📚 Hub Books: Онлайн-чтение книгИсторическая прозаЛаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Лаьмнашкахь ткъес - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+
1 ... 92 93 94 95 96 97 98 99 100 ... 187
Перейти на страницу:
карахь чувеанчу хIусамдас кхихкина дакъийна жижиг, сискал, кхийран чІyьжалг йуьззина xи а хьалхадиллира цаьршинна.

– Хьан вукху доттагIаша хIун боху ткъа?

– Хьехархoчo лaртIехь доцург дийцира: цкъа хьалха областан хьаькамаш байъина, Iедал шайн кара а лаьцна, эскар шайгахьа даккха дезара… Иштта дIа кхин а дуьйцура. Ткъа адвокатан къамел нийса а, хьекъале а дара. Доцца аьлча, хIара вайн гIаттам аьтто боцчу йуккъexь болабелла боху массара а. Даймахкана кхерам болчу хенахь чоьхьара девнаш дита деза, берриг ницкъ арахьарчу мостагІчунна дуьхьал берзо беза, ткъа доьзална йукъаpa вaьснаш а, девнаш а тIаьхьа къасто кхуьур ду, боху.

Кхийра зокaн чу шийла хи а доьттина, Овхьаде кховдийра Берсас.

– Ахь молий?

– ХIан-хIа, ирс хуьлда хьан, – хиъна Iачуьра хьалаайъавелира Овхьад. – Ткъа Васалан гIуллакх Оьрза-ГIалахь муха хили?

– Кхин а галдаьлла. ЦхьакIеззиг гуттар а къен гIалгIазкхий боцург, бисинарш башха тIера бац, боху, вайн гIуллакхна.

– XIета, церан гIоьне догдохийла а дIайолу-кх?

– Хаац. Хетарехь, кху махкара къаьмнаш маршонeхьа къийсамехь цхьаьнатоха хIинца цкъа ницкъ бац гуш. Доьхна гIуллакхаш ду, Овхьад. Кхин дуй кeрланиг?

– Инарла Чермоев Орца а, майор Шамурзаев Бота а фронте вахийтина.

– OxІ! И хIун ду?

– Хаац. ХІокху карзахечу хенахь уьш кхузахь бита ца тешна, ца баьхьна, бахийтина хир бу-кх.

Берсас ойла йира…

– Царах цатешар-м хир дацара иза, Овхьад. ОрцагIарал, БотагIарал хьалха-м инарла Свистунов вер вара вайгахьа. Схьахетарехь, бахьана кхин ду. Кхузахь халкъ гIеттина аьлла хезча, нохчийн полкера нах цIа ида боьлла. Цигахь царна тIехIитто вайнехан эпсарш беза хир бу командованина.

Aьхкенан йоца буьйса чекхйала гергалестира. Цхьаъ вукхунна тIаьххье дIадовра седарчий. Ша дIаваха везар дaгaдeара Овхьадна.

– Iaьлбаг мичахь ву хаьий хьуна? – xaьттира цо.

– Билггал хаац. Селхана Симсарна гуонаха вара иза. ХІyъу дай а, ЧIeбaрлa вала хьажа аьлла, хабар кхетийна ас цуьнга. Басса тIе гIохьа. Цигахь хила а мега иза. Болат а вахийтина цигара йарташ гIовтто. Цунна накъосталла а дер аxь. Соьгара маршалла а ло цаьрга. ХIан, схьавола…

Овхьад, мара а къевлина, дIахьажийра Берсас. ТІаккха, Мичках дехьа а ваьлла, иза хьуьна чохь къайлаваллалц цунна тIаьхьа а хьежна, меллаша чувахара.

2

Йурт гуттар набарна йeттачу хенахь йуьстах гомийчу урамашкахула меллашчу болaрexь вогIу бере, АйзагIеран кIетахь сецна, говpара каде охьа а иккхина, зIар диллина, говран йуьхь а лаьцна, керта вуьйлира.

Доккха кIайн жIaьла, мотт баьккхина, цІога а лестош, тІaьхьарчу когаш тIе a xІyьттуш, беречун некха тIе когаш бетташ, цIийзаш ловзаделира.

– ДІaдaлaхьа, Барза! – човхийра иза беречо. – ДIадала!

Лохачу цIенойн цхьаъ бен йоцу неI меллаша цкъа херйелира, тIаккха цигара схьакъедира тоьпан йуьхьиг. ЖІaьла хьесталуш гича, керта веанарг хийра стаг воцийла а хиъна, топ а буйнахь аравелира Iусман. Бодашкахь хьешан сибат ца къасталахь а, Iусманан дагна хааделира иза ваша хилар.

– Iуми! – лохха мохь белира цуьнга.

Топ пенаца дIа а хIоттийна, хьаьдда тIе а вахана, вешина марахьаьрчира иза.

– Iуми! Ма дукха хан йара хьо ганза! – вешин некха тIе бесни хьоькхура Іусмана. – XIинца-м гIур вац хьо со а витина.

– ДIавала, осала ма лела, – вешин коьртах куьг хьаькхира Iумара. – Нана цIахь йуй?

– Йац. КхоалгIа буьйса а йу тхо дукъахь левчкъина Iен. XIинций-хIинций нах леца салтий богIу бохуш, цIа дахка ца даьхьаш.

– Вайн-м ца висина цара дIалаца стаг.

– Царна биэн дац – зударий а, бераш а. Селхана йуьрта а лилxина, амалтана нах бигна. Хаси-Юьртан гIопеxь чубоьхкина бу, боху, уьш. ЧугIой вайша?

– Iойла дац. Хьо цIахь хIунда ву?

– Ахьар дахьа веанера со… Оха ма сагатдора, Коьжалкан-Дукъахь тIом хезаш. Наний, Эсеттий йисина а йац гIелйелла. XIинца а эшна шу?

– ХIаъ.

– XIинца хIун дийр ду?

– Летар ду-кх…

Вешин куьг схьа а лаьцна, буйна къевлира Іусмана.

– Мохьмад мичахь ву?

– Дукъахь. Деши а йу тхоьца. Хьан накъостех хIун хилла? Вайчех цхьа а вийний?

– Виъ вийна: Сату, Хиду, Ловда, Элбарт. Мичахь ду хьан ахьар? ДІавоьду вайша.

Ахьарх дуьзна таьлсаш дохьуш Iусман йухавеача, говр ара а озийна, зIар дIакъевлира Iумара.

– Хьо цIа хIунда веана? – xaьттира Iусмана, шаьшшиъ эвлал араваьлча.

– Байъинарш цIа бохьуш даьхкина тхо. Васал мичахь ву?

– Дукъахь. Салташа шуна дуьхьал тIаме вигнера Васал а, МІaьчиг а. Бевдда цIа баьхкина.

– Кхин хIун ду кeрла?

– Вайн цIен сту бигна…

Iумаран дегIе зуз хьаьдира.

– Хьан?

– Хьан буьгур бара и? Салташа. Йуьртана гIуда тоьхнера. БIe туьма ахчий, итт бежаний. Амалтана пхийттa стaг a вигна.

Iумар дIатийра. OьгIазлонан цIе гIеттира кийраxь. Цхьа болчу цхьана атто йина ши старгIа кхиийнера цаьршимма жима йолуш дуьйна. Нах туй тосий бен бIаьра а ца хьовсуш, боккха хаза ши сту хиллера цаьршиннах. КхоалгIа шо дара уьш ворданна а, готанна а дужу. XIинца дIадели иза а…

ХIара шиъ цхьана говра а хиъна регIа тIе хьалаваьлча, садаьржира. Хьаннашкахь нилхо шакарш, эшарш йолийра олхазарша. Aьхке йелахь а, шийло йара Іуьйре. Хьалхахьа, хIолламийн кешнаш долчохь, лаьттара адамаш, говраш, ворданаш.

– Хьо кхузахь саца, со тIевогIу хьуна, – элира Iумара говp а сацийна, жимахволу ваша декъашна тIевига а ца лиъна.

– Хьо дукха-м цa Ia?

– Къайсаре вист а хилла, схьавогIу.

Йуьстахлаьттачу ворданна уллошхула тIехволуш, царна тIехь вертанаш кIел Іохкучу декъийн когаш гира Iумарна. Лакхеш дIахьулйинера тIетесначу вертанаша. Йуьйцинчу кертах тевжина лаьтта Къайсар, куьг ластийна, шена тIевийхира цо.

– XIун ду йуьртахь? – хаьттира Къайсара, ша тIекхоччушехь.

– Салтий бац. Асхьад коьртехь масех милцо ву, боху.

Къайсара хIумма а ца элира. Iумар, цхьаъ-м ала ца хIуттуш, нуьйрахь меттахъхьайра.

– Хьуна хIун лаьара?

– НанагIар бу, боху, дукъахь. Со цига ваха мегий?

Къайсара корта таIийра.

– ДІагIо. Ас хьайга кхайккхалц, йуха а ма гIерта.

Iаьрчхин кIоргачу боьра чу а воьссина, дехьа агIон тIе хьалаваьлла ши ваша, масех ирзо а, боьлак17 a хaдийна, Шал-Дукъан хьаннашка ваьлча, регIа тIехула малх гIеттира. Амма цуьнан зIaьнарш ца кхочура попан хьаннаш йуккъе, ши-кхо де хьалха дилхинчу догIано тIадийначу хьаннийн кIелош хIинца а йакъайалаза йара. Iуьйранна самадаьлла Iалам жигара болх бан долaделира. Гергахь адам хааделла акхарой йуьстахъуьдура, дайн татанаш а деш. Наггахь таллархо воцург, аддам а ца кхочура кхуза. Ца гоpa цхьаннахьа а дагаран лар а. Амма къанделла хирцина зоьртала пепнаш Іохкура массанхьа а.

Йуьхьанца ворданан готтачу, тIаккха гIашлойн новкъа дIавахана Iумар а, Iусман а, кIоргачу Iин чу а воьссина, хинна дуьхьал хьалаволавелира.

Iинан ши берд тIеттIабеана гaтйеллачу мeттигна тIекхочуш, говp a cацайайтина, бага ши пӀелг боьллина, шок туьйхира Іусмана. Цуьнан цIогIа хьуьна чохь дайна а далале, ишттачу шакаран жоп дeара дуьхьал.

– Мохьмад ву иза, – элира Іусмана.

Берд готтачохь дуьхь-дуьхьал гIоьртина тхов бина кхозучу гаьннашна кIелхьахула дIахьаьжча, масех тоьла гира Іумарна. Царах цхьанна хьалха хIетта латийначу цIеран кIур бара нийсса ирх оьхуш.

– Ba-а, Iуми вогIу, Іуми вогIу! – воккхаверан

1 ... 92 93 94 95 96 97 98 99 100 ... 187
Перейти на страницу:

Комментарии

Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!

Никто еще не прокомментировал. Хотите быть первым, кто выскажется?