Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
– Нохчийн гIиллакх дац, коьртара куй дIабоккхуш. Ткъа хьо мила ву а, хаьа суна. Овхьада вийцина, ма-варра…
– Хьайга бохург дехьа, Iела, – кхеравелла, йукъавуьйлира СаьIад. – Мухха велахь а, Iедалан векал ма ву иза…
Iелин оьгIазечу хьажаро дIатевира СаьIад.
– ЛадогIахьа, господин пурстоп, хьуна хаьий ткъа, хьо мила Iамо, мила кхеро гIерта? – Хамовна тIевирзира Iела. – Эрна карзах ма вийла. Сан кхузткъе пхийтта шо ду. Шун олалла тIе ца лаца гIерташ, сайн дейтта шо кхаьчча, кара герз а эцна, йалхитта шарахь шуна дуьхьал тIом бина ас. Цхьа шо Хонкаран жоьжахатехь а, ткъе берхIитта шо Сибарен каторгин жоьжахатехь а даьккхина. Со цхьаъ вац оцу жоьжахатехула чекхваьлларг. Шун паччахьо тхоьгара мохк дIабаьккхина, тхо лолле доьхкина. Тхан даьIахкаш йуьйдина Россин а, Хонкаран а массо а маьIIехь. Шун инзаре боккхачу ницкъа кIел ах хIаллакьхилла тхан къам. Амма тхо гора хIитто а, тхан коьртара куйнаш дIадаха а ницкъ ца хилла шун цкъа а йа хир а бац. Кхин сан дегIах шедакхаж ма Iотталахь, ас могуьйтур дац хьуна!
Хамов шен тапчин xyмпIapx тасавелира.
– Ларлолахь, господин пурстоп! – шаьлтанан макъарна тIе куьг а диллина, цхьа гIулч хьалха тесира Iелас. – Охьадахийта ши куьг! Ахь уьш меттахъхьадахь, ас чоко арахоьцур йу хьан!
Схьайаьстина хумпIар тIекъовла а ца ваьхьна, СаьIадана тIевирзира Хамов:
– Ткъа хьо хIун деш лаьтта кхузахь, хорша йеача санна, вегош? КIилло! Массеран а цхьабарт бу шун, варраш! Салтий схьа а кхайкхий, дIалацийта каторжник!
Оцу минотехь арахь гIовгIанаш йевлира. Корехула арахьажавеллачу Iелина, Доша коьртехь а волуш, говрашкахь, герзаца масех стаг гира.
– Арадала оцу чуьра, СаьIад боху гIизби! – хезара Дошин мохь. – Аш Iелин коьрта тIера цхьа чо божабахь, хIокху йуьртара шу иттех стаг сийначу цIарах вагор ву!
Кхаш тIера цIa богIу нах, шайна тешнабехк бинийла хиъна, цхьацца-шишша схьагуллуш, уьйтIахь йоккха тоба гулйелира. ТIехула тIе, ша тIе мел кхаьчначуьнга, пурстопо Iела лаьцна, олура туркхо.
– Ахь тIаьхьахьехна хир бу уьш? – ара пIелг хьажийра Хамовс.
– XIaн-xIa, – корта ластийра Iелас. – Цаьрга орца аллал доккха хIyмa а дац xIapa.
– Итт минот йалале уьш цигара ахь дIа ца бахахь, ас ирхъуллуьйтур ву хьо!
– Уьш кхузара дIабохур бу ас, амма сайн дуьхьа а доцуш, церан шайн дуьхьа. Цаьрга цIий ца Iанадайта.
Iела аравелира. Нахана тIе тоьпаш а йерзийна, шаьш хIун дан деза ца хууш, боьхна лаьттара учара салтий.
– Тоьпаш охьайахийта, шайна шаьш дайъийта ца лаахь, – элира цаьрга Iелас. – Вай-м цхьа адамаш дай.
Iела учахь гучуваьлча, гIовгIанаш совцийна, ладуьйгIиpa наха.
– Вежарий! Шу хIунда гулделла кхуза?
– Тхуна тешнабехк бина оцу жIаьлеша!
– Шу леца баьхкина уьш!
– Оха вуьгуьйтур вац хьо!
– Арадовла цу чуьра, заддаш!
Iелас Iaca хьалалецира. Карзахбевлла нах дIатийра.
– ХIокху йуьртара тхо масех стаг новкъа ву Iедална. Цуьнан цхьа а тайпа шеко йац. Амма шаьш къайлах дагалаьцнарг тахана тешнабехкаца чекхдаьккхи цара. Иза тахана нислур дац вайга. Собар ду коьртаниг. Бакъдерг толаза дуьсур дац. Овхьад цIа веача, вовшех дага а девлла, цхьа нийса некъ къастор бу вай. Аш лелочо йуьртана бохам бийр бу. Дуьло, шайн-шайн цIа гIo.
Коьрта тIехула йоккха, тиша шаьлта а лестош, массарел а карзахваьлла хьийзара къена Янаркъа.
– Iела, тхо Iexo гIерта хьо? – мохь хьоькхура цо. – Хьо а, Овхьад а, оха йуьртан Iедале хаьржина пхи стаг а лаца ма баьхкина уьш! ХIей, СаьIад, оха дIахоуьйту хьоьга, царах цхьа стаг лаьцна вигахь, хIокху йуьртара итт цIа догург хилар!
– Янаркъа! – бIогIамах Iаса а тухуш, аз айдира Iелас. – Тхо ворхI стаг лацарх, шу йерриг йурт, йерриг Нохчийчоь йуьсу. Россера дерриг халкъаш набахти дохкалур дац Iедале. Ас аьлларг а дай, кхузара дIадовла. Аш цхьаммо сихвелла йа хотIе хилла, оцу салташна тохахь, тхо вopхI лаьцна вуьтур вац, йуьртана доккха зулам дийр ду. Сихлур дац вай, собаре а хилла, ойла а йина, Дала дайттинарг дийр ду.
Иза а аьлла, кхин вист а ца хуьлуш, канцеляри чу вахара Iела.
– И нах дIа хIунда ца бовлу цигара? – хаьттира кхеравелла бос баьхьначу Хамовс. – Цара лелочо гойту хьо церан баьчча хилар! Амма хаалахь, кху йуьртарчу Iедална цара новкъарло йахь, хьан дегI тангIалкхаш тIехь кхозург йа хьо схьавеанчу йуха гIуриг хилар!
– Ас аьлла-кх хьоьга, господин пурстоп, со кхеро ма гIерта. Со кхеравала а, цецвала а хIума ца дисина дуьненахь. Ткъа ахь ирхъоллийтахь а, Сибрех вахийтахь а, сайн дахар кепекан меха ца хета суна. ХIокху дуьненахь сайн декхар кхочушдина ваьлла со. Цул а, суна эрна кхерамаш а ца туьйсуш, айхьа со схьа хIунда кхайкхина, дийцахьа.
Канцелярин кертара арабевллехь а, гена ца бовлуш, цхьаццанхьа тобанаш а йина, севцнера нах. Царах кхеравеллера а, хаац, йа Iелина кхерамаш тийсар эрна хиларх кхеттера а, хаац, кхерамаш тийсар а дитина, паргIат къамел дан вуьйлира Хамов:
– Хьо Сибрехара цIа веача, цига гулбеллачу нахана хьалха Iедална дуьхьал ахь дина крамоле къамел хаьа тхуна. ХIокху йуьртахь адамаш карзахдаьхнарг хьо а, Хортаев Овхьад а ву. Нагахь санна ашшиммо и питане мотт-эладитанаш ца дитахь, шуьшиъ лаца дезар ду сан. Иштта бу округан начальникан Галаевн лаам.
ТIаккха Хамовс ма-дарра дийцира, Сибрехара цIа веача, ша волчу гулбеллачу нахана хьалха Iелас дина къамел.
– И къамел ас дар бакъ ду, господин пурстоп. Амма цул тIаьхьа шуна тIекхехьна мотт шаберг а харц бу. Со къена ву, сан могашалла дика а йац. Со цкъа а йуьртан гуламехь а ца хилла, атталла пхьоьхана а ца вуьйлу. И цхьаъ ду. ШолгIа-делахь, хIокху Iедална мел реза вацахь а, сой, Овхьаддий дуьхьал ву цунна герзийн ницкъашца дуьхьало йарна, адамийн цIий Iанорна, хIокху махкахь бехачу машаречу оьрсашна зуламаш дарна. Иштта тхойша дуьхьал ву Iедало нохчашна тIехь латточу лоллина, Iазапна, цуьнан къизаллина. Тхойшинна луург хIокху махкахь Iедало хIоттийна чолхе зуламе, бохаме хьал машаречу некъашца, российски законашца къастор а, нисдар а ду. Амма Iедална ца лаьа иза дан. Нохчийн махкахь барт, синтем, машар хуьлийла. Къаьмнашна йукъахь барт а, машар а хуьлийла. Иза хьоьга дийцар эрна дуйла, хаьа суна. Коьрта бехкениг Iедал ду. Хьо мила вy? Йукъалеларг. Хьайл лакхарчеран карахь тайниг, куьйга ловзо пелхьо. Округан начальнико хьайна тIедиллинарг схьадохьуш вогIу, кхузахь тIуртIаз валлалц къаьркъа а муьйлий, дIавоьду. Хьалха гуламехь йуьртан урхалла хоржуш, Iедало а, йуьртарчу наха а къастийнарш а харжий, хIара гIуллакх машаре дIадерзадахьара аш, элира шуьга Овхьада. Аш иза ца дира. Хьо Ведана, ткъа СаьIадгIар шайн бартахошца гуламера дIабахара. Йуьрто урхалле хаьржина нах дIабаха, церан метта шуьнаш харжа аьлла, округан начальнико салташца схьаваийтина хьо. Харжамашкахь дакъалаьцнарш бIе гергга стаг бен вац. Аш закон талхийна. Йурт карзахйаьккхинарш шу ду. Соьга
Поделиться книгой в соц сетях:
Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!