIенчу сийначу бIаьргаша сацийра иза.
– Вай Дела! Оццул ахча берашна! Муха мегар ду xIapa? Иттех кепек йелча а тарлур дара. Дийнна сом! Хьанна хаьа, иштта гIиллакх хир ду-кх шун. ТIаккха иза дохадойла а йац. Ой, со а йу хаза! Лазархочунна чай дала а дицделла, бага йетташ Iа!
Дукха хан йалале цIа веара хIусамда Федор Тимофеевич. Дезочу дегIара, горга йуьхь, дуькъа Iаьржа мекхаш, сийна бIаьргаш долуш, метта буьххьехь лер долуш волчу цуьнга бIаьрг ма-кхийтти, безам бахара Янаркъин. Цуьнца вара къона нохчо а, цхьа оьрси а.
– OxI, сан хьаша-м, хьаха, товелла Iуьллуш ма ву! – Янаркъина тIехьаьдира хIycaмдa. – Ткъа ас лор валийна хьуна дарбанаш леладайта. Охьаховшал, Василий Степанович. Хьамзат, хьо тхуна уллохь хаахьа, талмажалла дан. ТIаккха, воккха стаг, муха йу хьан могашалла? Цуьнга хьажахьа, Василий Степанович, къамел дечу хьолехь вуй-те иза?
Горга тойина хьаьрса маж, даккхий мекхаш долу кхузткъа шо хенара векъана, лекхачу дегIара лор, шен бIаьргех куьзганаш а доьхкина, Янаркъина улло маьнги тIе охьа а лахвелла, цуьнан бекъа пхьарс кара а лаьцна, куьйган хьорка йолччерчу пхона тIе пIелг а биллина, ладегIа хIоьттира. ТIаккха жимачу зурманах тера цхьа xIyмa букъа тIе а, некха тIе а лоьцуш, Янаркъин садаIаре ла а дегIна, хьалагIеттира иза.
– Кхераме хIумма а дац. Цхьана кIиранах Iиллича, товелла, цIа гIyp ву.
Хьамзата Янаркъина дийцира селхана базарахь хилларг. Нохчашна йетташ, уьш талош, бехна хьерабевлла лела гIалагIазкхий совцо йалийнчу салтийн полко уьш совца-м муххале а ца бира, мелхо а, царах дIа а кхетта, нохчашна йиттира, талийра. ВуьрхIитта нохчо вийна, ткъа, Янаркъа санна, йиттина кIелбитинарш
Поделиться книгой в соц сетях:
Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!