📚 Hub Books: Онлайн-чтение книгИсторическая прозаДарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Дарц - Абузар Абдулхакимович Айдамиров

Шрифт:

-
+

Интервал:

-
+
1 ... 68 69 70 71 72 73 74 75 76 ... 167
Перейти на страницу:
уьш бIарзбина. Зеламха а, цуьнан накъостий а болу меттигаш йийца, уьш Iедале схьало бохуш. Шайна лиъча а, цара муха ло хIорш Iедале? Схьа а лоьцуш, Сибрех дIахьийсабо. Цигахь ша йаьккхина кIеззиг хан а тоьъна Зеламхина, иза йовза. Гобаьккхина хьаннаш. Масех дийнахь некъ барх, йурт-м хьовха, атталла адам а ца гуш. Тесначу туйнах ша а беш шело. Мацалла, цамгарш. ХIокху бовхачу махкахь виначунна, къиъначунна хала ма йу иза лан. Къаьсттана зударшна, берашна, къеначарна. Цига бахийтинчарех дуккха а белла, боху. Цунна бехке xIapa Галаев боху кхахьпа ду. ХIорш санна, ламанхо ма ву иза. Ца хила а мега. Хилча, иштта къиза, йамарт хир вацара. Цхьа къотIалгIа йина хIума хир йу. Амма тахана тIаьххьара а гур бу цунна схьакхета малх…

Ши сахьт ду Зеламха, и ойланаш йеш, кхузахь хиъна Iен. Амма цуьнан ши бIаьрг секундана а дIа ца болу гIопан бешарчу гIанта тIе боьгIначуьра.

Iуьйранна банехь довхачу хица лийчина, цкъа хьалха дегIана, тIаккха чомехь кхача биъна, гайна там а бина, улло ха а хIоттийна, ша Iеминчу садаIа веара Галаев. Цунна тIехь полковникан духар дац. Вовшашна ткъех гIулч йукъ а йуьтуш, гIашлойн некъаца маьънаш кIел дIахIиттира салтий. Карахь тоьпаш а йолуш, гIопан пена тIехь а масех салти гучувелира. ГIашлойн новкъа иттех минотехь чаболахь ведда а лелла, гIанта уллохь а сецна, пхьаьрсаш дIаса а сеттош, мосазза а хьала-охьа а таьIна, гIaнтa тIe охьа а хиъна, бага цигаьрка йоьллира цо. Цунна уллохь цхьацца агIор ши салти а лаьттара.

Полковникан йуьхь Зеламха волчу aгIop йирзина йара. Амма Зеламха ца сихлора бекхам эца. Цаьршинна йуккъехь пхи бIе гIулч йу. Иза цхьана дIаьндаргаца гиччошка а тоьхна вен веза. Зеламхас, топ схьа а эцна, хьалха охьакхетта Iуьллучу попан хена тIе йуьхьиг а йиллина, ниша лецира. ТIаккха шабаршца доцца доIа дира:

– ХIай ницкъ болу, нийсо йеш волу, къинхетаме Дела! XIapa ас дагалаьцнарг бакъонца, нийсонца делахь, сан бIаьрг серлабаккхалахь, сан дог а, куьг а чIагIделахь, хIара ас дагалаьцнарг кхочушдан суна ницкъ лолахь…

Полковника аьрру aгIop лаьттачу моан стоммачу гIoдана лаха лаьцна тоьпан лаг уьйзира цо. Бассабелла патарма сихха ара а кхоьссина, цуьнан метта керланиг биргIанна чу а бахийтина, йуха а ниша лецира Зеламхас. Тоьпан тата долуш а хезна, моан диттах цхьа хIума кхетча санна а хетта, ши салти а, полковник а диттана тIебирзира. ХIинца полковникан аьтту гиччо Зеламхехьа схьадирзира. Зеламхас, лерина ниша а нисдина, тоьпан лаг уьйзира. Полковник ша хиъна Iаччохь, гIантан гIовлица шершина, дIахаьрцира. ГIашлойн некъаца ха деш лаьттина салтий цунна тIехьаьлхира.

Зеламха, хьала а гIеттина, шен топ ги а тесна, диттийн генаш дIаса а тоьттуш, хьуьнхахула меллаша лома дIавахара.

XIII корта. Пачхьалкхан Думехь

III Дума – политически куьце йерзийна, помещикийн а, буржуазин хьолахойн а политически организацийн йукъара союз йу.

В. И. Ленин

1

1905-чу шеран буржуазин революцис мелла а самадехира российски импери чохь дехаш долу къаьмнаш. Царах цхьадерш Россин империна кIел долу масех бIе шо дара. Цхьадерш дIадаханчу бIешарахь схьатIедоьзнера. Барамехь кIезиг, гIорасиз къаьмнаш доьллера оьрсийн паччахьан Iедало шайгахь латточу Iазапах. Масала, Къилбаседера, Сибрехара къаьмнаш. БIешерийн дохалла шайн феодалийн лоллехь лаьттина Йуккъерчу Азера халкъаш а, казахаш а тийна-таьIна Iapa. Царна бен дацара шайн феодалийн а, оьрсийн паччахьийн а олалла. Бакъду, хIинца цара ши дукъ уьйзура. Оьрсийн паччахьан а, шайн феодалийн а, тийна-таьIна. Дуьхьало йан ницкъ а, барт а боцуш. Амма Россис нуьцкъах шен олаллина кIел латтабахь а, цуьнца цкъа а машар ца хуьлуш, шайн маршонах дог ца дуьллуш, шатайпачу машаречу некъашца шайн маршонехьа къуьйсура полякаша а, Прибалтикан халкъаша а, финнаша а. Къаьсттана полякаша. Шайн лаамехь Россих дIакхетта дукха хан йалале, «воккхачу керста вешин» куьйган дозалла хиъна, гуьржий цкъа гIевттира цунна дуьхьал. Амма паччахьан эскарша йоккхачу къизаллица шайн гIаттам хьаьшча, бIе шарна дIатийра уьш. Эрмалоша цкъа а дуьхьало ца йора Россина. Оьрсийн Iедал дезар а дацара иза. Россих дIакъаьстича, шаьш бусалба туркоша дIахударна кхоьруш, дерриг а ловш Iapa. Азербайджанаш реза бацара, шайн мехкан хьолан дай а хилла, когаш хецна кхуза охьахевшинчу оьрсашна. Шайца цхьа дин, цхьа мотт, цхьа культура йолчу туркошкахьа йара церан дог-ойла. Къайлах а, даррехь а. Амма азербайджанаш шайн цIийца, амалшца къийсамхой, тIемалой бацара. Уьш машаре адамаш дара, царна синтем безара.

Массарначул тIех оьрсийн Iедал ца дезара ламанхошна. Росси церан исторически мостагI йара. Иттаннаш шерашкахь церан цIий Iенийна. БIешерийн дохалла цара хьанала, хьацарца кхоьллинарг туьраций, цIерций хIаллакдина. Масех халкъ, нуьцкъах махках а даьккхина, Хонкара кхалхийна. Церан махка оьрсийн колонисташ ховшийна. Кхузахь бисинчаьргахь къиза Iазап даллош. Амма и халкъаш а Iедалан къизалло дIатединера. Беккъа цхьа нохчий бара Россин олаллина къарбелла, кIелсовца цатуьгурш. Бахьана хIyн дара? Луларчу халкъел нохчий майра бу, олийла а дацара. Ламанан халкъаш дерриг а цхьатерра майра, доьналле, оьзда дара. Бакъду, цаьрца дуьстича, нохчийн халкъ кхетамна мелла а тIаьхьадисинера. Дуьненан Iилманца а, бусалба динан Iилманца а. TIе, цхьа шатайпа къармазе амалш а йара нохчийн. ХьагI-гамо, сутаралла, сонта майралла. Таханенан бен, кханенан, ламенан ойла ца йеш. Шайга хаза хабар дийцича, атта тешаш, атта Iехалуш.

Революци хиллачул тIаьхьа Кавказан дерриг а халкъаш меттахдевлира Россина дуьхьал. Цхьадерш – жигара, вуьш – гIийлла. Шайн ницкъашка хьаьвссина. Оцу боламан кхерч къармазечу Нохчийчохь бара. Кавказан халкъашна дуьхьал шуьйра пропагандистски кампани йолийра паччахьан Iедало. Къаьсттана – нохчашна дуьхьал. Кхузахь а, столицехь а. Зорбанехь а, Пачхьалкхан Думехь а.

Къилбаседа-Кавказерчу зорбанехь дуккха а йаздора нохчашна а, гIалгIашна а дуьхьал. Цхьаболчу авторша шайн цIераш ца йохкура статьйашна буха. Атта а, кхерамаза а дара иштта. «Теркан ведомосташ» тIехь цхьаммо йаздора, нохчийн, гIалгIайн разбойникаш уггар боьханаш, къизанаш бу, цара йа Делах а, йа Iедалах а ца кхоьруш, талораш до, аьшпаш, йамартло, тешнабехк церан цIийх а, тIамарх а боьлла бохуш. Нохчашна а, гIалгIашна а цхьа а Iедал, закон ца деза, хаза дийцарх, ла ца дугIу цара, кхето гIертарх, ца кхета уьш, къизачу таIзарша бен, къарбина, совцор бац уьш. Кхечо йаздора, хIокху махкахь гIалгIазкхийн диктатура хIотто йеза, туземцаш къарбан шатайпа бакъонаш а йолуш. ГIалагIазкхийн идеологаша Вертеповс, Ткачевс, нохчий а, гIалгIай а акха адамаш ду, бохура. Кхечо, и ши халкъ хIокху махкара дIадаккха деза йа хIаллакдан деза, бохура.

Соьлжа-ГIалахь арадолучу «Теркан мохк» («Терский край») газета тIехь нохчийн, гIалагIазкхийн шира мостагIалла марсадаккха гIертара цхьа хIуьнехдина Губарев. Шемал йийсаре лаьцначул тIаьхьа шовзткъе кхойтта шо даьлла, амма нохчочуьнга хьалхалерра цабезам бу гIалагIазкхичун, бохура цо. Ткъа нохчий а шайн ширачу мостагIашка санна хьуьйсу гIалагIазкхашка. Царна йуккъехь цкъа а машар ца хилла, хуьлийла а дац.

1 ... 68 69 70 71 72 73 74 75 76 ... 167
Перейти на страницу:

Комментарии

Обратите внимание, что комментарий должен быть не короче 20 символов. Покажите уважение к себе и другим пользователям!

Никто еще не прокомментировал. Хотите быть первым, кто выскажется?