📚 Hub Books: Онлайн-чтение книгИсторическая прозаДарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+
1 ... 46 47 48 49 50 51 52 53 54 ... 167
Перейти на страницу:
вир! Хьо кхузахь, къаьркъа а муьйлуш, сакъоьруш Iачу хенахь ас тIом бина. XIapa сан пхьарс мичахь баьккхина, ца хууш ду хьо, хьаьрса зуд?

Солтин дешнаш салташна хезна хиларна кхеравелла Хамов цаьргахьа дIахьаьжира. Цхьадика, гулбеллачу нахана йуьстахо кертах а тевжина, вовшашка лохха къамелаш деш лаьттара уьш кхоъ.

– Хьо ву xIapa иллехь вуьйцу турпал! – кIоршаме вела а къежаш, когашкара хьала коьрте кхаччалц бIаьрг туьйхира цуьнга Хамовс. – Хьо Георгин жаIаран кавалер хилча, айхьа Iедалан векална йаппарш йан мегар ду, моьтту хьуна? Хьо стенан дуьхьа ваханера тIаме? Россин дуьхьа ваханера, ала гIерта хьо? Хьайна ахча делча, йолахо хилла, ваханера-кх! Мичахь бу хьан доттагIий Аьрсамирзоев а, Аьрзуев а? Царна тIаьххье Нерчинске хьо дIавахийта дош ло ас хьуна. Ас кхечухьа дийр ду хьоьца къамел!

ТIаккха шен оьгIазвахар Iабдина тIедерзийра цо.

– Хьо хIунда лаьтта, и виран лергаш дуьйлина, ладоьгIуш? Кхин нах буй йуьртан урхалле харжа?

– Шайна йуьртан урхалле харжа луучу нехан цIерш йаха! – нахе мохь туьйхира Iабдис.

– Мудара цIерш йаьхначарна реза ду тхо! – вистхилира Инарлин шича ЧIонакъа.

– СаьIад йуьртда харжа! Iабди – цуьнан писар!

– Хьуьса, Панта-Хьаьжа, Инарла къаной харжа!

– Шайн ворхIе дена неIалт хуьлда шун а, церан а!

– Седа дуьхьал баха хоржийла уьш!

Вой даьлча санна, гIовгIа йелира майданахь. Дехьа йуккъехь вовшашна тIетта гIертара Доша а, ЧIонакъа а. Шеко йоцуш, цIий Iанорца чекхдердолу дов сацийра гонна йукъаваьллачу Овхьада.

– Нах! – мохь туьйхира цо паргIатчу озаца. – Вайн дайн оьзда гIиллакхаш дицдина аш. Собарх доьхна шу. Вовшийн сийсаздеш, оьзда йоцу Iиттарш йо аш. Кхузахь аш маьхьарий хьекхарх, вовшашна хьокхий деттарх, шаьлтанаш Iиттapx кхин а галдалар бен, нислур дац йуьртан гIуллакх. Кхуза гулбелла нах шина декъе, шина тобане бекъабелла. Шина а тобано цIерш йаьхна шайна йуьртан урхалле харжа луучу нехан. Уьш, пхиппа, итт стаг ву. Уьш берриг а кхожа йукъа а бахийтий, кхаж тасийша. Кхаж алсамбаьлла пхиъ чекхвер ву, важа пхиъ йукъара дIавер ву. Вовшашна весаш йан а ца оьшуш, атта гIуллакх ма ду иза. КхидIа и маьхьарий ма хьекхалаш. Собаре хила, къонахий хила, и виъ оьрси вайх ма кхардаве.

ТIаккха Хамовна тIевирзира Овхьад:

– Господин пурстоп, хIокху майданахь лаьтта йоза-дешар а, оьрсийн мотт а ца хуу адамаш айхьа дуьйцучух ца кхетийла хууш, майраваьлла, царна оьзда йоцу йаппарш йеш къамел до ахь. Хьо мухха велахь а, оьрсийн эпсаран цIе лелош, паччахьан векал ма ву хьо кхузахь. Оьрсийн эпсаран, паччахьан сий лардан декхар ма ду хьан, муьлххачу хьоле, муьлххачу йукъаралле нисвелча а…

– Хьо волу меттиг а ца хоуьйтуш, тийна-таьIна Iийча гIоли йу хьуна, каторжник!

Овхьад велавелира:

– Со каторжник хилар а, каторжник муха хилла а цхьанна а къайле йац, господин пурстоп. Сайн къоман маршонехьа, адамийн бакъонашкахьа ас къийсарна хиллера сох каторжник. Амма хьо мила хилла а, мила ву а, кхуза муха кхаьчна а, ма хаьа суна. Эскарехь гIуллакхдеш волуш, хьо да волу бахам кехатех а ловзийна, айхьа дIабаккхийтича, жимачу бераца зуда дIакъаьстина хьох. ТIаккха хьо маларехьа вирзира. Уьш а, кхин а тидаме а эцна, эпсарийн суьдан кхелаца эскарера дIакхоьссина хьо, оьздачу нехан йукъараллехь цхьанххьа а тIе а ца лаьцна, хьайн дехарца кхуза веана. Кхузахь, Нохчийчохь, хьекъална аьрта, оьздангаллех боьхна, къуй, малархой, кехатех ловзурш, кхин зуламхой а хьаькамаш мега дела. ХIинца ваьшшиннах лаьцна къамел дуьтур вайша. Йерриг Россехь а, Нохчийчохь а, хIокху округехь а хIоьттина чолхе, карзахе, кхераме хьал хьуна хууш хир ду аьлла, хета суна. Ткъа хIара йурт карзахйаьккхинарш хьо а, кхузара хьан бартахой а бу. КхидIа а аш xIapa питанаш леладахь, кхузахь цIий Iанарна кхерам бу. Цундела ас маслаIате некъ хьоьху хьуна. ХIокху гуламера нах шина тобане бекъабелла. Шина а тобано пхиппа стаг гайтина йуьртан урхалле харжа. Уьш итт стаг кхожа йукъавахийта, кхаж алсам баьлларш йуьртда, писар, къаной хир бу.

Хамовс иза аьттехьа а ца дитира:

– Округан начальнико къобалбинарш бен хоржур бац йуьртан урхалле. КхидIа хабарш дийца а ца оьшу!

– Йуьртан урхалле хоржурш, округан начальнико къобалбинарш бен хила йиш йац аьлла, дац законехь.

– Кхузахь законаш оха xIиттийнa ду!

– Дика ду хIета. ТIаьхьалонах жоп айхьа лур ахь.

Овхьад гонна йукъара дIаваьлча, Iабдица лохха къамел долийра Хамовс.

– Оцу хьан вашас, каторжнико, бохург дича, шуьнаш чекхбевр буй?

– Дог дохийла а йац…

– ХIета шаьш кегийна худар шаьш даа деза аш! Шайчаьрца барт а бай, нах балха баханчу хенахь, цIеххьана кхайкхалаш гулам, бехирий шуьга? ТIаккха кхузахь дукхахберш шуьнаш хир бара, тодакхаш!

– ХIинца xIapa харжамаш тIаьхьалонга дIататта ца мега?

– ХIун аьлла?

– Суна карор ду бахьана…

– ДIалалла хIета!

Iабди нахана тIевирзира:

– ХIай, нах, хIай! – мохь туьйхира цо. – Кхузахь девнаш деш, вовшашна чуьчча гIерташ, харжамаш бар аш дохийна, боху пурстопа. Цундела хIара харжамаш тIаьхьалонга дIатотту вай. Харжамаш хинболу де, оха билгал а дина, шуьга дIакхайкхор ду. ТIаккха ша схьавогIyp ву, боху пурстопа. Цул совнаха, хIара галдаьккхинарш муьлш бу а хаьа шена, царна Iедалехь догIу таIзар дийр ду ша а, боху. XIинцa шайн-шайн цIа дерза!

– Iабди бакълуь! Мудар! Хьайн накъосташца цIехьа йахийта ахьа!

– Хьуьса! Панта-Хьаьжа! Йухаверза ший а! И нах а совцабе!

– Харжамаш бар хир дац тахана, БIаьштаг, – соцунгIа а хилла, вистхилира Панта-Хьаьжа. – Барт боьхна вайн. Цундела хIокху йуьртара ийман-беркат дIадедда. Пурстопа бохург дичахьана довлу вай. Инарла! ЧIонакъа, дIадуьло!

СаьIадгIеран тобанах ах бIе гергга стаг майданара дIавахара.

– Вай хIун де, Овхьад? – хаьттира БIаьштага. – Вай а цIа доьлху йа харжамаш бо?

– Вай вешан йуьртан урхалла хоржур йу-кх. И ткъех стаг дIавахарх, вайн галдала хIумма а дац. Хьайна гIo дан а, кхаж тасарна тIехь тергам латто а кхо-виъ стаг а къаставай, кхаж тасарна кечам бехьа, БIаьштаг. Аш и кечам бешшехь, ас нахе цхьа масех дош а эр дара.

– ЛадогIал, нах! Овхьаде ладогIал!

КIез-кIезиг туьйш, дIатийра нехан гIовгIанаш.

4

Шен салташца пурстоп а, шайга кхардаме хьоьжу и масех хьолахо а, церан бартахой а майданара дIабахча, цхьа боккха, беза мохь гира охьатесча санна, паргIатбевлла, садаьIира кхузахь бисинчу наха.

– БIаьштаггIара кхажтасарна кечам бешшехь, шуьга цхьа масех дош ала лаьара суна, – даим санна, парггIат къамел долийра Овхьада. – Нохчийн yггap тоьллачуьра ах мохк гIалагIазкхашна дIабелла оьрсийн паччахьо. Цул совнаха, Нохчийчоь дIалоцучу хенахь вайн халкъана йамарт а, ткъа шена тешаме а хиллачу вайнахах бевллачу цхьацца эпсаршна а, совдегаршна а, динадайшна а совгIатана латта дийкъира оьрсийн паччахьо. ХIокху Нохчмахкарчу итт йуьртан доллучул латта ду царах хIораннан а долахь. Нохчийн хьолахошна делла латта-м хIумма а доцург ду, паччахьо вайн луларчу къаьмнех схьабевллачу элашна деллачу лаьттаца дуьстича. Оцу иттех элана паччахьо делла нохчийн латта Нохчмахкарчу бахархойн долахь долчул маситтаза алсам ду.

1 ... 46 47 48 49 50 51 52 53 54 ... 167
Перейти на страницу:

Комментарии

Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!

Никто еще не прокомментировал. Хотите быть первым, кто выскажется?