📚 Hub Books: Онлайн-чтение книгИсторическая прозаДарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+
1 ... 87 88 89 90 91 92 93 94 95 ... 167
Перейти на страницу:
уьш. Шаьш бахьана долуш халкъана бохам хиларх, шекбовлуш бац уьш. И нах совца безара, йа халкъо совцо безара. Ткъа вайн йуьртах дерг аьлча, Доша а, Хьомсуркъа а, церан доьзалш а хIокху йуьртара дIабевлла. И ши стаг къола деш, талораш деш ву бохуш а, ца хезна вайна. Йуьртахь долу герз а хьалха дIаделла наха. Цундела, СаьIад, хIокху йуьрта салтий багIахь, цаьрца дерг ахь, йуьртана зен-зулам ца хуьлуьйтуш, дIадерзо деза. Иштта хета-кх суна. Кхин бегIийла дерг хуучо ала мегар ду.

– Кхин тIетоьхна ала хIумма а дац. СаьIад, хьо йуьртда ву, ахь жоп ло йуьртах. Хьуна тIедуьллу оха Iедалца дерг машаре дерзор.

– Дера, Аьрсамирза, хIокху йуьртан дуьхьа са дIадала а хала ма ца хетара суна, шайна диканиг дича, нахана хаахьара…

– Диканиг дича а, вониг дича а хаьа. Нах а бац сонта.

– Iела бакъ луьй, мацах цкъа хилларш, лелларш карладохуш, кIамдеш, чевнаш дарйан ца йеза, йерзийта йеза. Вайн къомана машар оьшу.

– И къуй, талорхой халкъе совцалур бац, Iедало совцо беза!

– Бехк-гуьнахь доцу миска нах, зударий, бераш ца хьийзош!

Делкъе йанза а, цIахь гIуллакхаш долу а нах, цхьацца-шишша тобанашка а бекъабелла, майданара дIасабевлира. Шайн йуьртахь обаргаш а, къуй а, талорхой а бацахь а, герз хьалххе дIаделлехь а, уьш сингаттаме бара. Йуьрта баьхкича, нахана цхьа бохам ца беш дIагIур бац салтий а, гIалагIазкхий а. Уьш шаьш ма бу уггар боьха, уггар къиза талорхой…

3

Полковник Галаев вийначул тIаьхьа цуьнан метта Ведана-округан ханна начальник хIоттийна капитан Дудников, шел хьалхарчу шиннан хилла декъаза кхоллам шен а хиларна кхоьруш, Зеламхица йолчу йукъаметтигашца чIогIа ларлора. Цуьнца даррехь къийсам ца латтабора Дудниковс, амма пачхьалкхана текхамаш бойтуш, бахархой хьийзабора. Бертахь текхамаш ца бечеран йа уьш бан ницкъ боцчеран керташкара даьхни дуьгура, хIусамашкара йийбар дIахьора. Бехкечарах а, бехке боцчу нахах а йуьзнера Веданара набахте. Цигахь чу ца тарбелларш Соьлжа-ГIала дIабуьгура.

Халкъана ницкъ бечу хьаькамех ша бекхам эцале, цкъа хьалха цаьрга дехаре кехат йаздора Зеламхас, бахархошна ницкъ ма бахьара аш, зударий а, бераш а ма хьийзадахьара аш, шена тIаьхьа таллар а дитахьара аш олий. Уьш шайн некъа тIера йуха ца бевлча, тIаккха царах бекхам оьцура цо. Иштта кехаташ йаздинера Зеламхас полковнике Добровольскийга а, Галаевга а, къизачу эпсаршка а. Иштта кехат даийтинера цо Дудниковга а. Зеламхин кехат жоп доцуш дитича, иза шена бохаме дерзарна кхоьрура капитан. TIе, хIокху округан начальникан даржехь ша цхьана ханна вуйла а, хаьара цунна. Нохчийн округашка начальникаш цхьана генна хьажийнчу Iалашонца Кавказерчу къаьмнех нах хIиттабора Iедало. Цундела кхуза керла стаг хIоттаваллац, Зеламхица мелла а машар лаха, цуьнца шецца машаре дийцарш дан сацам хиллера цуьнан. Хьанна хаьа, и дийцарш деш, цхьана мекарлонца и обарг лаца шен аьтто хиларе къайллах дог дохура цо.

Дудниковс шен тешаме нах бахийтира Зеламхина тIе. Уллохь цхьа а воцуш, шеца цхьаьнакхета, нагахь санна вайшиннан машаре барт хилахь, ша Iедале хьуна къинхетам а, маршо а йоьхур йу аьлла. Цхьаьнакхета меттиг а, хан а билгалйира. Веданна гена доццуш, хьуьна йуккъерчу цхьана ирзо тIехь, Iуьйранна малх схьакхетачу хенахь Iедалх а, адамех а тешам байна, даим а сема, сакх хуьлу Зеламха, сатоссучу хенахь вахана, йиллина меттиг а, гIaп а гучу меттиге охьахиира. Садаьржачу хенахь гIопера арабевллачу салташа хьуьна чохь ирзонан гo дIалецира. Дудниковн йамартло гучуйаьлла Зеламха, ша волччохь цунна йаппарш а йина, дIавахара.

Ша Галаев вийчахьана Iедал шена тIаьхьа талла доьлча, шен доьзал Нохчийчуьра дIабаьккхира Зеламхас. Кхузарчу массо а йарташкахь, кIотаршкахь, лаьмнашкарчу жан гIотанашкахь тешаме нах бара цуьнан, хIара ларвеш, шайн синош а дIалур долуш. Амма мостагIий а бацара хIумма а кIезиг. Iедална хаьара Зеламхас дIа мел боккху ког. Зеламхе а, цуьнан доьзале а кертахь цхьа буьйса йаккхийтина нах Iедало хьийзабора, Сибрех хьийсабора. Ша-м вийча а шек ца волура иза, амма ша а, шен доьзал а бахьана долуш нахана бохам ца хилийта, иза ГIалгIайчу, Iacca-хин лакхенга, лаьмнашка, дIабигира цо.

Доьзал цига дIабуьгуш, новкъахь, гIалгIайн Лаьжга-юьртахь кIант хилира Бецин. Цунна Iумар-Iелa цIе тиллира дас. Уьш болу меттиг хIинца цкъачунна къайлехь йара Iедална, делахь а шеко йацара хенан йохалла иза гучуериг хиларан. Iедалан агентура йара генарчу а, гергарчу а нохчийн йарташкахь. Амма Зеламхин бIаьргаш а, лергаш а дара массо маьIIехь. Соьлжа-ГIалахь, ГIалгIайчохь, Буру-гIалахь, ДегIастанан лаьмнашкахь. Телеграфо санна, дика болх бора цуьнан агентуро.

Зеламхина дуьхьал генеральни операци йан таллархойн ханна отряд вовшахтоьхча, майраваьллачу Дудниковс, Хорача а вахана, йурт йаго кхерам туьйсуш, Зеламха а, цуьнан доьзал а къайлабевлла меттиг йийца бохуш, хьийзийнера цигара бахархой. Цхьа цIа дагийнера цо, нах кхеро. И хаам шега кхаьчча, сихха Хорача вахара Зеламха. Дукхахдерг шен цхьаъ бен воцчу жимачу вешина Бийсолтина сагатделла.

Малх чубуза лахбелча, шен ши накъост эвла йистехь а витина, йуьрта вахара Зеламха. Урамехь иза тIенисвелча, цхьаболу йуьртахой, хазахетий, тIекерабовлий хьаьвзара, шайн хIусаме воьхура, амма дукхахберш, доцца хьал-де а хоттий, дIакъаста сихлора. Царна бехк а ца буьллура Зеламхас. Иза а, цуьнан да а, вежарий а бахьана долуш дуккха а бохамаш ловра хорачоша.

ЭлсангIарах къаьстина, тIе латта тесна тхов а, готта нeI а, жима ши кор а, лоха уче а йолчу лаппагIи чохь шаьш дехаш дара Билкъис а, Бийсолта а. Говрара чу а воьссина, цуьнан урх кертан хьокхи тIе а тесна, иза керта ваьлча, дера леташ, схьакхийсалора бунна хьалха аьчган зIенаца дихкина доккха, Iаьржа жIаьла. Цуьнан гIовгIa йаьлча, цIа чуьра араиккхинчу Бийсолтас, човхийна, дIатедира иза. ТIаккха, ведда тIе а веана, вешина маракхийтира Бийсолта. Керта-арахь гIовгIа йаьлча, кхераелла Билкъис, кIантана тIаьххье уча а йаьлла, бIаьргашна тIехула куьг а лаьцна, Зеламхе а хьаьжна, иза вевзича, йедда тIе а йеана, меракIант къевллина мара а воьллина, шен сирбелла корта цуьнан шуьйрачу, ондачу некха тIе а таIийна, йист ца хуьлуш, йелха хIоьттира. Билкъис доггаха йоьлхура, сатен ца туьгуш. Иштта доггаха йелха дукха а, даккхий а бахьанаш дара цуьнан. Билкъисан кIентан дена ГушмацIина а, цуьнан шен дена Элсанна а йуккъе бархI шо хьалха, вовшийн нах а байъина, мостагIалла доьллера. И мостагIалла бахьана долуш шина цIарна йуккъехь йисина Билкъис, ша хIун дер ца хууш, бIарзйелла хьийзира оцу масех шарахь. ХIусамда а, цуьнан ши кIант а обарг ваьлча, зударий Iедало хьийзо болийча, шен кIантаца ден цIа дIайахара иза.

Амма и хан биллина дIа кийрахь ша болуш йаьккхира цо. Цхьана aгIop, Iедало сагатдора цуьнан, вукху aгIop, ЗеламхагIеран мостагIаша шен кIантана бохам барна кхоьрура. Оцу сингаттамаша хеназа къанйина, къежйина, IаддаргIа санна, букар хьаьвзинера иза. И дерриг а дика хуучу Зеламхас, цуьнан декъазчу кхолламна ша бехке хеташ, пханарш тIе

1 ... 87 88 89 90 91 92 93 94 95 ... 167
Перейти на страницу:

Комментарии

Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!

Никто еще не прокомментировал. Хотите быть первым, кто выскажется?