📚 Hub Books: Онлайн-чтение книгИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+
1 ... 88 89 90 91 92 93 94 95 96 ... 187
Перейти на страницу:
хьаннашкахь къайлайаьлла обаргийн гIера схьалаца йа хIаллакйан Iалашо йолуш, цIераш йаьхначу йеа округеxь лаамхойх милици вовшахтуху, царах дIатухур йолуш йолу Терски ханна милицин гIалгIайн, хIирийн сотняш а.

…Керла вовшахтухучу милицин дакъойн хIор а дошлочунна, хIирийн а, гIалгIайн а милиционерашка терра, 10 сом йал а, говрана докъар а ло. Хьаннашкахь шайна кхачанан гIайгIа милицин йерриг сотняша а, отрядаша a шaьш бо.

Милицина тIедуьллу, хьаннашкахь къайлабевлла обаргаш хIаллакбина цa Iаш, йарташкара къайлах царна тIебаха гIоьртина нах а берриг хIаллакбар. Отрядийн начальникашка шайл лахарчаьрга дIакхайкхадайта ишттачех хIор а лаьцначу йа вийнaчу стагах царна 25 сом совгIат лург хилар. Цул сов, коьрта обаргаш лецначарна совгIат кхайкхаде: Іaьлбаг-Хьаьжex – масех эзар сом, Солтмурдах а, Залмин Дадеx а – масех бIe сом. И коьрта обаргаш дийнa тIебaлийнaчунна лучу совгIатан барам кхин а лакхара хир бу…

Теркан областан эскарийн командующи

инарла-адъютант Свистунов.

15 июнь 1877 шо»

– Суна хетарехь, оцу совгIатна хьалха йухавер вац цхьа а туземец. ТIaьххьара а. Йаккхий тоьпаш йу ломах хьалайаха йезаш. Салташка а, туземни милицига а кхана хьаннашкара некъаш шордайта. Кхин дуй хаттарш? Дацахь, шайн отрядашна тIе дIагIо.

Штурмана кечам беш йаккхий халонаш нисйелира отрядашна хьалха. Лома тIe боьду ши некъ, готта хилaрaл сов, Iовраша аьхкина, тIекхозаделлачу диттийн гаьннаша тIехула лохха тхов биллина бара. Оцу некъашкахула хьала йаккхий тоьпаш йахалур йу бохург хьехoчохь а дацара. Дошлой а, гIашлой а баха безара беха могIа бина.

Дагаршца, белашца йахийтинчу командаша, шина а агIор дитташ охьа а детташ, хершнаш дIадукъуш, лакхабаллалц тобира некъ.

Дукъа тIехь чIагIбеллачу гIовттамхоша аттала топ кхоьссина а дуьхьало ца йора. Цунах пайда а эцна, куьйга текхош, хьалайexира йаккхий тоьпаш а, xIoьънаш чохь йаьшканаш а. Дисинчу дакъоша дIaлeцира Iиси-Юьртан кIело. Амма кхидIа хьалхадахар бохург хьехoчохь а дацара. Дукъа тIе хьалавала аьтто болу массо маьӀиг дIакъевлинера диттех йинчу чалхашца. КхидIа хьаладахча, гIовттамхойн дIaьндаргаш кIел нислора. Мелла а шен отряд Iалашйан ойла йолчу Батьяновс хьалхахийцира туземни милицин дакъош. Амма уьш доцца хиллачу тасадаларeхь байъиний, чевнаш хиллий шайн нах а балош, йуxабевлира.

Ткъа дукъа тIера охьа цабешаш маьхьарий дeттара гIовттамхоша.

ТІaьxxье хезара цIеначу оьрсийн маттахь йаппарш.

– Попов ву иза, Елисей Иваныч, – вовшашка дуьйцура салташа. – Имаман хьалхара наиб ву, боху, иза.

– Декъаза Елисей! Ieдaлaн каравоьдучул, тIамехь валар гIоли йу цунна.

– Схьалацахь, хьалха тIенисвеллачу диттан гаьннах хьалауллур ву…

– Мухха хилахь а, турпала Iожалла хир йу-кх цуьнан. ХIара дуьне иштта къиза дуучул-м, цо санна, шен дог Іабор гIоли йу дуккха а…

Селхана дуьйна шeн ца хуьлучу кхиамашна оьгIазъоьхура Батьянов. Шеко йацара, лома тIе штурм йича, цо мятежникаш бохориг хилaрaн. Амма цуьнан отрядна а хир дара даккхий зиэнаш. Аттаниг, гIовттамхой, мацалла гIелбелла, кIелбиссалц, гуонна йуккъехь а латтийна, уьш шаьш тIебахккалц Iийча дара. Ткъа цунна масех де дезар ду. Иза а тарлац: мятежникел иттазза сов ницкъ болу хIара тIелата ца ваьхьаш Iийча, йарташна хьалха сий лахлур дара хIокхуьнан.

ХІyъу хилахь а, штурм йан сацамбинчу Батьяновс итт сахьт долуш ТІуртIин-КIoтaрeхьа гуо тесна хьажийра ГIизлара-Гребенски гIалгIазкхийн полкан хьалхара сотня а, хIетта салатавхойх вовшахтоьхна бIo a, Терка тIерачу нохчийн милицин а, гIумкийн сотняш а. Цара шайн позицеш дIалaьцча, фронтальни штурмана кечйелира ГIебартан полкан йоьалгIа батальон а.

2

Лаха чохь хуьлуш дерг, шайн керайуккъехь долуш санна, шера гора Къайсаран бIaьхошна.

Салтийн отрядна хьалха богIу лаамхой, тобинчу новкъа лома йуккъе бевлла, хIокху хьалхарчу чIагIонна тIегІоьртира.

– ТIетухий вай? – хаьттира Юсупа Къайсаре.

– ТІаккха ткъа! Вайх лата богIуш бац уьш?

– Хьанна хаьа, нуьцкъаха тIелаьхкинeхь а?

– Mа элира-кх ахь! Ши бутт сов хан йу уьш вайна дуьхьал лиэта.

– Кхин хила а мегий уьш-м.

– ХIан-хIа, аренгара нохчий а, гIумкий а, гIалгIай а бу. Суна ма бевзa yьш.

– ХIетте а, вистхилахьа цаьрга.

Къайсара, вала тIе хьала а ваьлла, ши куьг бете а лаьцна, мохь туьйхира.

– Нохчий, гIалгIай! Цхьана цIийх цхьа вежарий ду вай. Ткъа шу, гIумкий, тхан лулахой ду. Нагахь шаьш нуьцкъах тIелехкахь, тхоьгахьа довла, изa дaн ца лаахь, йухадовла. Амма тхан цIий Iано дагахь шу делахь, тхоьгара къинхетам хир бац шуна!..

Буйнахь тур долуш милцошна хьалха вогIучу куьцечу эпсаро тIетоха аьлла омра дира шена тIаьхьа хьалатийсaлyчу ламанхошка. Цара тоьпаш хьалалаьцча, вала тIера чуэккха сихвелира Къайсар, амма шен куйнах хIума кхеташ санна хетаделира.

– Дела хила шун шайн вархIий дена неIалт! – йаппарш йира Къайсара, гуна тIехьа а иккхина, шен куйне а хьоьжуш. – Халла хиллачу куйнна шиъ Iуьрг эккхийти-кх цара…

– Дакъаза ма вала хьо, Къайсар! – мохь туьйхира топ карахь схьаиккхинчу Іaьлбага. – Герз караxь вайна дуьхьалвогIург вайн мостагI вуй ца хаьа хьуна?

Тоьпан зIок кIегар а хаийна, цхьана куьйга топ хьала а лаьцна, лаг уьйзира Елисейс. ХьалхавогIу эпсар, деге ка а тоьхна, буйнара тур дIа а хецна, цкъа гуора а воьжна, йуьхьарвахара. ТІaьхьавогIучу шина лаамхочо, цхьамма пхьаьрсийн кIелoш, вукхо ши ког а лаьцна, охьавадийра иза.

Готтачу некъа хьалататтабелла лаамхой цхьана йукъана боьхна хьаьвзира, йуха а, кестта саметта а баьхкина, шина а агIор баьржаш, йоккха йукъ схьалаьцна, дитташ тIехьа а лечкъаш, текхаш, тоьпаш а йетташ, хьалагIоьртира. Амма вала тIехьарчу гIовттамхоша жимма а царах айъавелларг, тухий, дIатевора.

– XIoъ эрна ма бахийталаш! – омра дира Къайсара, вийначу эпсаран метта хьалхаваьллачу прапорщикан дага тIе Iалашо а лоцуш.

– ДIаэца, жIaьлеш! – мохь тухура Михаила, ша тоьпан лаг масазза узу. – Шуна кхайкхийначу совгIатан метта бу шуна!

– Къайсар! Aьтту агIор хьажа, гуо таса гIерта уьш!

– Иза-м хир дацара! Iумар, хьала ма ийъало, коьртах вер ву хьо.

Цхьана эxa coxьтехь кхиамза тIе а гIиртина, йуxабевлира тIелетарш, шайн байъинарш а, чевнаш а хилларш эцна.

Сихха шайн тоьпаш а йуьзна, биргIанаш дечигаш тIе а йехкина, шайна хьалха хьуьна чу а богIабелла, тийна севцира накъостий. Масех минот а йелира тIелетарш йуха гучу цa бoвлуш.

– Охьачубисси-те уьш? – элира Къайсара, хьаьж тIера хьацар дIа а доккхуш.

– Схьахетарехь, дукха доггах а бацара.

– Йуха тIелатаза Іай, хаац.

– Тамаша бу латахь, вай зиэн дагахь хьовсийна хила а мега.

– Лаха чохь хIун ду, Iаьлбаг? – xaьттира Къайсара хӀетта тIевеанчу имаме.

– Кечлуш бу тIетаьIIина. Дерриг эскар Яьссех сехьадаьлла. Цхьа дакъа Іиси-Юьрта догIу.

– Вайна гIоьнна нах дукха баьхкиний?

– БIе алссам стаг. Берриг боxург санна – кегийрхой. Болата хьегна къа а эрна ца дайна. Шелара а веана ткъех жима стаг. Сийсара дукха ницкъ-м ца хилира шуна?

– ГІоьрдалаxxьий? ХIан-хIа. Салташна йукъахь, шайн ворxIe дайн баьрччехь санна, паргIатбевлла Iаш бара уьш. Царна гIенах а ца гора оцу йуккъехула вай йуьрта гIоьртур ду бохург. Пурстoьпан канцаллина гуо а бина, хехь лаьтта ши милцо аьрташха тоьхна охьа а виллина,

1 ... 88 89 90 91 92 93 94 95 96 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии

Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!

Никто еще не прокомментировал. Хотите быть первым, кто выскажется?