Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Шрифт:
Интервал:
Зеламхин лаамза дуккха а мостагIаллаш тIеэгна цунна. Кхин тIе ца хилча а, ЭлсангIарца дерг а тоьар ма дара царна. ЧIир дуьхь-дуьхьал нисйеллачул тIаьхьа а царах стаг вийна. Цул совнаха, цхьа ладам боцчу хIуманна тIехула царах цхьа зуда а йийна. Цхьана дийнахь ГушмацIа а, Зеламха а, Солтамурд а Хорача цIа богIуш, шайн кха тIехь асар деш болчу ЭлсангIеран зударшна тIенисбелира хIорш. ГушмацIа тIаьхьависина вогIуш вара, хIара шиъ хьалха тIекхечира. ХIорш уллохула тIехбовлуш, сардамаш доьхуш, теза-маьттаза багош лейан буьйлира зударий. ТIаккха хIокхарна тIе тIулгаш кхийса а буьйлира. Хаза аларх а уьш ца севцча, вист ца хуьлуш хIара шиъ дIаволавелча, ГушмацIа тIекхечира. Собар доцчу, цIий сихачу ГушмацIас зударшна йукъа тоьхна топ а кхетта, цхьаъ йелира. Топ йолуш а хезна, ЭлсангIарах кхо стаг, герз а карахь, оцу тIе кхечира. Вовшашна герз детташ, оцу кхаанна чевнаш йира ЗеламхагIара, хIокхарах цхьаннах а цIий а ца делира. Цул тIаьхьа дукха хан йалале къена Хьамза вийра ЭлсангIара.
И цхьаболу бохамаш ГушмацIин дералла а, сихалла а бахьана долуш хиллера церан доьзална. ХушуллагIаьрца дерг а, захало а деш, машарца дерзо гIоьртира Зеламха. Амма ГушмацIа карзахвелира. Цара вайна эхь дина, Зезаг нуьцкъах схьа а йаьккхина, цIa ца йалайахь, вайна тIехтохам хир бу аьлла, шеца хIорш а буьгуш, ЭлсангIеран керта иккхира.
ХIинца кхо мостагIалла ду царна тIехь. ЭлсангIеран а, эгIашбатойн а, дукха хан йоццуш беношца хилла а…
3
ЧIогIа Делах тешаш а, Делах кхоьруш а, цIенчу даггара Далла Iамал йеш а вара Зеламха. Шена хууш, Дала бусалба адамашна хьарам динчу, къилахь леринчу гIуллакхех а, гIиллакхех а чIогIа ларлуш а вара. Шайн доьзална хиллачу бохамашна йуьхьанца бехке бора цо захалонна йукъагIоьртина нах а, Iедал а. Амма оцу хьокъехь Соип-Моллица шен къамел хиллачул тIаьхьа, цхьадолу бехкаш шариIатан некъашна тIера ваьлла леллачу шен хиларна къера а вара, ша динчу дуккха а гIуллакхашна дохко а ваьллера иза. Деле шена гечдар а доьхура цо хIора шен ламаз тIехь.
Амма хилларш а, лелларш а, иза дохковийларх, цунна лаарх, йуха нислур доцуш, дIадевллера. Машаречу дахарна тIе цунна йуханехьа некъ ца битинера Iедало а, мостагIаша а. Таллархоша тIаьхьа жIаьлеш а даьхна, бIарздина хьийзо экха санна, доьзалца цхьаьна лаьмнашкахула, хьаннашкахула ведда лелачу цуьнан, харц-нийсо а ца къестош, ша а, шен доьзал а ларбан дезара. МостагIийн гонна йуккъе, кIелонна тIенисвелча, шена схьатоьхча, дIатоха а, ша ца вейта дуьхьалонча вен а дезара. Цуьнан гихь болу беза мохь, де-дийне мел дели, байлуш бацара, базлуш бара, ницкъ тIекхеташ бацара, оьшуш бара.
Цуьнан доьзалан цIа-цIе а, керт-ков а, кIелхIотта тхов а бац. Генна цхьана йуьртахь, кIотарахь, нехан хIусамехь, йа жаIушца ши-кхо буьйса йаьккхича, кхечухьа кхалха дезара цуьнан. Ша а, шен доьзал а бахьана долуш оцу нахана бохам ца хилийта. Даа а, тIедуха а, когадуха а латтош, доьзал кхаба а безара. ХIорш къайлах тIебуьссурш а ма бара шайн доьзалш халла хене баха гIерташ, цхьа къен-миска нах. XIapa бахьана долуш тIера дай лецна, Сибрех бахийтина, рицкъа латто верасаш боцуш, бисина доьзалш а ма бара. Зеламхина а, цуьнан накъосташна а герз, тIедуха, когадуха, даа рицкъа а ма дезара. Цуьнан накъостийн а ма бара доьзалш. Оцу дерригенна а ахча дезара. Дехча, лурдолчеран ахча дацара, ткъа и долчара, шайга дехча, лур а дацара. Цундела и ахча долчаьргара нуьцкъах схьадаккха дезачу хьолехь хуьлура уьш.
Оцу берриг а эшамашна тIе кхин цхьа гIайгIа а йара Зеламхехь. Цунна кIордийнера xIapa акха, кхераме дахар. Амма хIокху махкахь шена маршо а, синтем а хирг хиларх дог диллинера цо. Кхузара дIa а ваьлла, доьзалшца цхьаьна Хонкара ваха сатуьйсура цо. Дуккха а ойланаш йинчул тIaьxьa, эххар а некъана кечам бан вуьйлира. Цуьнан хьешаша – ШерипагIеран а, МутушагIеран а кIенташа – тIелецира цхьана гIумкин элан цIарах БуритIахь цунна паспорт даккха. Бакохарчу цхьана гIажарийн лоьро хIорш дозанал дехьа а баьхна, Иране а бигна, шена вевзачу туркочуьнга Хонкара дIабигийта тIелецира. Амма некъана а, Хонкара дIакхаьчча цигахь дIатарбала а ахча цахиларо дохийра цо дагалаьцнарг.
И шен дагалаьцнарг хIетахь, ахчанна тIе а гIоьртина, кхочуш цахиларх тIаьхьа воккхавера иза.
Цул тIаьхьа цхьа шо даьлча, гIалгIайн Саламбека оьздда бехк боккхуш къамел дира цуьнга. Зеламхин уггар тешаме, майра, оьзда, доьналле накъост вара Саламбек.
– Зеламха, итт шо гергга хан йу вайша цхьаьна волу. XIopa дийнахь, xIopa сохьтехь, xIopa минотехь цхьаьний Iожаллица къуьйсуш. Сайн вешел а хьо сайна тешаме а хетара суна, иштта хьуна со хета а, моьттура. Вайшинна йуккъехь цхьа а къайле хир йац а, моьттура. Хьо майра, оьзда, тешаме, доьналле къонах ву. Амма ахь цхьа гIaлат далийтина суна а, накъосташна а хьалха. Тхуна а ца хоуьйтуш, хьайн доьзалца къайллах Хонкара ваха кечлуш хиллера хьо. Хьан зуда а, жима пхи бер дуйла а, вийначу вешин зуда а, жима кIант дуйла а, хаьа суна. Хьо воцург церан дола дан шун цIийнах воккха боьрша стаг воцийла а, хаьа. И зударий а, бераш а, цIа-цIe доцуш, сагIадоьхургаш санна, бевлла лелаш буйла а хаьа. Iедалан карабахча, уьш Сибрех бохуьйтур буйла а, хаьа. Уьш бахьана долуш, хьоьгахь боккха бала буйла а, хаьа. Хьайн са дадийна Хонкара ваха гIерташ хьо ца хиллийла а, хаьа, и зударий а, бераш а кIелхьардаха гIерташ хиллийла а, хаьа. Амма айхьа дагалаьцнарг тхоьга цахаийтар доккха гIалат дара хьан. Тхо даим хьоьца ма дара, хьуна уллохь xIopa дийнахь Iожаллина хьалха хIуьттуш. Хьо санна, Iедалан карадахча, тхо а дойур ма ду къинхетамза. Хьан санна, тхан а ма бу доьзалш, тхуна а безаш, тхо а дезаш. Хьайн аьтто нисбеллехь, тхо дIа а тийсина,
Поделиться книгой в соц сетях:
Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!