📚 Hub Books: Онлайн-чтение книгИсторическая прозаДарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+
1 ... 58 59 60 61 62 63 64 65 66 ... 167
Перейти на страницу:
шийла а тIедеара Ia. Аз кхолха дуьйлуш, кеглуш, хьаннашкахь охьадетталора гIa охьадоьжна, дерзина довла а кхиале тIедиллинчу лайн дозалло йуьхьарсетто дитташ а, генаш а. Дикка ханна дукъделлера йарташна йукъара некъаш а. Амма шеца гIашсалтийн тоба а, гIалагIазкхийн бIо а, ламанан артиллери а йолуш, йарташна таIзар дан Веданара араваьллера и гIуллакх бIаьстенга татта собар кхачийна полковник Галаев. Цо шен омрица йарташна йелла хан чекхйолуш лаьттара. ХIинца, xIopa йуьрта а хIуттуш, цо дIахьедора, ткъе диъ сахьт далале пачхьалкхан декхарш дIа а ца такхахь, Iедална муьтIахь а ца хилахь, ша йарташ лаьттаца дIанисйо олий. Ша дуьйцург моттаргIина доцийла хоуьйтуш, цхьайолчу йартийн йистошка мосазза а йоккха топ а тухура.

Ведана округера дукхахйолу йарташ, цIий Iанор ца хуьлуш, къарйелла, кIелсевцира цунна. Шайна тIера пачхьалкхан декхарш а, Iедална дуьхьало йарна таIзарна тоьхна гIуда а текхна ца Iаш, цара Галаевна гIo а дора цуьнан отряд шайна луларчу йуьрта кхалхо. И гIo цара дукхахдолчунна уьш шайн йуьртара дIабахархьама а дора. Полковникан омра кхочуш ца деш, йеккъа цхьа Гати-Юрт йисинера Веданан округехь.

Шен отрядаца Галаев чекхваьллачу йартийн хIусамашкахь, хIетта чуьра дакъа арадаьккхича санна, сингаттаме тийналла хIуттура. Делахь а, вер-ваккхар ца хилчахьана, важадерг ловра наха. Амма доьзалан дена ша валар гIоли хетара, шен хIусаме xIapa Iаьржа ун хIуттучул. Полковнико нуй хьоккхий дIахьора пачхьалкхан налог такха аьтто боцчу нехан бахамаш. ТаIзархой чекхбевллачу йарташкара божалш, гIотанаш, кIаранаш йассалора. Сатосуш кхайкха нIаьна а ца йуьсура. ГIалагIазкхаша а, салташа а, къамкъаргаш хьийзош кортош а дохуш, йойуш, йуура котамаш.

Ткъа маса доьзал байлахь битина, лецна дай ваханарг йуха ца вогIучу гена, шийлачу Сибрех а бахийтина. ХIаъа, да дIа а воьллина, суьйранна чубирзинчу доьзалх тера йу тховса Нохчмахкара дукхахйолу хIусамаш. Йуха а, къурд бина, дIатедина наха Iедало шайн сийсазбар. Амма xIapa де цкъа а дицдийр дац цара. Царна цкъа а ца дицло шайна дина дика а, вон а. Аьтто нисбаллалц, собаре сатуху, тIаккха дика – диканца, вон – вонца дIадоькху.

Нохчмахкара йерриг а йарташ къарйелча а, Iедална дуьхьало йо Гати-Юьрто а, цунах ун даьллачу луларчу Саьмби-КIотаро а, Шал-Дукъо а. ТIаьххьарчу шимма-м, шайна тIехула шозза-кхузза йоккха топ тоьхча, шаьш Iедална муьтIахь ду аьлла, Галаевна тIе векалш бахкийтира. Амма Гати-Юьрто, логехь дисинчу чIеран кIохцало санна, сагатдо цуьнан. Стомара цунна тIехула а, гондIа а йоккхачу тоьпан ткъа хIоъ а тоьхна, шен омра кхочушдан йуьртана кхо де хан а йелла, Саьмби-КIотарахь туп тоьхна, сецна Галаев. Амма гатийуьртахой гучубовлуш бац. Цо хIоттийнарг СаьIад велахь а, ткъа баккъал а йуьртда Акхболатов Ахьмад ву. Селхана Iуьйранна дуьйна сарралц гулам лаьттина цигахь. Амма цара хIyн сацам тIеэцна, ца хаьа цунна. Галаевс царна йеллачу ультиматуман хан тховса суьйранна чекхйолу. ТIаккха, шен дош кхочушдеш, йурт лаьттаца нисйан йеза цо. Иза хила йиш йоцург дара. И омра деш а хаьара цунна, ша иза кхочушдийр доцийла. Кхийолу йарташ а санна, xIapa а кхеро дагахь динера. Цо хIетахь ойла ца йинера Гати-Юьртахь вехаш мIаькваьлла ши бунтовщик хиларан. Абубакаров Iела а, Хортаев Овхьад а. Царна тIе карзахе, къармазе Солтханов Солта а. Воккха стаг-м тийна-таьIна хан йоккхуш вара. Иза йуьртан гIуллакхашна а, политикина а йукъа ца гIерта, боху. Амма Галаевна шера хаьа йуьртан урхалле хаьржинчу пхеа стага Абубакаровх дагаволий бен ког дIатосуш цахилар. Хортаев Овхьад нохчийн интеллигенцица а, Соьлжа-ГIаларчу РСДРП тобанан куьйгалхошца а йаккхий уьйраш йолуш ву. Нохчийн интеллигенцин векалша чIогIа лоруш а, сий деш а ву, боху, иза. Нохчийн йолахой Россе ца бигийта, гIалара белхалой Хортаевн дIадолорца гIевттина хилар а гучудаьлла. Тамашийна хIума дай хIара-м. Шина вешех цхьаъ – Iедалехьа, важа – дуьхьал. Оццу Гати-Юьртара ву Манчжурехь нохчийн, гIебартойн дошлойн ши бIо тIамна дуьхьал гIаттийнчарех шиъ а. Ткъа хIокху тIаьххьарчу баттахь Зеламхин гIеранах дIакхетта ши гатийуьртахо.

XIapa Галаев санначу кхечарна шура йоккху йетт бу Нохчийчоь. Амма цуьнан декъаза кхаж баьлла. Массо а зуламийн хьоста ду цуьнан округ. Кхузахь бу обаргийн бен а. Цхьана агIор, Зеламхех кхоьруш, кIожан пха а бегабо цуьнан. Зеламхас шозза кехат даийтина цуьнга, нагахь санна и хьайн къизалла ахь ца сацайахь, ахь цхьа стаг Сибрех вахийтахь, цхьана стеган цIий Iанадахь, ша Добровольскийна тIаьхьа жоьжахата вохуьйтур ву хьо аьлла. Цо дийр ма ду иза. Зеламхас цкъа а эрна бага ца йетта. Цо шен дош кхочушдо. Цунна масал ду Добровольский а, Къеди-Юьртан разъездехь цо динарг а. Кхин маса ду уьш…

«ХIаъ, кхузахь лерг сема, бIаьрг сирла хила веза, – ойла йо Галаевс. – Ас корта а биттина, халла суна гIоьнна баийтина гIалагIазкхийн пхи бIо, хIара гIуллакх чекх ма-деллинехь, дIабуьгур бу. ТIаккха округехь йукъара мятеж йолалахь, сахьт далале хIаллакйийр йу сан жима гарнизон. Ирсе бу гIалагIазкхийн отделийн начальникаш. Правительствос лучу тIеман ницкъал совнаха, виллина дIa церан лаамехь ву цергашна тIекхаччалц герзаца кечвина маситта эзар гIалагIазкхи. Шайга шок ма-тоьххинехь, нохчийн йарташна тIехахкавала массо хенахь кийчча. ТIехула тIе, дукха хан йоццуш, инарла-губернаторан Колюбакинан дехарца, Кавказски эскарийн Коьртачу штабо Георгиевский тIеман складера итт эзар берданка а, масех миллион патарма а белла йеккъа цхьана Сунженски отделана. Герз делла а Iай ткъа! ГIалагIазкхий герзаца кечбеш комаьрша харж йо правительствос. Ткъа сан округехь арахьарчу гIоьне догдохийла-м муххале а йацара, атталла законехь суна хьакъ долу гIo а ца до…».

4

Гати-Юьртана тIе кхераме киртиг хIоьттинера. Округан начальнико хьалха йелла ультиматум кхочуш ца йинера гатийуьртахоша. Пачхьалкхан декхарех цхьа кепек дIа а ца йеллера, цхьа герз а ца деллера, Iедало шен кара дIабоьхучу нахах цхьа стаг дIа а ца веллера. Делан къинхетам хилла, хIетахь таIзарза йисира церан йурт. Амма селхана, йаккхийчу тоьпашца салтийн а, гIалагIазкхийн а боккха бIо а балош, Яьссел дехьа сецначу полконака и шен хьалхалера омра кхочушдан кхо де хан йелира царна. Ша аьлларг моттаргIина доцийла хоуьйтуш, йуьртана тIехула а, йистошка а ткъозза йоккха топ а тоьхна, дIавахара. Йоккха топ йетташ кхерабеллачу зударша а, бераша а Iадийна маьхьарий хьийкхира. Даьхни Iоьхура. Кхерамазечу меттигашка дIа а левчкъина, yгIypa жIаьлеш.

Тахана Iуьйранна йуьртан майдана гулбелла пхийтта шарал лакхара берриг а боьрша нах, делкъан ламазана цхьана сохьтана дIаса а бахана, йуха а цига дIагулбелира. Масех тобане бекъабелла уьш, ва Дела аьлла, цхьана барте ца боьрзура. Цхьаберш сацам боллуш дуьхьал бара полконакан омра кхочушдан. Иза ца дан летта лийр ду вай, бохура цара. Шайн зударийн а, берийн а, мискачу бахамийн а ойла йеш болчу шолгIачарна, пачхьалкхан цхьадолу декхарш дIа а текхна, хIара гIуллакх машаре дерзо лаьара. Йуьртан хьолахошна а лаьара иза машаре дерзо. Пачхьалкхан декхарш дIа а такхий, герз

1 ... 58 59 60 61 62 63 64 65 66 ... 167
Перейти на страницу:

Комментарии

Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!

Никто еще не прокомментировал. Хотите быть первым, кто выскажется?