📚 Hub Books: Онлайн-чтение книгИсторическая прозаДарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+
1 ... 54 55 56 57 58 59 60 61 62 ... 167
Перейти на страницу:
Овхьадана куьзганаш доцуш тахана дуьххьара гира цуьнан бIаьргаш. Цapнa тIехулара кIайн, дуькъа цIоцкъамаш, буьрса делахь а, амма оцу хьекъалечу, догдикачу бIаьргашна чохь доза доцуш йоккха гIайгIа гира Овхьадана.

– ХIокху тIаьххьарчу хенахь къаьсттана алсамдевлла нохчаша гIалагIазкхашна къоланаш дар, – куьзганаш бIаьргаш тIе дIa а нисдина, доккха садаьккхира Соип-Моллас. – Нагахь санна керстано шайга, бусалба дин дIа а тасий, керста дине дерза, шайн хIусамаш а йитий, махкахдовла бохуш, шаьш хьийзош дацахь, керста шуьца машар безаш велахь, цуьнца машаре даха, боху Дала. Вайга, бусалба дин дIа а тасий, керста дине дерза а, бусалба дин ма леладе а ца боху оьрсаша, вайн дин сийсаздеш а бац уьш, вайга хIокху махкара довла а, ца боху цара. ХIета, царна зуламаш ма дайша, цаьрца дов а ца лоьхуш, машаре дахийша шайга аьлча, наха хIун олу, хаьий хьуна?

– Дера, хаьа. И оьрсий вайн мостагIий бу, вайгара дIабаьккхинчу махка тIехь бехаш бу, церан Iедало вай лолле доьхкина, вай Iазапехь дахкош ду, вайгарчу къеллина, мацаллина уьш бехке бу, царна къоланаш деш, талораш деш ца даьккхича, тхан доьзалшна рицкъа дац, оха царах оьцург бакъонца бекхам бу, олу-кх.

– Хьуна-м дерриг а хууш ма хилла! – велавелира Соип-Молла. – Цхьана агIор, цIена бакълуьй и нах. Амма и къоланаш а, талораш а дийриш миска нах ма бац. Къен-миска нах шайн цIахь Iаш бу, лаьтта тIехь болх а беш, шайн доьзалш халла хене а бохуш. Къуйн а, талорхойн а дика герз а, говраш а йу. Уьш шайн доьзална гали йалта лачкъо ца боьлху. Даьхни, говраш лахка, почта, некъахой тало боьлху. Герз а, говраш а йолчарна, могаш а, къона а болчарна, къола деш а, талораш деш а, шайн доьзалшна рицкъа карор дара. Ишттанаш дукха ма бац. Ткъа къолах баха, талорашка баха герз, говраш, могашалла йоцчу къеначара, зударша, бераша, и аьттонаш шайн хилча а, къола дан, талораш дан Делах кхоьручара, эзарнаш нохчаша хIyн дан деза? ХIаъа, Iедало, вайгара уггар дикачуьра мохк дIа а баьккхина, цига баха охьаховшийна гIалагIазкхий. Нохчашкахь мацалла а, лаьттан къелла а йу. Оьрсийн Iедал къиза а ду, цо нохчийн халкъана тIехь харцонаш а лелайо, иза Iазапехь а далладо. Со а ма вац и оьрсий а, церан Iедал а хIокху вайн махкахь дезаш. Нехачул тIех бу сан цаьрга цабезам. Амма вай оьрсашна къоланаш дарах, церан хьаькамаш байарх, оьрсий кхузара дIабевр ма бац, паччахьан Iедал а дIадер ма дац. Оьрсашна дина зулам нохчашка шайгга ма токхуьйту. ГIалагIазкхашна динчу къоланан лар, дукхахьолахь, кхузара дIа гена йоцчу Мескар-Эвла а, Цоци-Эвла а йогIу. ТIаккха Iедало, и къуй а, талорхой а бахьана долуш, оцу шина а йуьртара цхьа а тайпа бехк-гуьнахь доцу адамаш хьийзадо. Оцу цхьакIеззигчу нехан зуламаш бахьана долуш халкъана бохамаш бо, цара дина зулам йарташка бIозза алсам токхуьйту, нах лоьцу, Сибрех хьийсабо, Iедало халкъана беш болу ницкъ кхин тIе а алсамбоккху. Хьалха ас ма-аллара, и зуламхой ваьш совцо а, Iедале дIабала а, ткъа Iедало уьш дIалецча, бехке беш, царна тоьшалла дан а ца лаьа вайна. Вай ма ду и бохамаш ваьшна бийраш. XIapa гIуллакх иштта гена дIадодахь, хенан йохалла нохчийн къам, ийманах доьхна, хIаллакьхир ма ду. Вай и зуламаш дитахьара, цхьаболу бохамаш бийр ма бацара Iедало. Цхьа гIуллакх къовсаме, девне, тIаме даьлча, иза машаре дерзо гIорта везарг гIорасизаниг ма ву. Ша тоьлур воцийла а хууш, и къовсам, дов, тIом гена мел бели шена эшам, бохам алсам хуьлуш гIуллакх дIадоьрзур дуйла а хууш. Хьекъале стаг нуьцкъалчу, хьалдолчу лулахочуьнца машаре, бертахь веха, шен сий а лардеш, цуьнгара пайда а оьцуш. Ткъа сонтаниг – цуьнца дов деш, тар ца луш, мостагI а хуьлий, дакъаза волу. Ас и аьлча, хьо оьрсашкахьа ву, церан Iедалехьа ву, халкъан мостагI ву олий, со нажжаз во нохчаша. Ткъа нохчийн халкъана ницкъаш ма бахьара, бехк-гуьнахь а доцу адамаш бIарздина ма хьийзадахьара, Сибрех ма хьийсабахьара, кхин а, кхин а шега аьлча, Iедало олу соьга, хьо паччахьна, цуьнан Iедална дуьхьал ву, хьуна керста оьрсий ца беза, нохчий Iедална дуьхьал бохурш, цаьрга оьрсашна зуламаш дойтурш хьо коьртехь волуш, шун динадай бу, олу. Бакъдерг, нийсаниг, маслаIатениг аьлча, оцу шиний агIорчеран мостагI хилла со.

Овхьад воккхавера хIокху гIараваьллачу Iеламстеган а, шен а ойланаш цхьаьнайогIуш хиларх. Махкахь хIоьттина чолхе хьал а, нохчийн къомера гIaйгIa-баланаш а, цуьнан декъаза кхоллам а дика гора цаьршинна. Амма коьртаниг кхин ду. XIapa декъаза къам хIокху баланех, бохамех, паччахьан лоллех кIелхьардаккха некъ лахар. Овхьада къастийнарг политикин некъ бу. Иза сацам боллуш дуьхьал ву нохчийн халкъо шен маршонехьа герзаца, тIамца къийсарна. Оцу некъо халкъ хенан йохалла хIаллакдийр ду. ДIадаханчу бIешерашкахь санна, мел турпала летарх а, нохчийн къомана шен цхьаьннан ницкъаца йаккхалур йац маршо. Оьрсашца, Россехь дехачу кхечу къаьмнашца бертахь, массеран а йукъарчу, цхьаьнатоьхначу ницкъашца бен толам баккхалур бац паччахьан, хьоладайн Iедална тIеxь. Иза дохийна дIа а даьккхина, керла Iедал хIотто деза. Халкъан Iедал. ТIаккха лолла а, Iазап а, зуламаш а дIадевр ду. Къаьмнаш бертахь, машаре, ирсе, токхе дехар ду.

Овхьада бийцира и шен сатийсамаш.

– Оцу большевикаш олучеран тобанехь-м вац хьо? – хаьттира Соип-Моллас, цуьнга лерина ла а доьгIна.

– Вац. Хила ойла а йац. Амма ас а, сан накъосташа а къобалйо церан Iaлaшo. Паччахь, хьоладай бохийна, Iедал шайн кара кхачахь, шаьш заводаш, фабрикаш белхалошна а, латта ахархошна а дIалур ду, къаьмнашна маршо лур йу, адамашна йуккъехь нийсо йийр йу, кхин дуккха а диканаш дуьйцу цара. Нохчийн къоман маршонан гIуллакхна царах пайда эца, цаьрца уьйр латтайо оха.

– Политиках дерг суна кIезиг хаьа. Шуьгахь дуьненан Iилма ду, шуна дика хуур ду дан дезарг. Амма ларлуш хила. Шена стаг зен лиъча, цуьнан кара Iедал йа хьал ло Ша, аьлла Дала. Iедал шайн карадеача, оцу большевикаш хIун дер а, ца хаьа. Ткъа хIинца болчу кхетамца ахь буьйцучу новкъа нохчий бига хала хир ду. Бакъду, цхьаммо хаза хабар дийцича, Iехалой, жа санна, тIаьхьахIуьтту. Къаьсттана кхечу къомах волчу стагана. Оьрсийн а, туркойн а йукъаметтигаш галйевлча, йа тIом хила гергабахча, йа тIом болабелча, Нохчийчу баьржа туркой а, Iаьрбий а. Нохчашна йукъахь мотт-эладита, питанаш лело, нохчий оьрсашна дуьхьал гIовтто. Ткъа дерриг а хьекъал бIаьргашна а, лергашна а чохь долу нохчий царна тIаьхьахIуьтту. Царна Къуръан деша а, Iаьрбин мотт бийца а хиъчахьана, Iехало. Цара шаьш къурайшин тайпанах, пайхамаран цIийнах ду аьлча а, бакъ моьтту. Амма шайн стаг ца лору нохчаша. Иза мел хьекъале, майра, оьзда, доьналле къонах велахь а. Нийса ма аьлла имам Шемала, нохчийн шайн диканиг лакха тIевоккхуш гу а бац, зуламхо чутосуш ор

1 ... 54 55 56 57 58 59 60 61 62 ... 167
Перейти на страницу:

Комментарии

Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!

Никто еще не прокомментировал. Хотите быть первым, кто выскажется?